Лулахоша — Толаман денна

Цхьа а ца вицвина

МАЙКОП. Республикехь суьдийн пурстоьпаша дIадолорца Сийлахьчу Толаман 71 шо кхачаран денна лерина Адыгейхь вовшахтоьхнера Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь хIаллакьхиллачу бIаьхошна хIиттийна хIолламаш меттахIиттор а, цIанбар а. Иза дарца тидам тIебахийтира Iуналла дан стаг воцуш дисинчу кешнашна, царна тIера къух, нехаш дIаехира, керташ тойира.

Регионехь дIадаьхьначу оцу гIуллакхехь къаьсттина жигара дакъалецира Майкопан пачхьалкхан технически университетан, политехнически колледжан студенташа, «Россин студентийн тобанаш» аьлла йолчу организацин меттигерчу отделенин декъашхоша. Даггара баркалла бохура и гIуллакх динчарна тIеман а, тылан а ветеранаша.

 

Ветеранашна – совгIаташ

МАХАЧКАЛА. Сийлахьчу Толаман дезачу денна лерина Дагестанерчу ветеранех хIоранна а совгIат дира 30 эзар соьман барамехь ахча даларца. Цул сов, шайн хIусамаш тояйта100 эзар сом ахча а делира 80 ветеранах хIоранна.

Регионан къинхьегаман министерствос бечу хаамашца, тахана цигахь вехаш ву тIеман 301 дакъалацархо а, ткъа иштта тылан 14 803 къинхьегамхо а, тIеман дакъалацархойх йисина 3 398 зуда а, «Блокадни Ленинградан вахархо» аьлла йолу мидал елла волу 12 стаг а, концлагершкахь хилла 25  стаг а.

 

ТIаьхьенашна дагахь латтийта

МАГАС.  Несарен Несар-Коьртан округехь йолчу дагалецаман а, сийлаллин а Мемориалан кертахь дIахIиттийна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь хIаллакьхиллачу гIалгIайн тIемалойн цIерш тIе язйина йолу мраморан экъанаш.

Оцу экъанаш тIехь Даймохк ларбархочун 6 528 цIе ю. Уьш берриге а республикера кхайкхина хилла эскарехь гIуллакх дан. Экъанаш дIанисйина «Исс бIов» аьлла йолчу   мемориалан хIолламна гонаха.

 

 Президентан декъалдарш

ЭЛИСТА. Мехкан Пенсионни фондо хIора шарахь а Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман а, тылан а ветеранаш  Толаман Денна тIекхочуш декъалбайта Россин Президентан Администраце церан дукхаллин бараман хьокъехь хьокъала боллу хаамаш бо.

Къастамалла йолуш ца хилира хIара шо а. Оцу хаамашца нийса а догIуш, кху шарахь ГIалмакхойн Республикехь  вехаш волчу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман 2 648 ветеранна декъалдарш дахьийтира пачхьалкхан куьйгалхочун цIарах. Уьш шен хеннахь дIакхачоран гIуллакха тIехь цхьа а тайпа хьем ца хилийтира Россин Почтин меттигерчу отделенеша.

 

Дуьххьара йовзийтина цIерш

ВЛАДИКАВКАЗ. И гIала мостагIчух паргIатйоккхуш эгначу 1 276 бIаьхочун цIерш дуьххьара дIайийшира Толаман Дийнахь Сийлаллин Аллейхь. «ТIеман лар» аьлла йолчу проектан куьйгалхочо Акоефф Алинас дийцарехь, уьш меттахIитто таро хилира республикехь тIемаш дIабаьхьначу шерийн вежараллин кешнаш толлучу хенахь. Уьш коьртачу декъана гIала схьайоккхуш хIаллакьхилларш а, тIамехь хиллачу чевнех лазартнешкахь кхелхинчеран а цIерш ю.

ТIаьхьенашна оцу тIамах бакъдерг довзийтарна тIехьажийна хIора шарахь боккха болх дIахьо регионехь. Иза дарца тIеттIа алсамйовлу Даймохк ларбеш эгначеран хIинццалц бевзаш ца хиллачеран цIерш. Iаламат мехала и болх тIейогIучу хенахь а жигараллица дIабахьа ойла йолуш  бу жигархой.

 

Ветеранашца цхьаьнакхийтира

СТАВРОПОЛЬ. Сийлахьчу Толаман дезачу денна лерина  крайн губернатор Владимиров Владимир цхьаьнакхийтира ветеранийн гIаланийн а, районийн а  Советийн куьйгалхошца. Регионан берриге а ветеранаш Сийлахьчу Толамца даггара декъал а беш, цо тидам тIебахийтира таханлера маьрша дахар, хилла кхиамаш тIеман аренашкахь цара гайтинчу хьуьнаран тIаьхье хиларна. Иштта билгалдаьккхира кегийрхой патриотизман ойланехь кхетош-кхиорехь Iедалша а, ветеранийн организацеша а беш болу болх кхидIа а жигарабаккха безаш хилар.

Ветеранашца къамел дечу хенахь губернатора хаам бира церан организацешна ахчанца гIо дарал сов, кху шарахь регионан 350 ветеранан хIусам тойийриг а, бюджетан чоьтах 50 ветеранна керла хIусамаш лург а хиларан хьокъехь.

 

«ДIакхетаве ветеран»

НАЛЬЧИК.  Иштта цIе йолуш яра Сийлахьчу Толаман дезачу денна лерина  ГIебартойн-Балкхаройн Республикин коьртачу шахьарахь автоинспекторшца цхьаьна кегийрхойн туьшан волонтераша дIаяьхьна акци. Машенийн долахошка а, автобусийн, таксин шоферашка а Ерригроссин «Толаман волонтер» аьлла болчу юкъараллин боламан дакъалацархой   кхайкхира оцу деношкахь ветеранаш маьхза дIасабигаре.

Оцу кхайкхамна жоп а карийра. Иттаннаш шофераша шайн машенаш тIе гуччу меттехь дIатуьйхира  и гIуллакх дIахьош хиларан хьокъехь болу хаам. Дуккха а яра оцу деношкахь туькана, больнице, социальни хьаштийн службе баха, кхечу гIуллакхана арабевлла ветеранаш дIакхетийна меттигаш.  Жигархошна даггара баркалла олура ветеранаша шайн хьашташка сел лерина хьовсарна.

 

Къилбаседа Кавказехь – дуьххьара

ЧЕРКЕССК.  Шатайпа совгIат хилира гIалин бахархошна Сийлахьчу Толаман дезачу денна лерина зезагийн Iаламат доккха сахьт гIуллакх дан доладалар. Къилбаседа Кавказехь дуьххьарлера и сахьт Кхарачойн-Чергазийн Республикин пачхьенан «Баьццара гIайре» аьлла йолчу культурин, садаIаран паркехь диллина.

БархI метр гергга майда дIалоцу циферблато. Проектаца нийса а догIуш, тайп-тайпанчу зезагийн кхо гуо бу сахьтан. Цуьнан лаьтта бухахь болчу гIирсана тIуналле Iаткъам ца байтарна тIехьажийна цхьамоггIа гIуллакхаш дина сахьтан авторша. Ткъа  сахьтана лахахь «Черкесск» аьлла йоза  ду. Буьйсанна сахьтан цхьамзанаш а, терахьаш а, серло тохар бахьанехь, геннара гуш хуьлу.

Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

№52, кхаара, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: