тиллина цIейайъаран-кIелхьардахаран №29 йолчу декъана
Хьалха-Мартан кIоштехула йолчу цIейайъаран-кIелхьардахаран №29 йолчу урхаллина и Сийлахь цIе йаларца доьзна даздарш а, иштта, МЧС-н белхахойн Iамораш а дIадаьхьира.
И гIуллакх дIадолийра Россин МЧС-н граждански оборонан а, бахархой ларбаран а Департаментан директора Мануйло Олега.
Цигахь дакъалецира Х.Магомет-Мирзоевн гергарчу наха, цIейайъаран гIаролан ветеранаша, тайп-тайпанчу министерствийн, ведомствийн, муниципалитетийн векалша.
Х.Магомет-Мирзоев вина 1910-чу шарахь Олхазар-КIотарахь.
1931-чу шарахь Таджикистанехь цIейайъаран инспекцехь болх бан волавелла иза. 1941-чу шеран сентябрь баттахь эскаре кхайкхина.
Иштта, 1943-чу шарахь Днепран аьтту агIорчу берда йистехь нисвелла иза. Кхузза чевнаш йина хилла Хаважи, делахь а, йуха ца волуш, тIом бина цо. БIе шовзткъа сов фашист хIаллаквина цо.
1944-чу шеран 15-чу январехь Советийн Союзан Турпалхочун еза цIе тиллина цунна.
Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин хьаькама Яхъяев Руслана билгалдаьккхира Турпалхочун Магомет-Мирзоев Хаважин Сийлахь цIе тиллина долу цIейайъаран-кIелхьардахаран №29 йолу дакъа регионехь тоьллачарех цхьаъ хилар.
Цигахь гулбеллачара Магомет-Мирзоев Хаважи дагалецира, цуьнан сийнна лерина мемориальни у схьадиллира, цунна хьалха зезагаш дехкира.
Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа гулбелларш майдана бевлира. Цигахь МЧС-н белхахоша дIадаьхьначу Iаморашкахь дакъалоцуш цIейайъаран-кIелхьардахаран 400 сов белхахо а, иттаннаш цIейайъаран машенаш а йара.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Р.Кадыровс а дакъалецира цигахь.
МЧС-н белхахоша дIахьочу балхах а, Iаморашкахь гайтинчу говзаллех а лаьцна дийцира цара. О.Мануйлос баркалла элира республикин Куьйгалхочунна и тайпа гIуллакхаш дIадахьарна.
Иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Кадыров Рамзана шен Инстаграмерчу агIонехь баркаллин дешнаш йаздина цIейайъаран-кIелхьардахаран №29 йолчу декъана а Советийн Союзан Турпалхочун Магомет-Мирзоев Хаважин цIе тиллар йукъадаьккхинчарна а.
Хь.БАХТАЕВА
№51, шот, хIутосург (май) беттан 7-гIа де, 2016 шо