гIуллакхаш ду Нохчийчохь дIахьош
20-гIа май кхаччалц Нохчийн Республикехь дIахьош «Stop ВИЧ» аьлла кхайкхам болу Ерригроссин гIуллакх ду. Иза 10-чу майхь дIадолийна, СПИД цамгарх белларш дагалоцуш дIахьош ду. Оцу цамгарх дукха а адамаш кхелхаш ду вайн заманахь.
Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон куьйгалло, Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствон СПИД-на профилактика яран а, цуьнца къийсам латторан а республикин туьшан куьйгаллийца цхьаьна хIоттийначу планаца кхочушдан лерина дукха гIуллакхаш ду. Нохчийн Республикерчу дукха ведомствийн а, министерствийн а коллективаш ю «Stop ВИЧ» аьллачу гIуллакхехь дакъалоцуш. Уьш ю Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхалла, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерство, Кинематографин урхалла, Роспотребнадзоран урхалла, Нохчийн Республикин дешархойн дай-нанойн комитет, ткъа иштта кегийрхойн «Ахмат», «Путин», «Ийман», «Кегийрхойн Парламент» организацеш.
10-чу майхь Кегийрхойн цIийнехь «горга стол» хилира. Цигахь дийцаре дира «Stop ВИЧ» гIуллакх дIадахьаран декъехь дан леринарш.
Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон чоьхьарчу зIенийн отделан хьаькама Ясаков Мохьмада билгалдаьккхира «Stop ВИЧ» гIуллакхехь республикин бахархошна, къаьсттина кегийрхошна дIасаекъа кечйина брошюраш хилар а, ВИЧ, СПИД инфекцешна профилактика яран Iалашонца, семинараш а еш, «хаамийн четар» тухург хилар а. Оцу гIуллакхехь дакъалаца кхайкхина СПИД-ца, ВИЧ инфекцица къийсам латторан говзанчаш-эксперташ.
Абдулкадырова Залинас, СПИД-на профилактика яран а, цунна дуьхьал къийсам дIабахьаран а республикин туьшан профилактикин отделан хьаькама дийцарехь, ВИЧ инфекци карарчу хенахь цхьа а дарба доцуш цамгар ю. Цундела мехала ду оцу цамгарх, инфекцех ларлуш хилар. Кегийрхой хаа декхарийлахь бу оцу цамгарх муха Iалашбала беза. Вайниг санна жима долчу къомана боккха иэшам бу СПИД гучуяьлла цхьа стаг а, цхьа зуда а хилар.
ХИЗИРОВА ЗАЙНАП
Авторан суьрта тIехь: «Stop ВИЧ» гIуллакхна лерина цхьаьнакхетар
№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо