«ТIом боцу бIаьсте»

Иштта яра хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин аллей» мемориальни комплексехь схьабиллинчу суьртийн гайтаман цIе. Иза вовшахтоьхнера вай лакхахь хьахийначу мемориальни комплексан куьйгалло а,  Луганск Халкъан Республикин Художникийн союзо а. Гайтам дIахьур бу 2016-чу шеран асаран (июнь) беттан 6-гIа де кхаччалц.IMG_2136

Гайтам схьабелларна леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Художникийн союзан председатель Умарсултанов Ваха, Луганск Халкъан Республикин Художникийн союзан председатель Фесенко Артем, Нохчийн Республикин хьакъволу художник Асуханов Аманди, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Маликов Адам, иштта кхин а бевзаш болу художникаш, студенташ. Гайтаме  диллина 100 гергга  сурт.

Цхьаьнакхетар дIадолош вистхилира Умарсултанов Ваха:

–  Нохчийн Республикин Художникийн союзан цIарах ас даггара баркалла боху  шайн белхаш бохьуш Луганск Республикера баьхкинчу художникашна. Иза баккъал а доккха совгIат ду. Кху музей чохь суьртийн дукха  гайтамаш хилла, амма таханлерниг, цхьа а шеко йоцуш, тхуна мехала бу. Со тешна ву, вай сих-сиха цхьаьнакхетарг хиларх. Кестта йохлур ю, тIаккха вай цхьаьна Нохчийчоьнан лаьмнашка, Iаламе бIаьргтоха  гIур ду, цигахь цхьаьна суьрташ  дохкур ду. Къахьегарна а, тхо долчу дахкарна а баркалла шуна. Иштта, суна баркалла ала лаьа  Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин аллей» мемориальни комплексан белхахошна хIара гайтам вовшахтохарна. Дела реза хуьлда шуна, – дерзийра цо шен къамел.IMG_2087

Цул тIаьхьа вистхилира Фесенко Артем:

–  Тхуна доккха совгIат ду аш тхо Соьлжа-ГIала кхайкхар. Тхо кхайкхарна а, тхуна хьошалла дарна а баркалла шуна. Вай вовшашна мел генахь Iаш делахь а, тахана цхьаьнакхетта. Иза вай цхьа гIуллакх лелош хиларан билгало ю. Тхо тешна ду тхан белхаш шуна хазахетарг хиларх, – элира художника.

Цул тIаьхьа  хьешашца Умарсултанов Вахас, Асуханов Амандис, Маликов Адама, цIен аса хадош, схьабиллира гайтам.

З.ЛЕЧИЕВА

Суьрташ тIехь: гайтам схьабелларна лерина цхьаьнакхетар

№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: