Даздира толам баьккхина 71 шо кхачар

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 71 шо кхачар даздарна лерина гIуллакх вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос.IMG_0220

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцна ветеранаш бара даздаршка кхайкхина.

Россин МВД-н чоьхьарчу эскарийн 46-й бригадин оркестра тIеман мукъамца дIадолийра и гIуллакх. Цул тIаьхьа, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Д.Умаровс баркаллин дешнаш элира ветеранашна: «Таханлерчу дийнахь шу тхоьца  хилар а, шух марзо эца аьтто хилар а доккха совгIат ду-кх тхуна. Тахана оха хьакъ доллу сий-ларам бо шун а, турпаллийца эгначу вайн махкахойн а. Дала могаш-маьрша кхин дуккха а шерашкахь дахадойла шу! Дела реза хуьлда, Дала сий дойла шун!», – элира министра.

– ТIеман зама гина, лайна ду вайн нохчийн къам, цундела ас кхин дийца ца оьшу мел ирча ду тIема юкъахь нисвалар. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман юьххьехь, 1941-чу шарахь, Нохчийчуьрчу кегийчу нахе а тIаме кхойкхучу заманчохь, хIора а хIусамерчу наха шайн аьтто болчу агIор гIо-накъосталла дора (йовха хIуманаш, кхача, тIеман гIирс, говр) эскархошна, ткъа вайна ма хаьа, оцу заманчохь хIун таронаш хилла вайнехан. Делахь а, кегий нах тIаме баха Iаламат дика кечбира махкахоша. Вайн къам гуттар а хилла къинхетаме а, вовшашка дика хьожуш а. Иштта хиларна, кхин а чIогIа дог догIура мостагIашна дуьхьал тIом бан, – дийцира Керимов Янсарис.

Иштта, ветеранаша кар-кара а оьцуш довзийтира луьрачу тIамехь шаьш лайнарш.

Цул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалин культурин департаментерчу артисташа патриотически эшарш лийкхира.

Даздарш дерзош Д.Умаровс мехала совгIаташ дира тIеман ветеранашна.

 

Хь.БАХТАЕВА

№52, кхаара, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: