Яхана хан йицъян мегар дац

амма цуьнца вахар нийса дацdestroyed_building_in_grozny__by_chewolf-d363ifg

ХIора къоман исторехь а санна, вайн а бу бицбан йиш йоцу бохаме хиламаш. Цара гIо до вайна гIалаташ кхин ца довлийтарехь. Вайна хаьа, дахарехь тIе мел хIуьтту халонаш, мел хуьлу аьттонаш Делера ду, хIора а хIуманна шен бахьана ду. Нохчийн исторехь дуккха а хилла бохаме денош, царна юкъахь ду 1944-чу шеран 23-чу февралехь Сталина халкъ махках даккхар, дийна воллушехь, Хьайбахехь 700 сов стаг вагор, шина а нохчийн тIемашкахь эзарнаш бехк боцу нах хIаллакбар, иштта, 2004-чу шеран 9-чу майхь Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кхалхар.

Вайна ма-гарра, царах цхьадолу денош Россин юкъараллин дезачу деношкахь нисделла. Даймохк ларбархочун дийнахь а, иштта, нохчийн къонахаша дакъалаьцна болчу Сийлахь-боккхачу  Даймехкан тIамехь Советийн эскаро фашисташна тIехь толам баьккхинчу дийнахь а. Цхьаболчарна и денош иштта нисдалар цхьа а бух  боцуш хета тарло, амма дикка тидам бича гуш ду, цхьанна нохчийн халкъо  ерриге а Россица цхьаьна цуьнан деза денош даздойла лууш  хилла цахилар. Амма, мухха а делахь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна Кадыров  Рамзанна шен хьекъал а, болх бан хаар а бахьана долуш, оцу хьолехь нийса некъ карийра. Дезачу деношкахь нохчашка бохаме хиламаш дага ца лецийта, регионан Куьйгалхочо оцу къаьхьачу дагалецамашна цхьа де билгалдаьккхира. 2011-чу шеран апрель баттахь 10-гIа май  Нохчийн Республикин  халкъийн Иэсан а, лазаман а де санна, билгалдаккха сацам бинчу  Указна куьг таIийра Кадыров Рамзана. Республикин берриге а бохаме хиламаш юкъалоцуш де ду иза. Оцу дийнахь лаьттан кийра кховдийра нохчийн халкъо  шен бакъволу, яхь, доьналла а, комаьрша а, майра а волу Турпалхо, Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Шен халкъ дуьненаюкъарчу терроризмах лардаран а, Россин цхьаала а, шен халкъана маьрша дахар Iалашдаран  а новкъахь декъал хилира иза а, эзарнаш цуьнан бIанакъостий а. Тахана кхуьуш йогIучу республикехь Iаш а долуш, хIокху дийне кхийдаш, вайн сирла кханенан дуьхьа кхелхинчу къоман турпалхойн цIерш йицъян йиш яц вайн. Церан могIарехь бу Висаитов Мовлади а, Нурадилов Ханпаша а, иштта кхиберш а. 10-гIа май Иэсан а,  лазаман а де хиларан хьокъехь Указ юкъадаьлчахьана, регионан ерриге а кIошташкахь сагIа доккху, мовлад доьшу, зуькарш  до. СагIа Нохчийн Республикехь а регионал арахьа а болчу  мискачу доьзалшна дIайсадоькъу.Grozny_090

Нохчийн халкъана машаре болу некъ хала бара. Цунна дуккха а харцонаш а гина, луьрачу Iай, шелонехь махках а даьккхина иза, мацалла а лайна цо. Амма, халкъ хIаллакьхила герга дахана аьлла хеттачохь, дийнна халкъ оцу хьола юкъара хьаладоккхуш адамаш гучудовлура. Ишттачарех вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а. Маьрша а, ирсе а дахар кIезиг гинчу вайн нохчийн лаьтта тIехь машар а, барт а хилийта эзарнаш а нохчийн кIенташа шайн дахар дIаделира. АллахI Дала гIазот къобалдойла церан! Ткъа церан   дахаран меха йолу маршо вайн ца ларйойла  дац. Вайн сийлахь декхар ду иза ларъяр. Нохчийн халкъо шен берриге а ницкъаш тIехьовсо беза и бохаме хенаш юха ца яхкийтарна.

Ткъа Иэсан а, лазаман а дийнан мехалла а, ладамалла а йийцича, иза историн а, пачхьалкхан дерриге  халкъийн а бакъонаш Iалашъярехьа  эгначу вайн вежарийн а, йижарийн а сий дар ду. Маршонан де тIекхачорехь шайн синош а, догIмаш а ца кхоийначийн цIерш, вайн исторехь дашочу шекъанца язйина йиса езаш ю. Ас буьйцурш республикин а, иштта, ерриге а пачхьалкхан а бакъонаш ларйина болу майра кIентий бу. Вай боккха мах белла таханлерчу дахарна тIекхача гIерташ, дукха бIаьрхиш а, цIий а Iенийна. Иза дицдан йиш яц.

Чаккхенехь ала лаьара, кхин цкъа а юха ма йоьрзийла нохчийн лаьтта тIе и бохаме а, бодане а хенаш.

Джавотханов Мохьмад

№52, кхаара, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2016 шо     

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: