«Мотт – къоман куьзга ду», боху кицано. ХIун хир ду цул нийса аьлла?! Матто гойту къоман дIадахнарг, цуьнгахула билгалдолу къоман хиндерг. Иштта, матто адаман ойланаш а йовзуьйту. Шен ненан маттаца цуьнан йолчу уьйро билгалдоккху и шен къомах дог лозуш ву я вац. Адамаша буьйцучуьра сецча дIаболу мотт, ткъа мотт дIабаьлча, къам а дIадолу.
1990-чу шерашкахь вайн гIалахь наггахь бен ца хезара нохчийн мотт буьйцуш. Воккха я жима – къамел дийриг милла велахь а – Арсанукаев Шайхис (Дала гечдойла цунна) ма-аллара, «ненан мотт бийцар дастаме а хеташ», къамел оьрсийн маттахь деш хуьлура. Ткъа тахана, Делан къинхетамца вай вешан ненан мотт бийца дуьйладелла. Нохчийн мотт буьйцуш хеза Нохчийчохь йолчу ерриге а учрежденешкахь.
Вайн мотт даржехь лакхабаьккхина, пачхьалкхан мотт хилла дIахIоьттина. И дIанисбина дуккха а къаьмнаша буьйцучу оьрсийн маттаца. Хууш ма-хиллара, Нохчийн меттан де кхайкхийна 25-гIа апрель. Цундела, нохчийн мотт, вайн массеран а дегнашка кхочу. Ткъа мел хаза бека ненан мотт, Дала вайн дегнашка елла йовхо, куьйгашна елла аьхналла, бIаьргашна елла хазалла ша буьйцучу маттана дIаелла буьйцуш хилча. «ГIиллакхе, оьзда, мерза» бийцало-кх и, Шайхис ма-аллара.
Суна хIинца нохчийн мотт доьзало, баьрчче а даьккхина, дуьненан ерриге а марзо цаьрца юй а хууш, царна цхьа цатам хиларна а кхоьруш, дика лелочу дех-ненах тарло. Иштта лелочу ден-ненан юьхь тIехь хуьлуш долу ирсе къажар го суна вайн ненан маттаца.
Эшарца, бийцарца, Iалашбарца мотт кхуьу, къонло. Вайн мотт Iалашбинарш вайн баккхийнаш бу, ткъа мотт кхиош берш кегийнаш бу аьлла хета суна. Вайн меттан, вайн къоман кхане кегийрхошкахь го суна. Амма къоначарна нийса некъ хьеха, царна дагабовла, хьехар дан баккхийнаш чIогIа оьшу. Къоначу нохчийн меттан хьехархойн васт ас бIаьстенца дустур дара я зезагашца, ткъа баккхийчу хьехархойн васт – токхечу гуьйренца я хьеначу латтаца. Латто шен хьаналла ца кхоош дIаелча, хаза кхуьу зезагаш. Иштта баккхийчу хьехархоша, шаьш ца кхоош, къахьоьгу вайн меттан къона хьехархой, и зезагаш санна кхиийта.
ХАМЗАТХАНОВА Милана,
Соьлжа-ГIалин №26 йолчу школин нохчийн меттан хьехархо
№52, кхаара, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2016 шо