Нохчийчоьнан делегаци – Японехь

1403218

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца масех де хьалха Нохчийчоьнан финансийн министр Рассуханов Iусман коьртехь волу делегаци Япони яхара. Цо дакъалецира Токио шахьарахь дIаяьхьначу Россин, Японин VI-чу дуьненаюкъарчу инвестиционни форумехь.

Министра I.Рассухановс дийцарехь, Нохчийчоьнан делегацин Iалашо яра дозанал арахьарчу  говзанчашца инвестицийн декъехь гIуллакхаллин уьйраш тасар, вайн республикин экономики юккъе инвестицеш озор, ткъа иштта форуман балхахь дакъалацар.

– Япони дахаро тхуна кхин а цхьа таро елира дерриге а дуьненан юкъараллина Нохчийн Республика вайн Даймехкан – Россин Федерацин уггаре а синтемечу, бегIийлачу субъектех цхьаъ хилар, гIуллакхаллин юкъаметтигашна вай кийча хилар дIагайта. Вай кийча ду дерриге а дуьненарчу инвесторшца цхьаьна болх бан, царна оьшу хьелаш хилийта, – бохура I.Рассухановс.

Министра иштта тидам тIебахийтира японхой ойла еш дукха Iаш хиларна. ГIуллакхан массо а агIо узуш, хьесапаш деш Iедал ду церан, цхьана гIуллакха юккъе ахча диллале. Делахь а, цхьа хIума цара тIелаьцча, гIуллакх сиха а, дика а, кхачам боллуш а до цара.

I.Рассухановс дийцарехь, оцу мехалчу форумехь дакъалоцуш бара Россин Федерацин субъектийн министерствийн а, ведомствийн а векалш, Японин Iедалан органийн векалш, ткъа иштта шина а пачхьалкхан йоккхачу бизнесан куьйгалхой. Форуман программица нийса а дог1уш, дIаяьхьира «Россехь инвестиционни хьал тодар, Россиний Япониний юкъахь инвестицийн декъехь цхьаьнагIуллакхаш даран керла агIонаш схьаеллар», – аьлла йолу пленарни кхеташо, тайп-тайпана гIуллакхаш дийцаре дарна лерина «горга стоьлаш». Оцу «горгачу стоьлашкахь» дийцира Россин а, Японин а экономикин юкъаметтигаш кхиоран, энергех кхоамбаран, гуонахара Iалам лардаран, медицинин промышленность, агропромышленни комплекс, технологеш, транспорт кхиоран, цхьамогIа кхин гIуллакхаш.

Министра дийцарехь, инвестиционни форум дIахьочу деношкахь Нохчийчоьнан делегацин цхьаьнакхетар хилира Марубени корпорацин векалшца. Цигахь Японерчу говзанчаша схьахаийтира шаьш Нохчийн Республикица мехкадаьттан комплекс кхиоран декъехь цхьаьна гIуллакхаш дан лууш хилар.

Цул сов, форумехь дийцаре дира Россин субъекташний, Японин префектурашний юкъахь социально-культурин, экономикин декъехь цхьаьна болх баран гIуллакхаш. Теша оцу форумехь хиллачу къамелийн а, дагадийларан а беркате тIаьхье хирг хиларх. И ойла кхуллу Японин Iедалан органийн векалш Нохчийчоьнца зIенаш хила лууш хиларо.

С.ЦАДАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: