Толаман де даздарна кечамаш

Кху шеран 9-чу майхь вайн махкахь даздеш ду Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 71 шо кхачар. Цу денна лерина кечамаш дIахьош бу Россин ерриге а регионашкахь. Царна юкъахь ю вайн республика а. ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Толаман денна леринчу парадан репетици.a7_2

Оцу гIуллакхана а, парадехь дакъалаца леринчу белхахойн кечамна а тIехь терго еш вара Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан. Республикин МВД-хь хаам ма-барра, Соьлжа-ГIалин коьртачу проспектехула, «Нохчийчоьнан дог» маьждигна хьалхахула даздаран кепехь болам дIабаьхьира. Цигахь дакъалецира полицин а, Россин Федерацин МВД-н Къилбаседа Кавказан федеральни округехула йолчу «Терек» СОБР-н а, Россин Федерацин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин а,  Россин Федерацин УФСИН-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин а, Россин миноборонин а белхахоша а, Соьлжа-ГIаларчу тIеман училищан курсанташа а, кхечара а.

Иштта, парадан репетицехь дакъалоцуш яра тIеман техника а. Цу юкъахь: БТР, БРДМ, БМП, леррина йолу гIагI диллина «Тигр» машенаш, «Выстрел» а, керла кхин а КамАЗаш, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман хенахь хилла машенаш – баккъал йолу Iамаркан «Виллис» а, цунах тера йолу оьрсийн ГАЗ-67 а («Оьрсийн Виллис»), гIараяьлла йолу «Полуторка», иштта, кху шарахь парадехь дуьххьара дакъалоцур йолу «Победа» ГАЗ-М-20 машен а.

Даздаран парад Россин МВД-н чоьхьарчу эскарийн 46-чу бригадин тIеман оркестран музыкица дIахьур ю. Даздаран коьрта репитици, ламасте дирзина ма-хиллара, тахана (7-чу майн) Iуьйранна дIахьур ю.

Дагадоуьйту, дIадаханчу шарахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман 70 шо кхачарна лерина даккхий даздарш ерриге а Россехь дIадаьхьна хилар. Ткъа Нохчийчохь, пачхьенехь, Толаман денна лерина театрализованни гIуллакх вовшахтоьхнера. Берлинехь бина тIом а, Рейхстаг схьаяккхар а гайтира актераша шайн ловзарехь. 1945-чу шарахьлерчу тIеман хиламийн баккъал долу сурт хIоттош а, хьовсархой Толам баккхаран дийне «кхачош» а хIоттийна яра постановка.

А.ВАХАЕВА

№51, шот, хIутосург (май) беттан 7-гIа де, 2016 шо   

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: