1990-чу шарахь дара иза, Казахстанерчу Акмолинскехь хиллачу «МостагIийн» зударийн лагерехь (набахтехь) хан текхна Платайс Гертруда Казахстане еача. Цо цигарчу «Алжир» музейн белхахошна дуьххьара дийцира меттигера казахаш шена дуьххьара гарх а, чубоьхкинчу зударшца-тутмакхашца уьш муха бара а. Iаьнан шийлачу Iуьйрана, гIамарш гIиттош хьоькхучу мохехула, улле хIоьттина ха а долуш, Жаланаш Iоман бердан йистошкахула эрзан къух лахьош бара зударий. Тутмакхаша гIотийн тхевнашна тIетоха лахьош бара эрз. Царна цхьана дийнахь, луларчу Жанашу юьртара баккхий нах а, бераш а дуьхьал девлира.
Бераша, баккхийчеран омрица, оцу гIелбеллачу зударшна тIе тIулгаш лесто дуьйлира. Зударийн хир хаьдда ца хуьлийла а дацара. Шаьш ловчу мацаллел а сов, церан и эрз 17–20 сахьтехь лахьо безаш бара, хIоранна а тоьхна гIуда дара – 40 цIов баккха безаш. Царна тIе тIулгаш детташ гира чIардакхна тIера охьахьоьжуш Iачу гIаролашна. ГIадбахана бийла хIиттира уьш: «Гой шуна, шу-м Москвахь ца дезна ца Iаш, хIокху казахийн кIотарарчу берашна а тIехь дезаш дац. «Иза халонга даьллера тхуна, мискачу зударшна. Тхан яхь лазош, ягош дара тхо оццул сийзаз дахар» – дагалоьцура Г. Платайс а, цуьнца цхьаьна хан токхуш хиллачу тутмакхаша а.
Иштта дIаделира масех де. Сий дайъинчу зударшна садеттар бен дуьсуш хIумма а дацара. Сталинан политикин пропагандо дегнаш чIагIдинера цхьаболчу нехан, къаьмнашна юккъе цабезаман зIийдигаш таса йолийнера.
Иштта, цхьана дийнахь гIоранах хаьдда йолу Гертруда когаш тIехь ца латтаелла, ког когах тасабелла, охьакхийтира. Оцу бераша шайна тIе лестийначу тIулгашна тIехь йоьжна Iуьллучу цунна цIеххьана кIолдан хьожа еара. Иза кхийтира кIолдан а, шурин а хьожа оцу тIулгех йогIуш хиларх! Цхьа бIелиг схьаэцна кхаьллира цо. Оцу минотехь дуьненчохь цул мерза цхьа а хIума дацара! Шена схьа мел го кIолдан бIелигаш тIегулдина шайн Iойле (барака) чу дIадаьхьира цо. Цаьрца цу чохь казахийн зударий а бара, тутмакхаш бина, хан токхуш. Цара дийцира иза малхехь якъийна кхурт олу кIалд хиларх лаьцна.
ТIаккха дерригенах а кхийтира хIорш. Дагна кIеда болчу казахаша шайн берашна кхераме доллушехь, гIо дан кхин некъ ца карийна, шайна тIехIоттийначу гIаролан шеко ца кхоллайолуьйтуш, набахтин тутмакхошна шайн рицкъанах дакъа деш хиларх. Берашка кхурташ кхуьсуьйтуш хиллера цара мацалло гIелбинчу зударшна гIо дан лууш. 1930-чу шерашкахь казахийн халкъ а дара мацалла лайна, цуьнан гIело гина. Шайн аьтто баьлча, цара эрзийн къуха юккъе дIалачкъайой, зударшна кIалд а, хьокхам а дуьтуш хиллера.
Тутмакхех цхьаберш шайна тоьхна хенаш текхна бевлира, цхьаболчийн цигахь кхалхар хилира. Амма, Акмолинскехь набахтехь хиллачара боккхачу безамца дагалоьцура казахийн къоман къинхетам. «Набахтеш ерриге а хуьлура вуон, амма казахийн махкахь хиллачу набахташкара дукхахберш къелхьарабевлира, Делан къинхетамца, казахийн комаьршаллица. Мацалла, шело, гIело ша лайначунна дика хуур ду мацвеллачун, шелвеллачун хьал» – дагалоьцура немцойн къомах йолчу Платайс Гертрудас.
Пайдаэцна Амхадова Айзанан дийцарх
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо