Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волу Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира республикин суьдан органийн векалшца. Цхьаьнакхетарехь дакъалецира республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, республикин премьер-министра Эдельгериев Абубакара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдан суьдхоша, кIоштийн федеральни суьдхоша, кхечара.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, цхьаьнакхетар республикин суьдан системин мехала гIуллакхаш дийцаре даран дуьхьа дIахьош хилар. Цунна хетарехь, Нохчийн Республикин суьдан органаша йоццачу хенахь кога а хIиттина, кхиаран новкъахь боккха болх а бина. Цундела маггане мегар дац цара нийса йоцу кхелаш дIакхайкхор.
Шен къамелехь республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Р.Кадыровс уголовни гIуллакхаш талларан хенаш дIасатеттарца доьзна дуккха а масалш далийра. Цул сов, цо билгалдаьккхина ма-хиллара, НВФ-н дакъалацархо а волуш, федеральни лахарехь волу стаг, суьдан сацамца «лар йоцуш вайна» ву аьлла, кхел йина гIуллакх а гучудаьлла.
«Къуьйсуш йолчу петаршца доьзна долу бахархойн гIуллакхаш таллар ду уггаре а тамашийна. Талламан цхьана гIуллакхца доьзна суьдан ши сацам болуш меттигаш а хааелла. Иштта хIуманаш наггахь бен ца нислахь а, вайн бахархойн суьдан системе болу тешам лахбалар хуьлу цунах», – элира Кадыров Рамзана.
Иштта, цо билгалдаьккхина ма-хиллара, Нохчийн Республикехь цхьа а вахархо хила йиш йолуш вац, шена дуьхьал республикин суьдан системо нийса йоцу кхел йина.
Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдан председательна Каратаев Мохьмадна а, кхин кхаа суьдхочунна а шайн белхан даржаш дитаран хьокъехь рапорташ яздар магийра Р.Кадыровс.
«Шайгахь сий а, корматаллин этика а боху хIуманаш делахь, дIахьедарш а дай, шайн белхан даржаш дита. Со тешна ву, шун дахарехь иза уггаре а коьрта сацам хирг хиларх», – элира Р.Кадыровс.
И.ХАСАХАНОВ
№51, шот, хIутосург (май) беттан 7-гIа де, 2016 шо