9-гIа май, 1922 шо. Лаха-Неврехь вина Джамалханов Зайнди, фольклорист, нохчийн меттан говзанча. Шен 16 шо бен доцуш, 1938-чу шарахь Зайнди, кхойкхий, балха валаво Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институте. Оцу шерашкахь Н.Ф.Яковлевца цхьаьна цо дакъалоцу нохчийн литературни меттан морфологи а, синтаксис а хIоттош. ХIетахь дуьйна нохчийн маттана хьанала вецаш дахарехь чекхвелира Зайнди. Дукха болх бина З.Джамалхановс нохчийн халкъан барта кхолларалла гулъеш, юккъерчу школина, хьехархойн училищена лерина нохчийн меттан учебникаш, методикин пособеш хIиттош. Нохчийн мотт хаа луучарна чIогIа пайдехь ю цо хIоттийна (И.Алироевца цхьаьна) «Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам». Зайнди вевзара говза хьехархо санна а – иттаннаш шерашкахь болх бина цо Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училищехь.
Iилманехь а, дешаран хьаьрмахь а цуьнан хьаналчу къинхьегаман лаккхара мах хадош, Джамалханов Зайндина елла «Нохчийн Республикин сийлахь гражданин», «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо» сийлаллин цIерш. Нохчийн пачхьалкхан университетан сийлахь профессор а, Россин Федерацин яздархойн Союзан декъашхо а вара иза.
10-гIа май, 1938 шо. Шуьйта кIоштан Лаха-Варандахь вина Туркаев Хьасан, литературовед, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент.
Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделенехь. 1976-чу шарахь чIагIйо филологин Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1984-чу шарахь литературоведенехула нохчашлахь дуьххьара филологин Iилманийн докторан диссертаци а.
Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтехь (1963–1988-гIий шераш), Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь кафедрин заведующи волуш (1988–1993-гIий шераш), Нохчийн пачхьалкхан университетехь кафедрин профессор, заведующи волуш (1993-чу шарахь дуьйна). Iилманан 150 сов белхан автор, шайна юкъахь 10 сов йоккха монографи а йолуш. Масала, «Нохчийн литература кхиаран новкъахь» (1978 шо), «Нохчийн а, гIалгIайн а литературин историн кхолламаш» (1978 шо), «Нохчийчоьнан культура: истори а, вайзаманан проблемаш а» (проектан автор а, жоьпаллин редактор а) (М., «Iилма», 2002, 2006 шо), «Нохчий Россин исторехь, политикехь, Iилманехь, культурехь» (М., «Iилма», 2008 шо) иштта дIа кхин а.
Россин Федерацин Iилманан хьакъволу деятель, Россин яздархойн союзан декъашхо.
12-гIа май, 1953 шо. Казахстанан Кокчетавски областехь вина Орцуев Хьасан, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула дуьненан чемпион, СССР-н спортан хьакъволу мастер. Дешна Соьлжа-ГIаларчу №53 йолчу юккъерчу школехь, цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтан спортфакехь.
Дейтта шо долуш, хинволу чемпион веара Багаев Дэгин «Динамо» стадионехь хиллачу паргIатчу кепара охьатохархлатаран секце. Шен накъостех иза къаьстара хьалхахIоттийначу Iалашоне кхача доьналла а, къахьега мало йоцуш а хиларца.
Х.Орцуевн спортан дахарехь уггаре дагалецаме хилла дисина 1978-гIа шо. Цкъа хьалха СССР-н халкъийн VII-чу Спартакиадехь а, СССР-н чемпионатехь а хьалхара меттигаш йоху цо, цул тIаьхьа дуьненан Кубок йоккху. Оццу шарахь США-н Сан-Диего гIалахь дIаяьхьначу дуьненан чемпионате а кхочу. Финалехь иза тасавелира Европин а, дуьненан а чемпион волчу ГДР-чу У.Нойпертаца, амма цхьаьнакхетаран хан чекхъяьлча, судьяс, шеко йоцуш, дуьненан керлачу чемпионан цIе яьккхира – Орцуев Хьасан. Шен спортан хьуьнаршца республикин сий айарна цунна елла «Нохчийн Республикин сийлахь гражданин» сийлаллин цIе. Х.Орцуевн цIарах спортан школа ю Соьлжа-ГIалахь.
№52, кхаара, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2016 шо