Лараме Нохчийн Республикин ветеранаш, бахархой! Декъалдо шу Толаман Денца!
Вайн сийлахь-боккхачу Даймехкан дуккха а къаьмнех лаьтташ долчу халкъан цхьаьнатоьхначу ницкъашца таро хилира адамийн оьмарехь уггаре а буьрса хиллачу тIамехь толам баккха. Немцойн-фашистийн мехкашдIалецархошна дуьхьал фронташкахь а, тылехь а 1 418 дийнахь а, буьйсанна а шайгара цкъа а цхьанна а гина доцу хьуьнар гайтира советийн халкъо.
Тахана вай, хьакъ а долуш, боккха сий-ларам бо вайн дедайн, церан дайн – Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман фронтовикийн, тылан къинхьегамхойн. Оцу безачу тIеман хьалхарчу деношкахь дуьйна Нохч-ГIалгIайчоьнан иттаннаш эзарнаш векалш дIахIиттира Даймохк мостагIех ларбан. Вай дозалла до вайн махкахоша вайн Даймехкан паргIатонехьа, и бозуш ца хилийтарехьа турпалаллица тIемаш бина хиларх а, шайн дахарш дIаделла хиларх а. Церан цIерш цкъа а йицлур яц!
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь Нохчийн Республикин бахархоша тIеман аренашкахь а, тылехь а гайтина турпалалла, къинхьегаман хьуьнар бахьанехь Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» еза цIе тиллина.
Вай боккха сий-ларам бо XXI-чу бIешеран керлачу кхерамах – терроризмах а, экстремизмах а Даймохк ларбан дIахIоьттина хиллачу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цуьнан тешамечу эзарнаш бIанакъостийн а турпалаллин, хьуьнарийн. Нохчаша ларбина шайн мохк. Террористашна а, экстремисташна а, букъасурт кагдеш, чIогIа тохар дина. Вайн халкъан тоьлла кIентий вайн массеран а иэсехь, даг чохь даима а баха буьсур бу.
Ахьмад-Хьаьжас боккха тидам тIебохуьйтура Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранашна. Царна гIо дора, церан доьзалийн гIолоцура. Иза дахарера дIавахара Сийлахь-боккхачу Толаман дийнахь. ДIавахара тоьлла а волуш!
Вайн сийлахь декхар ду оцу денойн хиламийн хьокъехь долу бакъдерг Iалашдар, тIаме, фашизме, экстремизме болу цабезам тIаьхьенашка дIабалар, мехкан а, халкъан а дуьхьа эгначеран боккха сий-ларам бар, уьш иэсехь латтор, ветеранийн хаддаза гIайгIабар.
Лараме махкахой! Хьомсара ветеранаш! Лаьа шу дуккха а дехийла, шун ондда могашалла, синъайам, ирс, аьтто, коьрта тIехула маьрша стигал хуьлийла!
№51, шот, хIутосург (май) беттан 7-гIа де, 2016 шо