Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь фашистийн Германина тIехь толам баьккхина 71 шо кхачарна лерина Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира тIеман парад.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель М.Даудов, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель А.Эдельгериев, Къилбаседа Кавказерчу Iеламнехан Кхеташонан Председатель Х-А.Кадыров, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Р.Алханов, министраш, гIалийн, районийн администрацийн куьйгалхой, тIеман ветеранаш, кхиболу хьеший.
Парад схьайоьллуш Р.Алхановс а, министран заместитела, полицин инарла-майора А.Алаудиновс а моггIара дIахIиттийна лаьтташ болу вайн эскархой декъалбира дезачу денца. ХIоранна тIе а воьдуш, маршалла хоттуш, цо декъалбира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранаш.
Ветеранаш декъал а беш, царна баркалла а олуш вистхилира Р.Кадыров. Цо элира: «Ас даггара декъалдо шу Толаман денца! Майраллин а, доьналлин а билгало ю хIара Толаман де. Миллионаш салташа а, эпсарша а шайн дахарш дIаделла фашистийн Германина дуьхьал тIом беш. МостагI хIаллак а вина, вайн маршо ларйина цара. Европин пачхьалкхашкара халкъаш а паргIатдаьхна. Оцу вайн юкъарчу Толамна доккха дакъа юкъадиллина сий долчу нохчийн кIенташа. Цара дакъалаьцна Сталинград, Москва, Европин мехкаш паргIатдохуш а, Берлин схьайоккхуш а дIабаьхьначу тIемашкахь.
Эльбехь союзникашца цхьаьнакхетта вевзаш волу ЦIечу Эскаран дошлойн полкан командир Висаитов Мовлади. Фронтана гIо деш хилла вайн сийлахьчу мехкан дерриге а халкъаш. Цара гайтина хьуьнарш вайна масал хилла вахабизмана а, дуьненаюкъарчу терроризмана а дуьхьал къовсам дIахьош.
Россин Федерацин Президентан В.В.Путинан гIоьнца Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнан эзарнаш бIанакъосташа а ларйина Россин цхьаалла. Цара гайтина хьуьнар а, турпалалла а цкъа а дицдийр дац адамаша. А-Хь.Кадыровс республика бандитех цIан а йина, гуттаренна а тIом чекхбаьккхина. Дала гIазот къобалдойла цуьнан! Цо дIаболийна некъ дIахьо цо вовшахтоьхначу командо. Таханлерчу дийнахь Россин къилбехь уггаре а маьрша ю вайн республика.
Вайн регион Россин къилбехь чIагIо хилла лаьтта «Иблисан пачхьалкхан» а, иттаннаш кхечу пачхьалкхашкарчу мостагIашкара болчу муьлххачу а кхерамна дуьхьал.
Фашизмана а, дуьненаюкъарчу терроризмана а дуьхьал дIабаьхьначу къийсамехь гайтина майралла а, доьналла а бахьана долуш, Соьлжа-ГIалина Россин Федерацин Президента В.В.Путина шен Указца «БIаьхаллин-сийлаллин ГIала» цIе тиллина. Оцу гIуллакхо Даймохк – Росси ларъярхьама уггаре а хала тIедахкарш кхочушдарна ир-карахIиттабо патриоташ. Дезачу денца! АллахIу Акбар!».
Иштта, 9-чу майхь Соьлжа-ГIалахь «Лийрйоцчу полкан» болам хилира. Нохчийн Республикин МВД-н хаамашца цигахь дакъалецира пхи эзар сов стага. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина 71 шо кхачарна лерина дара и гIуллакх. В.В.Путинан а, А-Хь.Кадыровн а цIарахчу проспекташкахула Минутка майдана кхаччалц дIадахара адамаш. Церан массеран а карахь фронтовикийн суьрташ дара.
Боламан хьалхарчу могIарехь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Р.Кадыров карахь Толаман байракх а йолуш. Цуьнца цхьаьна вара Россин Пачхьалкхан Думин депутат А.Делимханов, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо И.Кадыров, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель М.Даудов, Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Р.Алханов, Нохчийн Республикин экономикин а, юкъараллин кхерамазаллин а советан секретарь В.Усмаев, кхиболу официальни нах.
Боламан дакъалацархой бара бIаьхойн (фронтовикийн) гергара нах, юкъараллин организацийн жигархой, студенташ, дешархой. «Лийрйоцчу полкан» могIарехь бара, леррина боламехь дакъалаца баьхкина, вайн республикин хилла болу бахархой, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман фронташкахь тIемаш бинчеран бераш, берийн бераш.
Л.ДАУТОВА
Авторан сурт
№52, кхаара, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2016 шо