Хьомсара махкахой!
Тахана, Нохчийн Республикин халкъийн Иэсан а, лазаман а дийнахь, вай дагалоьцу вайна тIехь дуккха а бIешерийн оьмарехь лелла къизаллаш – 1944-чу шарахь махках дахар, дукха цIий Iенош хилла ши тIом. Нохчийн халкъан баккхийчу бохамех, буьрсачу зерех чекхдийла дезна. Вайн бIеннаш эзарнаш махкахой эгна, тIепаза байна. Къиза хиламаш бахьана долуш вайн ярташ а, гIаланаш а саьлнашка ерзийна яра. Вайна иза диц ца делла. Вайна дагахь ду иза. Тахана а вайн дегнаш Iийжадо оцу хиламашкахь эгнарш дагалацаро.
Вай дагахь латтабо дуьненаюкъарчу терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал дIабаьхьначу къийсамехь Россин цхьаалла ларъеш турпалаллица Iожалла тIеэцнарш. Маьршачу, зазадоккхучу республикин, динан маршонан, цIеначу Исламан дуьхьа шайн дахарш дIаделлачарна юкъахь ву Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, цуьнан эзарнаш бIанакъостий а. Террористашна а, экстремисташна а дуьхьал дIахьош хиллачу луьрачу къийсамна коьрте хIоьттира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цо мохк а, нохчийн халкъ а кIелхьардаьккхира хIаллакьхиларан, дохоран кхерамах. Нохчаша шайн мохк, шайн гIиллакхаш, Iадаташ, дин, амалш ларйира.
Вай дагалаца беза, Iеха а бина, тIеман къийсамна юкъаийзийна хилларш. И саннарг нисделира къоман кхолламах долу жоьпалла шена тIелаца, халкъ цхьаьнатоха, шена тIехьа хIотто доьналла долуш тхьамда вайн хилла цахиларна. Цундела, тайп-тайпана бахьанаш лоьхуш, вай доькъура, вайна юкъахь питанаш даржадора, вай вовшашна дуьхь-дуьхьал дохура. Вайн декхар ду оццул беза мах луш вай даьккхинарг дерриге а лардар. Вайн дегнашкахь гуттаренна а яха юьсур ю нохчийн махкахь машар а, синтем а, токхо а хилийтаран дуьхьа кхелхинчу турпалхойн цIерш. Вайн иэсехь дерг вай дIакховдор ду вайн тIаьхьенашка, нохчийн мехкан хинболчу дайшка.
Таханлерчу дийнахь Нохчийн Республика бакъонца Россехь уггаре а кхерам боцучу регионех цхьаъ лоруш ю. Вай долчу богIу дуьненахь бевзаш болу спортсменаш, артисташ, цIеяххана болу Iеламнах, вай культурин а, спортан а даккхий гIуллакхаш дIахьо. Вай керла заводаш а, фабрикаш а схьайоьллу, вай стигала кхевдина яккхий гIишлош йо. Вай маьрша дехаш ду. Иза вайн вежарша сатийсинарг ду. Цуьнгахьа дIаделла цара шайн дахар. Цара даьккхинарг лардан а, вайн хилла кхиамаш дебо а беза вай.
Везачу АллахIа нохчийн халкъана кхул тIаьхьа лазамаш хила а, бIаьрхиш Iено а бахьана ма хуьлийтийла. ДIаяханчу хенахь даьхна гIалаташ юха ца хилийта Дала хьикмат лойла вайна. Маьрша дахар, могашалла, аьтто хуьлда шун!
№52, кхаара, хIутосург (май) беттан 11-гIа де, 2016 шо