Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеран, ТIехьа-МартантIера вахархо Эскирханов Ахьмад волчохь хилира тхо. Иза дуьнен чу ваьлла 1922-чу шарахь. Карарчу хенахь цуьнан 94 шо хан ю. ТIом бечу хенахь шаьш лелийнарш, цу хенахь хилларш воккха хиларна цхьадерг цIена дага ца догIу цунна. «Дерриге а дикка сайн иэсехь ца дисинехь а, сайна дагадогIург дуьйцур ду ас», – дешнашца долийра Ахьмада шен къамел:
«ТIом болалур буйла хууш ца вахара со эскаре. ХIетахь иза хьехош а дацара. 1941-чу шарахь 27-чу майхь дара, суна а, сан хеннарчу кегийчу нахе а повесткаш еача. ХIетахь сан 19 шо дара. 6-чу июнехь тIевахара со. Оццу дийнахь комиссех чекхдехира тхо. Багар бина ца валлал Iаламат дукха кегий нах бара тIекхайкхинарш. Комиссех чекхдевллачул тIаьхьа, суьйранна Соьлжа-ГIала дIа а дигна, цигахь буьйса яккхийтира тхоьга.
7-чу июнехь Iуьйранна 10 сахьт долучу хенахь товараш лелочу вагонаш тIехь новкъа а девлира. Делкъал тIаьхьа Батайск гIала кхечира тхо. Цигахь цIена духарш а делла, тхоьга яахIума а яийтина, Ленинграде новкъа дехира. 7–9-чуй майхь некъ бира оха. Ленинградерчу вокзалехь охьадиссийра тхо. ЧIогIа хаза меттиг а яра иза. Цигара цIерпошта тIехь нийсса цхьана сахьтехь гергга дIаихира тхо. Казармаш чохь меттигаш билгалъяьхна хиллера тхуна. ТIаккха могIаре дIахIиттийра тхо. Иштта цхьана складе кхечира. ТIеман духарш схьаделира тхоьга. Цул тIаьхьа герзаш долчу складе а дигира. ХIораннан а кара герз делира. ТIаккха тхаьш хиллачу метте юхадалийра тхо. Герз охьа а диллина делкъе йира оха. Цул тIаьхьа цхьана хьуьнан юккъе дигира. Тоьпаш тоха а, герз муха лелон деза а, тоьпан бух муха тоха беза а – дерриге а Iамон дигна хиллера тхо. Тоьпаш кхуьйссуш, дIасадовдуш, иштта цхьадолчу хIуманна Iемира тхо оцу дийнахь. ТIаккха цхьана яьссачу аренашка а дигна, граната муха кхуссу а, иза гена хьан кхуссу а хьаьжира. Цигахь иштта и де а даьккхина, суьйранна юхадалийра тхо. Юург а йиъна, 10 сахьт даьлча дIадийша бакъо елира тхуна. И дIадаьлларг 9-гIа июнь де дара. Иштта 21-чу июне кхаччалц хIора дийнахь Iамош дара тхо. Цу суьйранна паргIатдевлла цхьажимма садаIар хилира тхан. Доьхнарг хилира шолгIачу дийнахь.
22-чу июнехь цIеххьана маьхьарий девлира «Подъем!… подъем!…», аьлла. Хилларг хIун ду ца хууш хьалалилхира со а, соьца болу накъостий а. ТIаккха тхайн тIеман духарш тIе а дуьйхина, герз схьа а эцна, аралилхира тхо. Арадевлча, беа могIаре дIахIиттийра. Мича, хIун дан дуьгу ца дуьйцуш, лаьхкина цхьана метте дигира тхо. Цигахь дукха адам дара лаьтташ. Цхьана хьуьнан юккъехь кечйина меттиг яра иза. Цигахь лаьтташ трибуна яра, уллохь лаьтташ масех адам а долуш.
Цул тIаьхьа, гIаш, 7 километр некъ а беш, Финляндски вокзале дIакхечира тхо. Тхоьца долу ах эскар бухахь а дуьтуш, цIерпошта тIехь дIадигира. Дубровка гIали йистехь охьадиссийра тхо. Цу гIалина уллохь доккха хи (залив) дара. Дехьара берд ца гуш, доккха дара и. Цу хи тIе даккхий цIеркеманаш далийра. Цхьана баттахь царна тIехь белхаш байтира тхоьга. Авиабомбанаш а, пулеметаш а, массо тайпана герзаш а, дуккха а юург-мерг а тIеюттура оха цIеркеманашна. Деса цIеркеманаш схьадогIуш, уьш дуттий дIахьажош, иштта белхаш беш дIабелира и бутт. Цул тIаьхьа, юха а вокзале дIа а дигна, цхьана цIерпошта тIе а ховшийна, суьйранна маьркIажа хенахь цхьана метте кхечира тхо. Дуьгу меттиг ца юьйцура цхьамма а. Цхьа хIума-м хиира тхуна, Манчегорск гIалина шовзткъа километр генахь йолчу хьуьна юккъехь тхаьш совцийна хилар. Оцу хьуьнхахь тхуна лерина кечйина меттигаш хиллера. ДIадийша а, хьалагIовта а, юуург ян а, массо а кепара гIирсаш бара цигахь. Цхьа бутт ах бутт зама яьхьира оха цу хьуьнхахь. Дика топ кхуссу 14 стаг къастийра тхуна юкъара. Царна юкъахь со а вара. «Отличный стрелок» аьлла значокаш елира тхуна. КхидIа хIун хир ду ца хууш, я тхаьш дийна цIакхочур дуй ца хууш долушшехь оцу значокех самукъаделира тхан. ШолгIачу дийнахь Iуьйранна дерриге а эскар цхьана аьчкан некъа тIе дIадигира. Командира тхо 14 стаг эскара юкъара сехьа а ваьккхина, элира: «ХIокху 14 стагана оха совгIаташ дина. Массарна юкъахь уггаре а дика топ кхуссу цара». Эскаро «Ура-а-а!», олуш, мохь а тухуш, машен тIе хьалаваьккхира со а, соьца болу накъостий а. Тхо 14 стаг бен вацара цу машен тIе ваьккхинарг, бухахь буьсучу тхан накъосташа мохь туьйхира: «ДоттагIий, тхан вежарий! Хьежалаш тхоьга! Тхо кхузахь дукха хьелур дац шуна. Цхьаьна тIом бийр бу вай». Тхоьга куьйгаш а лестош, машен къайлаяллалц лаьттира уьш.
Тхуна ца евзачу станце кхечира тхо. Цхьа ах сахьт далале цIерпошт схьа а кхаьчна, цу тIехь Мурманск гIала дIадигира тхо. Баренцово хIордан берда йисте кхечира. Оцу берда йистехь кхин хила йиш йоцуш дукха адам дара. ЦIеркеманашца оцу хIордан дехьарчу берда йисте дига кечдинера тхо. Хала а, атта а тхан цIеркема дIадоладелира. Iамаркан а, Ингалсан а, Советски а хIаваан кеманаш тIехула а хьийзаш, дехьадовлуш дара тхо. Мичара долу а ца хууш немцойн 20 кема гучуделира. Вайчара царна тIеетташ, немцоша тхуна тIеетташ дукха хала дехьа девлира. Тхо дехьа даьхначу берда йистехь лаьтташ яьсса машенаш яра. Оцу машенаш тIе ховшийра тхо. Iамаркан, Ингалсан яра и машенаш. Дийнахь сарралц некъ бира оха. ТIаккха цхьанхьа охьадиссийра. Арахь Iаржлуш яра, «Перерыв», аьлла, цхьамма мохь а тоьхна, яахIума а йоуьйтуш садаIийтира тхоьга. Тхо садаьIна довлале, арахь гуттар а Iаржъелира, массанхьа а дукха Iаьржа бода бара. ДIадуьйладелира тхо гIаш некъ бан. ГIаш дIавахара-м дуьйцур а дацара, некъаца дуккха а уьшалш нислора. Царах чекхвала хала дара. ДIакхаьчча схьагуш хилларг къиза сурт дара. МостагIашца тIом бечохь чевнаш йина эгнарш дукха бара цигахь, лаьттахь Iоьхкуш. Цигахь чIогIа лекха гуо бара. Цу тIехь хиллера немцой. Ткъа тхо царна дуьхьал тIом бан дигна дара. Са хуьлу хан яра, командира тхоьга кхидIа дан дезарг дуьйцуш.
Цигахь боьдуш тIом хиллера. Вайчарна гIоьнна тIедигна хиллера тхо а. Арахь Iаьржа а йолуш оцу гу тIе хьаладуьйладелира тхо. Тхуна дуьхьал герз детта долийра. Цхьана эха сахьтехь хIетте а герзаш диттира цара. Тхаьш Iоьхкучуьра меттах ца довлура тхо. Меттахваьллачу муьлхачунна а топ кхетарна кхерам бара. Герзаш деттар сецира. Мухха делахь а, гу тIе хьаладевлира тхо. Цигахь немцой Iийна хиллера. Цара тIулгех йина хилла меттиг карийра тхуна. Эскарна коьртехь болчара шина декъе дийкъира тхо. Цхьаберш цигахь битира, ткъа тхо №235 йолчу полкан 3-чу батальонан 7-чу роте кхечира. Цигахь цхьа бутт хан яьккхира оха. Вовшашна кхийссарш а йора. Хи дан веанарг маьрша лоруш вара, цунна герз тохар дихкина дара. ТIелатар дийнахь а, буьйсанна а хуьлура, билгалъяьккхина хан ца хуьлура. Иштта рогIера тIелатар хир ду аьлла хаам бира тхоьга. Цхьана хьуьнан юккъехула хьаладигира тхо. ЦIеххьана цхьа хIума эккхаш санна гIовгIа елира. Кхерам тесира даг чу. «МостагIашна дуьхьал доьлхуш ду вай. Уьш болчу гу тIе хьаладовла дезаш ду», – хаийтира тхоьга командира. Тхо цхьана гу тIе хьаладевлира. МостагIашна паргIат ган там а бара тхо. Соьгахь ерг дика топ яра, соьца волчу накъостехь ерг а иштта яра. Юх-юххехь лаьттахь Iуьллура тхойшиъ. Минотана ца сацош детташ герзаш дара. Иштта Iоьхкуш тхо а долуш, цара тхан агIор схьакхоьссина йолу снаряд иккхира цIеххьана. Цунах яьлла гериг а кхийтира суна. Цул тIаьхьа кхин а цхьа хIума а кхоьссира цара. КхидIа сайна хилларг ца хиира суна. Суо дуьнен чохь ву я вац а ца хаьара суна, сайн накъостах дерг муххале а. Сайн юьхь тIе шийла горгам хьаькхча меттавеара. Меттавеача кхийтира, сайн цхьа бIаьрг баьккхина хиларх. Иштта, сан цхьана когана йоккха чов йина а хиллера. Мурманскерчу госпиталехь когана операци йира суна. Цигахь хан яьккхира ас. Вайн къам махках даккхалц тIемаш бира оха, тIаккха вайн къам махках доккхучу хенахь эскарна юкъара дIаваьккхира со а, кхиболу нохчий а. Дийца дукха ду, дерриге дийцина а вер вац», – оцу дешнашца дерзийра цо шен къамел.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь тIом барна елла мидалш ю Ахьмадан. Иза тоьшалла ду, доьналлица иза тIамах чекхваьлла хиларна.
З.ХАСИЕВА
Авторан суьрта тIехь: Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеран Эскирханов Ахьмад
№52, кхаара, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2016 шо