Конкурс

Дахаран халачу хьелашкахь долчу берашна гIо дан леринчу Фондо гранташ лур ю организацешна а, муниципальни цхьаьнакхетараллашна а, берийн а, иштта бераш чохь долчу доьзалийн а хьал тодан лерина социальни, инновационни проекташ кхочушъян.

Гранташ яларан хьесапаш оцу проектийн мехалле хьаьжжина хир ду, Россин Федерацин субъектийн меттигерчу Iедалийн органашкара тIечIагIдаран кехатийн гIоьнца.

2016-чу шеран 10-чу майхь физически культура кхиорна, заьIапчу берашна реабилитаци ярна харжаш оьшучу проектийн конкурсни къастам бина (проекташ кхочушйийр ю 2016-чу шеран 1-чу августера 2017-чу шеран 30-гIа сентябре кхаччалц, грантан барам 1500 000 сом ду).

2016-чу шеран 1-чу июнехь дахаран халачу хьелашкахь дехачу берашна социальни гIодарна леринчу проектийн конкурсни къастам хир бу (проекташ 2017-чу шеран 1-чу апрелера 2018-чу шеран 30-гIа сентябрь кхаччалц кхочуш йийр ю, грантан барам 1500 000 сом).

Конкурсан къепе а, лехамаш а Фондан Интернет-порталан (http:/www.fond-detyam.ru) сайта тIехь хир бу. Заявкаш 45 дийнахь кечйийр ю (конкурс дIакхайкхийначу денна тIера схьа).

 

№52, кхаара, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: