Толаман денна лерина даздарш дIахьур ду ГIиргIизойчохь а, Казахстанехь а, Узбекистанехь а, Таджикистанехь а, Туркменехь а. Уьш дерзор ду шатлакхаш тохарца.
***
Азербайджанан куьйгалло сацам бина Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман берриге а ветеранашна ахчанашца совгIаташ дан. Таханлерчу дийнахь 16 эзар гергга ветеран ву оцу махкахь.
***
Гуьржийчоьнан Iедало а тидамза ца битина Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцнарш, шайн хьуьнаршца Толаман де гергадалийнарш. Карарчу хенахь 1 245 тIеман ветеран ву Гуьржийчохь.
***
Украинин Iедало луьра дихкина 8-чуй, 9-чуй майхь Толаман байракхаш урамашка яхар, Толаман де даздар. ТIеман ветеранаш шайн бIаьхаллин совгIаташца (мидалшца, орденашца), урамашка бовла ца хIуьтту.
***
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина 71 шо кхачарна лерина даздарш дIадахьар Iедална дуьхьал гIуллакхаш дIадахьар санна лорур ду Балтйистерчу пачхьалкхашкахь.
***
Молдовин оппозицис дIахьедина США-н тIеман техника Толаман дийнахь Кишинев гIала юьтур яц аьлла. ТIеман Iаморашка ялийна ю Iамаркан тIеман техника.
***
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина 71 шо кхачарна лерина телемост дIадаьхьира Астанас а, Москвас а.
***
Москвахь Толаман денна лерина тIеман парад дIайолалур ю Iуьйранна 10 сахьт даьлча. Цуьнга хьовса эзарнаш туристаш баьхкина иттаннаш пачхьалкхашкара.
***
Россин Президента В.Путина куьг яздина Шемахь кхелхинчу Россин эпсарна А.Прохоренкона (кхелхинчул тIаьхьа) «Россин Турпалхо» сийлахь цIе яларан хьокъехь долчу указана.
***
Селхана Сочехь Россин Президент цхьаьнакхийтира Японин премьер-министраца. Цара дийцаре дира шина пачхьалкхан юкъаметтигаш кхидIа а тояран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Футболах ловзаран премьер-лигин Чемпионатан рогIерчу 27-чу туран матчаш дIаюьйлаялале футболисташ а, хьовсархой а цхьана минотехь бист ца хуьлуш Iийр бу, тIамехь эгначеран сий деш.
№51, шот, хIутосург (май) беттан 7-гIа де, 2016 шо