Цхьа-ши дош…

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина 71 шо кхачаран сийнна Москвахь 9-чу майхь дIаяьхьначу парадехь дакъалецира 10 эзар сов бIаьхочо, 135 тIеман технико, 71 кемано а.

***

Россин 85 субъектерчу 150 сов гIалахь, ткъа иштта дозанал арахьарчу 40 сов пачхьалкхехь дIаяьхьира «Лийрйоцу полк» акци. Цигахь дакъалецира миллионаша адамаша.

***

Россин Президента В.Путина а, Казахстанан Президента Н.Назарбаевс а зезагийн кочарш дехкира Москвахь Вевзаш воцчу Салтичун Кошана хьалха.

***

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина 71 шо кхачарна лерина тIеман парад дIаяьхьира Шемарчу Хмеймим тIеман базехь. Цигахь дакъалецира Шемин а, Россин а тIемалоша.

***

Хонкаран артиллерис хIокху деношкахь тохар дина Шемарчу «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна. И бахьанехь аьтто баьлла 50 сов террорист хIаллакван.

***

Шемахь вовшашца тIом беш йолчу агIонашна юкъахь дийцарш Женевехь мелла а сиха юха дIадоло лууш ю Росси а, США а.

***

Иракехь масех де хьалха теракт йина. Оцу бохамехь кхелхина 12 маьрша стаг, 40 сов стагана чевнаш йина.

***

Желтойчоьнан Парламентан депутаташа кхаж тесна пенсионни реформа яран а, налогаш алсамъяхаран а хьокъехь долу законаш тIеэцарехьа.

***

Иранан полицис герзаш тоьхна вийна ОвгIанера 7 мигрант, 12 схьалаьцна. Цхьа а бакъо а йоцуш дозанал сехьа бевлла хилла уьш.

***

Канадерчу хьаннашкахь яккхий цIерш евлла. Кхерамах хьалхавоккхуш ханна кхечанхьа дIакхалхийна 100 эзар сов стаг. ЦIераша дIалаьцна 160 эзар гектар хьун.

***

Россин Президента В.Путина 80 шо кхачарца декъалбира Президентан полкан бIаьхой, тоьллачарна совгIаташ дира.

***

Чинин а, Россин а юьртабахаман декъехь цхьаьнагIуллакхаш дар шорлуш ду. Цу хьокъехь хаам бира вайн мехкан юьртан бахаман министра А.Ткачевс.

 

№52, кхаара, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: