Нохчийн къомана а, тIекхуьучу тIаьхьенна а боккха лазам бу 1944-чу шеран 23-гIа февралан де. Махках даьхначу хенахь вайнаха лайнарш цхьатерра нисло дукха хьолахь, делахь а, хIоразза а ладогIа дог догIу цаьрга. Иштта, ТIехьа-МартантIерчу яхархочо Виситаева Амната а дийцира Казахстанехь шайн доьзало лайнарг. Амнат дуьнен чу яьлла 1938-чу шеран 5-чу майхь ТIехьа-МартантIехь.
«ХIетахь со жима хиллехь а, суна дика дагадогIу тхаьш лайна бала а, гIайгIа а. Вайн къам махках даккхале Iедалан векалша дIавигира тхан да. Тхуна чIогIа халонга делира иза. Тхан доьзалехь со а, сан ши ваша а вара. Тхан да дIавигначул тIаьхьа, нанас цхьацца белхаш бора, тхо кхаба гIерташ. ЧIогIа хала дара цунна. Вайн къам махках доккхучу хенахь сан 6 шо дара.
1944-чу шеран февраль бутт чIогIа шийла беана бара. ХIетахь Iа шийла а, буьрса а хуьлура. ТIеман духарш а дуьйхина, буйнахь герзаш а долуш, салтий тхайн уьйтIа баьхкича, хуьлуш долчух ца кхеташ доьхна хьаьвзира тхо, уггаре а хьалха тхан нана. Кечдала тхуна елларг кIеззиг бен хан яцара. ГIодан уллохь хIусамда а воцуш, кхаа доьзалхочуьнца а, энаша лаьцна йолчу тхан дененаца а махках яла дийзира тхан ненан. Тхо мацалла даларна кхоьруш, уггаре а хьалха тхан нанас схьаэцнарг сискал а, цу а хиллера. Кертахь даьхни а дуьсуш (етт а, эса а) арадевлира тхо. Цхьана декъазчу вагонаш чохь новкъа дехира. Нанас схьаэцна хилла сискал бахьанехь хене девлира тхо. Тхан денана шех бала хиларна кхоьруш санна, гIийла Iара. Тхо дIадуьгу цIерпошт новкъахь сацийча, тхан нанас а, кхечара а арара ло дохьура, тIаккха иза даша а дой молура. Оцу шийлачу вагонаш чохь и шийла хи а молий, цунах цамгар кхетарш а нислора. Иштта, и шийла хи малар бахьана долуш со а хилира могаш йоцуш. Тхаьш маса дийнахь некъ бина дага ца догIу суна. Казахстане дIакхаьчча, тхо а, тхоьца хилларш а тайп-тайпанчу районашка дIасабийкъира. Кустанайски областан Буркай юьрта бигинчаьрца бара тхан доьзал а. Цхьана тишачу цIа чу дигира тхо а, тхоьца масех доьзал. Дешнашца дийцалур а дац оцу чохь хилларг. Оцу кепара шийла а, тиша а цIа дара иза. Иза хьалха казахийн божал хиллачух тера дара. Тхоьца цхьаьна цIа чохь нисбеллачу доьзалшца цхьа къона доьзал а бара. Доьзалхо вацара церан. Тхо дIакхаьчча дукха хан ялале шелонах цамгар а кхетта, и шиъ кхелхира. ХIетахьлера сурт хIинца а бIаьргашна хьалха лаьтта суна. И шиъ билггал кхелхина хиларх кхетта йолу тхан нана йоьхна а ца хьаьвзаш, и шиъ дIадолларна гIайгIа бан хIоьттира. 18 километр хиллал тхуна генахь Iаш вара тхан дешича. ТIох яра цуьнан цIе. Иза дешна стаг вара. Хилларг дIа а дийцина, иза валийра кхелхинарш дIабухкуш гIодан. Иштта, каш а даьккхина дIабоьхкира уьш.
Тиша хьал дара, бохуш, белха а боьлхуш Iад Iен а йиш яцара нехан. Доьзална сискал ца яьккхича ца йолура. Нехан доьзалшкахь дайша гIайгIа бора юучунна а, молучунна а, ткъа тхан доьзалехь иштта дацара… Цхьана-шина минотана сацийра Амната шен къамел… Йоьлхура иза…. Мацалла шен доьзал ца балийта, араелира тхан нана а, цхьацца белхаш бан. Иза поппар бечу балха йоьдура, цигахь цхьа кIезиг бепиг лора цунна. Тхан доьзална иза ца тоьара. Нана, ша юьзна йолуш санна кеп а хIоттайой, юьстахйолура. Тхо шена дуьзна гича юзуш хиллера-кх иза а. Тхан воккхахволу ваша Хоршам ха дан воьдура. Цо а гIодора нанна. Иштта дIаоьхура денош, беттанаш…
ЦIеххьана цамгаро лаьцна метта юьйжира тхан нана. Энаша лаьцна йолу денана а, нана а, вежарий а, тхаьш дерриге а цхьалха хетара суна. Сайн нана меттахь гуш хала дара суна, дагах цамгар кхеттал дог лозура. Тхан воккхах волу ваша ца вуьйхира. Цуьнан воха йиш а яцара. Оцу муьрехь и цхьаъ вара доьзал кхаба а, Iуналла дан а дезаш. Ненан цамгар гена ерг хилар дагахь а дацара суна. Дукха хан ялале цунна гIоли хирг хиларх чIогIа дог тешна дара сан. Суна моьттург ца хилира… ХIора а дийнахь Iуьйранна сарралц нанна уллохь Iара со, йоьлхура цунна наб кхеттачохь. Ас Деле доьхура цунна гIоле яр. Цунна дукха йоьлхий, кхин елха гIора а доцуш юьсура со цкъацкъа. Наггахь шура дагайогIура нанна. Луларчу казахашкара я кхечанхьара цунна шура йохьуш йогIура со. Иштта кхо шо зама яьхьира цо меттахь. Тхан девашас бежана делира тхуна. Цунах доккха гIуллакх а хилира.
Тхан лулахь бехаш болчу казахийн йоIаца гергарло лелош яра со. Соьца чIогIа дика а яра и йоI. Тхоьгахь ледара хьал дуй хаьара цунна. Шен дагахь, тхуна гIо хиларе сатуьйсуш, цхьацца хIума йохьуш йогIура. Цхьана дийнахь хьакхин дума а, бепиг а дохьуш еара иза. Цунна ца хаьара, хьакхин жижиг бусалбанашна хьарам лерина дуй. Ша иза дохьуш ярна йоккхаерца хьоьжура соьга сан доттагI. Цуьнга юха дIабахьийтира оха хьакхин дума. Дешичас ТIохас а гIо дора тхуна. Меттахь 3 шо даьккхинчул тIаьхьа гIоле хилира тхан нанна. Цунах хаза кхаъ хилла хьаьвзира тхо. Шена гIоле хиллачул тIаьхьа цхьа де а чохь ца даьккхира нанас. Цхьацца белхаш бан йолаелира иза. Нанна гIоли хиллачул тIаьхьа, со а, сан жимах волу ваша а школе деша дахара. Нанас бедарш тийгира тхойшинна. Нохчи дара аьлла тхуна пе ца беттара казахаша. Мелхо а, тхоьца гергарло леладора цара. Школехь вовшахтухучу цхьаьнакхетаршкахь а, даздаршкахь а жигара дакъалоцура ас. Сценкашна юкъахь роль ловзош гуттар а хазахетара суна.
Тхайн луларчу йоIаца цхьана классехь нисъелира со. Иштта, цхьана дийнахь со иза йолчу яхча, уьстагI бийна бохкура уьш. Наггахь бен жижигах йина юург бIаьрга гуш йоцчу сан чIогIа безам бахара уьстагIан жижиге. Оцу йоьIан нана кхеттачух тера дара. Со шайгара цIаяха арайолуш тIоьрмиг схьакховдийра цо. Цу тIоьрмига чохь жижиган дакъа дара. Самукъадаларца чуяхара со. Тхан нана балхара цIакхачаза яра. Иза чуяле, цунна хазахетар даран ойланца ас оцу жижигах дакъош а дина, кхехкийта пеша тIе хIоттийра. Чукхаьчча тхан нанас хастийра со.
16 шо кхаьчча цIера араелира со. Вайнаха санна 13 шо хан яьккхира оха а хийрачу махкахь. 1957-чу шарахь, массаьрга санна а, тхан доьзале а кхечира хаза кхаъ. Тхаьш цIадогIу некъ бахбеллера тхуна, цIакхачале дуьйна а синош дай баьхначу цIахь дара. ЦIакхаьчча, тхайн кертахь бехаш нах карийра тхуна. Хала а, атта а юхаерзийра оха тхайн керт-ков. Дерриге а юхадан дийзира. Бакъду, тхуна иза ца гора, тхайн синош паргIатдовлар дара тхуна коьрта», – дерзийра Амната шен къамел.
Амнатан 78 шо ду. Дахарехь ша йоккху хан даима а къахьоьгуш яьккхина цо. 1959-чу шарера 2008-гIа шо кхаччалц ТIехьа-Мартан районан больницехь санитарка хилла. Операционни отделенехь а, зударийн отделенехь а бина белхаш. Тахана Iасанашца бен дIасаяхалуш яц иза. Цуьнан доладеш иза Iалашъеш ю цуьнан йоI а, кIант а, нус а.
З.ЛОРСАНОВА
№52, кхаара, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2016 шо