«Дагера даге» – марафон

Май беттан 16-чу дийнахь Нохчийн Республикин Правительствон Туризмехула йолчу комитето дIаяхьа лерина «Дагера даге» цIе йолу   кхозлагIа марафон. Цигахь дакъалаца лууш берш дIаязбийр бу 12–15-чуй майхь Соьлжа-ГIалахь долчу А-Хь.Кадыровн цIарахчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу майданахь.

Марафонан дакъалацархой цхьаьнакхетар бу май беттан 16-чу дийнахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу майданахь Iуьйранна 7 сахьт даьлча.

Марафонан Iалашонаш а, декхарш а

– Нохчийн Республикехь туризм кхиор;

– вадаран а, физически культурин а, спортан а пропаганда яр;

– могашчу дахаран кепана пропаганда яр.

Марафон дIаяхьаран меттиг а, хан а

Марафон дIайолалур ю 16-чу майхь Iуьйранна 9 сахьт даьлча Соьлжа-ГIалахь. ДIайоьрзур ю Устрада-гIалахь (некъан йохалла 16,5 км: Соьлжа-ГIалара А-Хь.Кадыровн пр-т, Ханкальски ур., Соьлжа-ГIала – Устрада-гIала автомобилийн некъ, Устрада-гIалара А-Хь.Кадыровн ур.).

Марафонан дакъалацархой

Марафонехь, хенаца къестамаш а боцуш, дакъалаца йиш ю Россин Федерацин а, кхийолчу пачхьалкхийн а бахархойн.

Марафонан совгIаташ

I–V меттигаш яьхна болчу дакъалацархошна мидалш а, дипломаш а, ахчанан совгIаташ а лур ду:

1-ра меттиг – «Toyota Corolla» машен; 2-гIа меттиг – 200 эзар сом; 3-гIа меттиг – 100 эзар сом; 4-гIа меттиг – 50 эзар сом; 5-гIа меттиг – 50 эзар сом.

Марафонан хIора а дакъалацархочуьнгахь шен кехаташ а, Туризмехула йолчу комитетан векалша елла йолу «дакъалацархочун номер» а хила еза.

Марафон дIаяхьаран а, цуьнан юкъара куьйгалла латторан а гIуллакхаш кхочушдеш ю Нохчийн Республикин Правительствон Туризмехула йолу комитет. Къепе а, низам а, дакъалацархойн кхерамазалла а Iалашъеш хир ю Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерство.

№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: