Нохчийн бIаьхойн дицдина хьуьнарш

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь доккха дакъа ду нохчийн а, гIалгIайн а. Абаде кхаччалц шайн цIерш яха йитина, дIабахана вайн турпалхой Нурадилов Ханпаша, Висаитов Мовлади, Мазаев Маташ, Узуев Мохьмад, иштта дуккха кхиберш а. Амма, турпалаллица тIамах чекхбевлла, цIа ца кхочуш бисинарш а, шайн цIерш йовзаза берш а бу дукха. Вайн декхар ду царех хIораннан сий дан а, уьш дагахь латто а.

Даймехкан тIамехь шен турпалалла гайтинчарех, амма цIа ца кхаьчначарех цхьаъ ву сан деден воккхах волу ваша Мусаев Iела. 1943-чу шеран 5-чу январехь шен лаамехь тIаме вахана, кхин цIа ца веана иза. ХIетахь цуьнан 17 шо бен ца хилла, делахь а, цу хенахь лаьмнийн ярташкахь дешна нах кIезиг хиларна, тхан юьртарчу – ТIехьа-Мартан кIоштан Янди-КIотарарчу юккъерчу школехь хьехархочун болх беш хилла иза. Шен шичой а, юьртахой а шайн лаамехь тIаме боьлхучу хенахь, шена цхьа шо хан тIе а язъяйтина, цаьрца цхьаьна араваьлла хилла Iела. 1943-чу шарахь шен-шен хенахь цIа кехаташ яздеш хилла цо. Цуьнгара тIаьххьара кехат ЦIен Эскар Керчь гIалина тIелатале хьалха деана. ТIаьхьуо, Керчь схьайоккхуш бинчу тIамехь кIант кхелхина аьлла, кехат деара цIахь болчаьрга, доьзал кхобушверг кхалхарна пенси а яздира царна. ТIамехь шайн кIанта гайтинчу хьуьнарех а я иза кхалхарх а лаьцна кхин цхьа а хIума хууш дацара гергарчарна. Хийрачу махкахь Даймахках къастар, шело, мацалла, баланаш ловш болчеран иза дагадогIучохь а дацара…Musaev_Ali_za_2_goda_do_otpravleniya_na_front_-_variant_2

60-чу шерашкахь, Казахстанера цIадирзинчул тIаьхьа, сан деда Мусаев Ваха шен воккхах волчу вешех хилларг хаа лууш, дукха лийлира. Цхьа хIума хаа аьтто белира цуьнан хIетахь – гвардин сержант хилла волу шен ваша Мусаев Iела кхелхина де а, иза дIавоьллина меттиг а. Гучу ма-даллара, 1945-чу шеран 12-чу майхь (Толам баьккхина кхо де даьллачул тIаьхьа), тIамехь хиллачу чевнех госпиталехь кхелхина а, Австрехь дIавоьллина а хилла иза. Иштта хаам беш жоп яздинера сан дедега тIеман хIетахьлерчу комиссариатера.

Цул тIаьхьа тхо а дукха хьийжира Iелас тIамехь бинчу некъах дерг хаа лууш, хIунда аьлча, иза гергара хиларал сов, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь вайн къоман хIора а векалан дакъалацар деза а, маьIне а ду вайна. Iелин да (сан дедеда) 30-чу шерашкахь динан а, интеллигенцин а векалшна дуьхьал яккхий репрессеш йолчу хенахь тIе герзаш диттина вийнера. ХIетте а, ша доьзалехь воккхахверг а, юьртарчу школехь хьехархо хиларе а хьаьжна доцуш, шен лаамехь тIаме ваханера Iела. Кхузза лазийча а, госпиталера фронте юха а воьдуш, тIеман накъосташна майраллин, доьналлин масал а хилла, лаьттина Мусаев Iела. Амма тхуна иза хIинций бен ца хиъна, Iела кхелхина 70 шо даьллачул тIаьхьа.

ДIадаханчу шарахь, Толаман 70 шо кхачарна лерина, РФ-н Миноборонин дIадолорца интернета чохь кхоьллинчу ресурсашна тIехь тIеман шерийн дуккха а кехаташ «гучудевлла». Дагахь а доцуш, podvignaroda.ru ресурса тIехь тхуна а карийра дедевешин Мусаев Iелин тIеман некъ бовзуьйту кехаташ. Оцу некъах вайн тIекхуьучу тIаьхьенна хьакъ доллу масал хир ду аьлла хеташ, иза бовзийта лаьа. Бакъду, Iелина мидалш, орденш яларан хьокъехь долу омранаш а, совгIатдаран кехаташ а карийча, дуккха а хаттарш кхолладелла тхан. Оцу хаттаршна жоьпаш каро атта а дац. Масала, 1944-чу шеран 6-чу майхьлерчу совгIатдаран кехатехь билгалдаьккхина ду Iелина III-чу даржан Сийлаллин орден ялар: Кехатна буха куьйгаш яздина Сальски стрелкови 1135-чу полкан командира, подполковника Сцепурос а, ЦIебайракхан Тамански стрелкови 339-чу дивизин командира, Советийн Союзан Турпалхочо, гвардин полковника Василенкос а (тIаьхьуо, генерал-лейтенантан дарже кхаччалц эскарехь гIуллакхаш дина а, советийн заманахь маситтазза Нохчийчохь хилла а ву). Оцу кехатехь иштта билгалдаьккхина Мусаев Iелин кхул хьалха цхьа а чевнаш а я совгIаташ а хилла цахилар. СовгIатдаран кехата тIехь яздина ма-хиллара, ГIирма мукъайоккхуш бинчу тIамехь, 1944-чу шеран 11-чу апрелехь, Мариенталь совхоз схьайоккхучу хенахь сержант Мусаев Iела, шен отделенина куьйгалла а деш, ерриге а батальонна лаккхарчу доьналлин масал а гойтуш, шен са ца кхоош, дуьххьара мостагIашна юкъаиккхина хилла. Шен майраллица йоллу батальон тIелатарна гIодина цо. Оцу тIелатарехь кхуьнан отделенис 10 фашист хIаллак а вина, кхин 3 йийсаре а лаьцна, 10 автомат а, куьйган 1 пулемет а схьаяьккхина. Иза бахьанехь, оццу шеран 15-чу майхь Сальски стрелкови 1135-чу полкан 8-чу стрелкови ротин отделенин командирна, сержантана Мусаев Iелина, лакхахь билгал ма-даккхара, III-чу даржан Сийлаллин орденца совгIат дина. ХIетахь иза тIамехь волу шолгIа шо дара, оцу ханна сержантан дарже кхача а, отделенина куьйгалла дан а ларийнера кIант. Кехаташ тIехь 19 хиллехь а, 18 шо кхаьчний бен ца хилла иза цу хенахь.

РогIера совгIатдаран кехат 1944-чу шеран 18-чу августера ду (хьалхара совгIат делла кхо бутт бен боцуш), ткъа цу тIехь билгалдаьккхина ду Iелина кхул хьалха чевнаш хилла хилар – 1943-чу шеран 5-чу декабрехь Керчь схьайоккхучу хенахь а, 1944-чу шеран 23-чу апрелехь (цуьнан хьалхарчу совгIатдаран кехата тIехь дийцина хьуьнар гайтинчул тIаьхьа 12 де даьлча) Севастополь схьайоккхуш бинчу тIамехь а. Ший а  чов ЦIебайракхан Тамански стрелкови 339-чу дивизин 1135-чу стрелкови полкехь а волуш йина цунна. 1944-чу шеран 23-чу апрелехь лазийначул тIаьхьа госпитале кхаьчна Iела, цигара, 2 бутт хан яьлча, Украинин 3-чу фронтан тIаьхьалонан 200-чу стрелкови полке кхечира. Цундела, рогIера совгIат далар оцу полкан командира, полковника Такуновс куьг яздина ду. МогIарерчу салтичунна Мусаев Iелина салтийн лаккхарчу «Доьналлина» мидалца совгIат дина аьлла, билгалдаьккхина цу тIехь.

ХIинца билгалдохур вай кехаташна тIехь нисделла долу «кхачамбацарш». Госпиталера араваьлла, тIеман керлачу декъе кхаьчна ши бутт бен баьлла боцчу хенахь дина Мусаев Iелина «Доьналлина» мидалца совгIат. 1944-чу шеран 2-чу апрелехь гайтина хьуьнар бахьанехь III-чу даржан Сийлаллин орденца совгIат дина цунна, ткъа 23-чу апрелехь чевнаш а хилла, госпитале кхаьчна иза. Ши бутт баьлча (1944-чу шеран 22-чу июнехь) тIеман керлачу декъе кхочу Iела, кхин ши бутт баьлча, 18-чу августехь керла совгIат до цунна. Амма, совгIатдаран кехата тIехь могIарера салти санна язвина ву иза, хьалхарчу кехата тIехь сержантан цIарца билгалваьккхина велахь а. 1944-чу шеран 7-чу октябрехьлерчу шен керлачу совгIатах лаьцна а хаа доьгIна ца хуьлу бIаьхочунна – юха а лазийна, госпитале кхочу иза, цигара араваьлча эскаран кхечу декъе кхочу.

Кхин цхьаъ совгIатдаран кехат 1945-чу шеран 23-чу февралера ду. Цунна куьг яздинарг Гвардейски стрелкови 263-чу полкан командир, гвардин подполковник Денисенко ву. Оцу кехатехь гучудолу 1944-чу шеран 20-чу августехь гвардин сержант Мусаев Iела кхин цкъа а лазийна хилар. Иштта, оцу кехатехь яздина ду Даймехкан тIеман II-чу даржан орден лучу хенахь (оццу февраль баттахь) Мусаев Iелин цул хьалха совгIаташ хилла дац, аьлла. Шо хьалха деллачу совгIатех лаьцна шена Iелина а я цуьнан куьйгаллина а хууш а ца хилла. Оцу совгIатдаран кехатехь билгалдаьккхина ду 1945-чу шеран 19-чу февралера 20-чу феврале кхаччалц кхеран полк, йийсархо лацаран Iалашонца, Шаторкина (Венгри) малхбузехьа тIеман таллам беш хилла хилар.

«Йийсархо лацаран тобанехь лакхара хаьржина вара накъост Мусаев. Боцца арткечам бинчул тIаьхьа, уггаре а хьалхарчарех мостагIийн эскарш долчу юкъаиккхира Мусаев. Шен автоматца герз диттина, вайн тоба тIелеттачу немцошна гIо дан вогIуш волу немцойн 12 салти хIаллаквира цо. Цул сов, накъоста Мусаевс граната а кхоьссина, мостагIийн пулемет еттар  а (цунна лерина меттиг йохош) сацийра», – аьлла, билгалдаьккхина ду совгIатдаран кехата тIехь. И хьуьнар гайтарна Гвардейски стрелкови 263-чу полкан автоматчикна, сержантана Мусаев Iелина Даймехкан тIеман II-чу даржан орденца совгIат до олий билгалдоккху, амма юха а III-чу даржан Сийлаллин орден ло цунна. Юха а, совгIатдаран кехата тIехь, кхул хьалха совгIаташ дина вац олий, яздо. Мел кIезиг а III-чу а, II-чу а даржан Сийлаллин орденш йоггIушехь, официально цунна елларг III-чу даржан 2 орден хуьлу.

Гвардин сержанта Мусаев Iелас, шен тIеман декъана юкъахь а волуш, Венгри схьаяьккхинчул тIаьхьа, кхидIа Румынехула дIабаьхьна шен некъ, Австрехь чекх а баьккхина. Цигарчу госпиталехь, тIамехь хиллачу чевнех, 1945-чу шеран 12-чу майхь кхалха а кхелхина, Волькерсдорфехь дIавоьллина Iела.

Цуьнца цхьаьна эскарехь гIуллакхаш дина командираш а, салтий а лоьхучохь, лакхахь билгалъяьккхинчу йийсархо лацаран операцехь дакъалаьцна волчу талламхочун Лазарев Василийн совгIатдаран кехатна тIенисделира тхо. Боцца таллам бича гучуделира, леррина спецопераци яле цхьа бутт хьалха цунна II-чу даржан Сийлаллин орден елла хилар а, йийсархо лоцучу операцехь дакъалацарна а, мостагIийн пулемет етта меттиг (кхаа фашистаца цхьаьна) хIаллакьярна а кхин цкъа а совгIат дина хилар а – I-чу даржан Сийлаллин орден. Цу кепара, Сийлаллин орденах вуьззина кавалер хилла цунах. Делахь-хIета, изза хьуьнар гайтина волу Iела а хьакъ хилла оцу совгIатна. Билгалдаккха деза, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь Сийлаллин орденан буьззина кавалераш СССР-н Турпалхочун дашо седа беллачарел а кIезиг бара.

Шена и дерриге а хиъча, тхан деден хазахетаран доза а дацара. Лаамаза бIаьргаш хих дуьзира цуьнан, шега кхаъ баьккхича. Шен ваша дийна а волуш, юхаверзийча санна хетаделла шена бохура цо. Дахарехь ша йоккхучу хенахь вешех лаьцна муьлхха а цхьа хаам карор бацара-те бохуш, сатийсинера дедас, вешин сийнна шен 8 кIантах цхьанна (тхан дена) Iела аьлла, цIе  а тиллинера.

Хазахеташ а, вуно мехала а хIума ду таханлерчу дийнахь интернет-ресурсашкахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархойх лаьцна хаамаш гучубахар бахьанехь, тхуна санна, кхин бIеннаш, эзарнаш нахана шайн дайн хьуьнарех лаьцна хаа йиш хирг хилар. Мах бан а бац цуьнан.

А.МУСАЕВА

№51, шот, хIутосург (май) беттан 7-гIа де, 2016 шо   

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: