Даудов Абусупьян

Вина 1966-чу шеран бекарг (март) беттан 15-чу дийнахь Нажи-Юьртан районан Замай-Юьртахь. Оццу юьртахь чекхъяьккхина юккъера школа, цул тIаьхьа Гуьмсера хьехархойн колледж.

Даудов Абусупьянан байташ зорбане евлла «Орга» журналан а, «Халкъан дош», Хасавюьртахь нохчийн маттахь арадолучу «Халкъан аз» газетийн агIонаш тIехь.  Байтийн кхо  гулар зорбане яьлла цуьнан: «Яьссин тогIе», «Хаза дош», «Ши доттагIа».

2010-чу шарахь дуьйна Россин Федерацин Яздархойн союзан декъашхо ву иза. Цуьнан масех  байт йовзуьйту оха газетдешархошна.кенгкен

Нохчийн мотт

Декъалуш догIу хи санна,

Ма дIасахьаьлхина вай.

Кхоьру со довларна гена,

Бицбина ненан мотт вайн.

 

Кхоьру со, цIе яйнъеш лела,

Шелдина кийрара дог.

Къонахийн марзо херъелла,

Хан йодахь, ца хIуттуш ког.

 

Де дагIахь марзо дIаяьлла,

Мичахь вайн хир ду-те сий?

Нохчийн мотт дIатесна лелахь,

Лелар дуй пхенашкахь цIий?

 

Хала ду дуьнен чохь ваха

Хала ду дуьнен чохь ваха,

Дахарехь ца нислуш ког –

Хьацаршца ирхонаш яха,

Адамашца шелдина дог.

 

Хала ду дуьнен чохь ваха,

Ца кхачахь хьекъал а хьан –

ГIиллакхца, собарца лаха,

Дуьненахь рицкъанан кан.

 

Хала ду дуьнен чохь ваха,

Марзонах дIахаьдда Iан –

ДоттагIех къаьстина ваха,

Гергарчех ца хилахь гIо.

 

Дош а дац дуьнен чохь вахар,

Къонахчун цIе йойъуш лелар.

Диканца хьайн дахар кхолу,

Ваха, хьо, стогалла гойтуш.

№52, кхаара, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2016 шо     

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: