13-гIа май, 1913 шо. Лаха-Неврехь вина Висаитов Мовлид, Советски Союзан Турпалхо. Юьртара школа чекх а йоккхий, 1932-чу шарахь деша воьду Краснодарерчу дошлойн кхаашеран школе. ТIехдика дешарца и чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1935-чу шеран декабрь баттахь Украинехь хиллачу 9-чу дошлойн дивизин 34-чу полкехь дошлойн взводан командир волуш шен бIаьхаллин некъ дIаболабо къоначу лейтенанта.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман хьалхарчу дийнахь дуьйна и чекхбаллалц тIамехь лаьттина М.Висаитов. Цуьнан бIаьхаллин хьуьнарш билгалдаьхна Ленинан, ЦIечу Байракхан, Суворовн, ЦIечу Седанан орденашца, дуккха а мидалшца.
1945-чу шеран 2-чу майхь Эльба хин йисте уггаре а хьалха кхечира Советски Эскаран подполковникан М.Висаитовн 28-гIа дошлойн гвардейски полк. Цигахь, кхидолчу советски эскарел хьалха Висаитов Мовлидан дошлой цхьаьнакхийтира Iамаркан эскаршца. М.Висаитовн бIаьхаллин хьуьнарийн лаккхара мах хадош, цунна совгIат дина США-н уггаре а лакхара лоруш йолчу «Легион чести» орденца. Фашистски Германица хиллачу тIамехь шегара йоккха майралла, стогалла гайтарна тIеман командованис Советски Союзан Турпалхочун цIе яла хьалхатеттинера иза. Амма оццул шена хьакъйолу и цIе ца луш, бакъдуьнена вирзира М.Висаитов (цуьнан кхалхар хилла 1986-чу шеран 23-чу майхь). И харцо нисъеш, 1990-чу шеран 8-чу майхь шен Указца Висаитов Мовлидана Советски Союзан Турпалхочун цIе елира СССР-н Президента М.С.Горбачевс.
13-гIа май, 1955 шо. Казахстанехь вина Минкаилов Эльбрус, Нохчийн Республикин халкъан яздархо. 1957-чу шарахь церан доьзал шайн Даймахка – Теркайистерчу Галне юьрта – цIа боьрзу.
1973-чу шарахь, тIехдика дешарца юьртара юккъера школа чекх а йоккхий, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделене деша хIутту. Къинхьегаман некъ дIаболабо 1979-чу шарахь Галнерчу юккъерчу школехь хьехархо волуш. 1980-чу шеран ноябрехь дуьйна еххачу хенахь болх бо Нохчийн пачхьалкхан университетехь.
2003–2015-чу шерашкахь «Орга» журналан коьрта редактор лаьтта. Нохчийн литература талларна леринчу Iилманан 50 гергга белхан автор. Царах цхьаберш «Нохчийн литератураххий а, фольклораххий а» цIе йолчу шен книги юкъа а бахийтина автора.
2011-чу шарахь арахецна «Терк дистина догIура» прозин книга.
15-гIа май, 1939 шо. Вина Магомадов Мухтар, экономикин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик.
1969-чу шарахь чекхйоккху Москварчу политехнически институтан инженерно-экономически факультет. Оцу шарахь дуьйна таханлера де кхаччалц Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетехь болх беш ву.
1971-чу шарахь Ленинградерчу финансово-экономически институтан аспирантуре деша воьду, циггахь хенал хьалха Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйо. 1988-чу шарахь оццу институтехь чIагIйо экономикин Iилманийн докторан диссертаци. Iилманан 190 белхан, шайна юкъахь 3 монографи а, 22 Iилманан, Iилманан-методикин брошюра а йолуш, автор.
1992-чу шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн академин бакъонца волу декъашхо (академик) хаьржина.
Iилманан белхан лаккхара мах хадош, 1989-чу шарахь цунна елла «Нохч-ГIалгIайн АССР-н Iилманан, техникин хьакъволу деятель» сийлаллин цIе. Оццу шарахь цунна елира «СССР-н дешаран отличник» сийлаллин цIе а. 2005–2007-чуй шерашкахь Iилманчина совгIаташ дина Нохчийн Республикин Президентан а, Нохчийн Республикин Правительствон а Сийлаллин грамоташца.
№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо