«Ростсельмашехь» хьошалгIахь

Дуьненахь юьртабахаман техника арахоьцучу Канадин, США-н, Казахстанан, Украинин яккхийчу пхеа компанин   мог1арехь лаьтташ ю тахана «Ростсельмаш». Цунна чуйог1учу   предприятешкара хьаштахошна д1айохьуьйту ткъе еа тайпана техника: ялташ, докъарш чудерзоран комбайнаш, латта кечдаран, хиш тохаран, х1у кечдаран, кхийолу  агрегаташ.  Уьш  кхочу дуьненан 56 пачхьалкхе, оцу мехкашкахь лаккхара мах а хадбо церан. Оцу техникин технически хьашташ кхочушдарна кхачойо   дуьненахь шуьйра яржийначу дилерийн сето.

Нохчийчоьнан аренашкахь г1уллакх деш ерг коьртачу декъана дуьххьалд1а оцу компанин техника ю. Ма-дарра аьлча, цуьнан юьхь д1айолаелла компанин хьалхарчу г1улчашца цхьаьна. Латталелорхойн доккхах долчу чкъурана дика дагайог1у иттаннаш шераш хьалха вайн аренашкахь болх беш хилла СК, «Нива» комбайнаш (цхьацца йолчу меттигашкахь «Дон»-м тахана а гур ю къар ца луш г1уллакх деш), х1утосургаш, молханаш а, хиш а туху агрегаташ, кхиболу г1ирсаш. «Ростсельмашо» арахоьцучу керлачу техникина хьалхара зераш дарна шен дакъа вайн республико а юкъадуьллура, ала мегар ду.

Тахана церан метта яьхкина лакхара эвсаралла ерш, шайна т1ехь болх бечеран къинхьегам дикка аттачу боккхуш ерш. Цара шайна хьакъ йоллу меттиг д1алоцуш лаьтта вайн аренашкахь а – Нохчийчоьнан агропромышленни комплексехь шо-шаре даларца т1етт1а алсамболуш бу ростовхоша арахоьцуш йолчу келарчу техникин барам. Цу т1ехь билггал долу дакъа республикин юьртан бахаман министран заместительна Моллаев Джамалдина а кхочу. И бахьанехь х1ара б1ешо долалуш тасаелла хиллачу уьйраша шайн беркате т1аьхьенаш луш хиларан тоьшаллаш к1езиг дац вай долчохь. Х1ора шарахь уьш т1етт1а к1арглуш хилар а гойту таханлерчу бакъдолчара.

– Цул хьалха д1аихина шераш ца дийцича а, цунна къеггина тоьшалла хилира дуьххьалд1а д1адахана шо а, – дийцира «Аргунская-1» МТС-н директора Закаев Махьмуда. –  Кенан буьртиган ялташ чудерзочу муьрана т1екхочуш «Ростсельмашера» вайн республике кхечира VECTOR, ACROS, TORUM маркех йолу 40 комбайн. Эвсараллех дерг-м дийца оьшуш а дацара – х1инццалц  вайн аренашкахь болх беш хиллачу комбайнех пхеаммо деччул г1уллакх дира царах х1ораммо, белхан дикалла (ялтин дараш цахилийтарна) лакхара хиларна юьззина кхачо а еш.

Аьлча а, буьртиган ялтийн ерриге а майданех кхоалг1а дакъа гергга йолчарна т1ера чуэцна ялта царна кхечира. Уггаре а коьртаниг лара дог1у хьалхарчу шерашкахь а санна буьртиган ялта чуэцар беттанашка дахделла цахилар. Керла техника бахьанехь цхьана баттачохь чекхбаьккхира аренашкара болх. Цул совнаха лулахошна г1о дан а кхиира – йиъ эзар гектар гергга йолчу майданашкара кенан ялта бахамийн хьаьтташка д1адахьийтира вайн комбайнаш т1ера.

Оцу компанера ялийначу дуга чудерзоран шина комбайнаца чуийцира республикехь кхиийна хилла дукхах долу дуга а.

Ткъа  комбайнерашна кхоьллинчу бег1ийлех дерг аьлча, церан хьакъ боллу мах хадийра Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша царах цхьанна т1ехь стохка Гуьмсан районехь ялташ чудерзоран юьхь д1айолош. Иштта техника   латталелорхошна алссам оьшуш хилар билгалдаккхарца цхьаьна, уьш эцарна т1ехь г1о дийриг хилар д1а а хаийтира цо х1етахь.

Нохчийчоьнан юьртан бахамна т1ейог1учу хенахь кхузаманахьлерчу  техникица а алссам кхачойийриг хилар кхин цкъа а т1еч1аг1дира регионан Куьйгалхочо  д1адаханчу шеран гурахь Соьлжа-Г1алахь д1абаьхьначу «Югагро-2013», аьлла болчу техникин гайтамехь ша хиллачу хенахь а. Цуьнца доьзна республикин юьртан бахаман министрана цхьамог1а т1едахкарш а дира. Догг1учуьра, ведомствон сайто бечу хаамца, компанин векалша х1етахь вайн говзанчаш шаьш долчу  хьошалг1а кхайкхира  «Ростсельмашехь» цхьа де», аьлла йолчу программехь дакъалаца.

– Х1етахь хиллачу бартана т1е а доьг1на, дукха хан йоццуш республикин юьртан бахаман министерствон департаментийн куьйгалхойн а, вайн   бахамийн векалийн а йоккха тоба хилира «Ростсельмаш» компанехь, – хаамбира министран заместитела Дж.Моллаевс. – «Ростсельмашехь цхьа де», аьлла йолчу программица нийса а дог1уш, тхан делегацин декъашхой хилира производствон тайп-тайпанчу дакъошкахь, гайтира комбайнаш, ткъа иштта кхийолу техника муьлхачу хьелашкахь еш ю.   Компанин куьйгалхоша, говзанчаша шайца хиллачу къамелашкахь дийцира предприятин д1адаханчух, тахана долуш долчух, т1ейог1учу хенахь дан леринчух. Аьлча а, оцу цхьаьнакхетаршкахь дуккха а пайдениг девзира тхуна.

Со суо кест-кеста хуьлу оцу компанин предприятешкахь (2001-чу шарахь ас дакъа а лоцуш, ялийра республике цигара хьалхара комбайнаш), го х1ора шарахь хуьлуш болу т1етт1а керла, б1аьрла хийцамаш, Россехь уггаре а яккхийчу промышленни предприятех цхьаъ хилла иза д1ах1оттар. Д1аихинчу оцу шераша тешош гайтина цуьнца йолу з1енаш, уьйраш т1етт1а ч1аг1ъяр шина а аг1онна пайде хирг хилар: цкъа-делахь, иза вешан машенашъяран производствон г1олацар ду, вукху аг1ор, вайна цхьа техника кхаьчна ца 1а цигара, цуьнца цхьаьна т1аьхьалонан меженаш, сервис тешам боллуш оццу предприятера хиларна кхачойо. И дерриге хьесапе а оьцуш, компаница т1ейог1учу хенахь а Нохчийчоьнан агропромышленни комплексо  герггара з1енаш латтор ю, аьлла хета.

Компаница йолу уьйраш т1ейог1учу хенахь кхин а алсам ч1аг1ъян езаш хиларца реза ву  юьртан бахаман министр Дадаев Муса а. Республикин юьртан бахам керлачу т1ег1ане баккхарехь цара вайн латталелорхошна хьалха яккхий таронаш схьайоьллуш хиларх иза тийшира лакхахь бийцинчу гайтамехь техника, тайп-тайпана г1ирсаш шена гича. Цуьнца доьзна цхьамог1а декхарш билгал а даьхна, кхочушдаро агропромышленни комплекс керлачу дозанашка кхачорна доккха г1о а дийр ду.

Л.МАГОМАЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: