Проект берашна хазахета

ТIехьа-Мартан районерчу СемаIашкарчу №1 йолчу школехь оццу районан Берийн кхоллараллин цIийнан куьйгалло берийн дезаршна кружокаш  схьайиллина кIезиг хан яц.Живопись

«Исбаьхьаллин суртдиллар» а, «Литература ешар» а, куьйгаговзаллин а, хелхаран а, йиш лакха Iаморан а кружокаш ю уьш. Берийн кхоллараллин цIийнан директора Бериева ПетIамата гIолацарца школин дешархойн таро хуьлу куьйга белхаш бан а, сурт дилла а, йиш лакха а, хелха довла а Iама. Урокаш чекхъевллачул тIаьхьа, кружокашка Iама богIуш болу дешархой кIезиг ца хуьлу. Кхузахь дукхах болу дешархой къаьсттина сурт диллар хазахеташ бу. Кехата тIехь сурт дилла Iемина а ца Iаш, компьютера чохь  графикин редактор программица а болх бан Iемаш бу дешархой.

Дукха хан яц «Цифровая живопись» цIе йолу керла проект юкъаяьккхина. И бахьана долуш, кехата тIехь суьрташ дехкина  ца Iаш, суртдилларан кхузаманан гIирсашца компьютера чохь йолу «AdobePhotoshop» олучу графикин редакторан гIоьнца суьрташ дохку бераша.

Сурт дилла лаам болчу муьлххачу а дешархочун оцу кружокехь Iама йиш ю. ХIокху заманахь кIезиг бац компьютерни ловзарш хаза а хеташ, царах ловзуш берш. Вайна ма-хаъара, компьютерни тайп-тайпана ловзарш юкъадохуш, царна керла кепаш хIиттош маьIне меттиг дIалоцу художникаша. Дешархой компьютерни графика Iамон  буьйлабелла дукха хан яцахь а, цу декъехь царна дуккха а керланиг Iемина. Тахана цара дикка къахьегахь, дешархойн хаарш а алсамдевр ду.

Графикин живопись караерзоран лаамца кружоке богIу дешархой де-дийне мел дели а алсамбовлуш бу. Хьехархочо компьютера чохь ша дуьллу сурт проектора тIехь дIагойту берашна, ткъа уьш шайн компьютерш а, планшеташ а чохь хьовсу цо санна сурт дилла. Компьютера чохь сурт дилларх ца тоьа, иза оьшшучу басаршца кечдан а, тайп-тайпанчу форматашкахь дилла а хаа деза. Дешархой хIинца а Iемаш бен бац, делахь а, хьанна хаьа тIейогIучу хенахь графикин живопись жанрехь царна юккъера гIараваьлла художник волий а.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: СемаIашкарчу №1 йолчу школин дешархой

№52, кхаара, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: