Соьлжа-ГIалин №10 йолу школа къахьоьгуш ю «Дешархой Iамо, кхетош-кхион, царах ийман долуш, социальни дахаран хьелаш кхолла аьттонаш лаха кхетам тоьаш адамаш кхиор» программица. Школин куьйгаллина хьалха лаьтта Iалашо дика евзачу, школин Iилманан-методикин болх вовшахтохархочо, Iилманан-методикин балхехула директоран заместитела Исаева Мадинас дийцира:
– Школин коллектив билгалйинчу Iалашоне кхачархьама алссам Iилманан-методикин болх кхочушбина оха, цу юкъадогIу: предметийн методикин цхьаьнакхетараллаш кхоллар, царах хIораннан Iалашонаш, проблемаш къастор; предметни кIиранаш вовшахтохар; 9-чу классийн дешархойн пачхьалкхан жамIдаран аттестацина а, 11-чу классан дешархойн ЕГЭ-на а кечамбар, цаьрца къахьоьгучу хьехархойн болх тидамехь латтор, таллам бар; дешархошна дахарехь оьшуйолчу цхьа биллгалчу корматаллица уьйр таса аьттонаш лахар, и.дI.кх. а.
Школин Iилманан-методикин совето бинчу талламо гайтира, тхан хьехархой кхузаманан методикаш а, технологеш а дешаран гIуллакхана юкъаялорехь къахьоьгуш хилар а, дешархойн кхоллараллин агIонаш толлуш, царах хIорамма Iилманан-талламан декъехь дакъалоцуш хилар а. Ишттачу белхан мониторинг ярца билгалдало кхачаме нисделларг а, тидаме эца дезарг а.
Кхоллараллин а, Iилманан-талламан а декъехь зеделларг долчу хьехархойн коллективо, вовшахтоьхна, дIадаьхьна оьрсийн меттан, литературин, математикин, ингалсан меттан, юьхьанцарчу классийн, нохчийн меттан, литературин кIиранаш. Иштта гIуллакхаш кхочушдеш хьехархоша пайдаийцира Iилманан-методикин белхан тайп-тайпанчу кепех. Цу юкъахь яра кхоллараллин конкурсаш, олимпиадаш, «горга стоьлаш», тоьллачу ешархойн къовсамаш, йиллина урокаш, дешархоша шайн куьйга йинчу хIуманийн гайтамаш, и.дI.кх. а.
Дешархоша жигара дакъалоцу «Оьрсийн чайтаI», «Ингалсан кIеза» цIе йолчу дуьненаюкъарчу интеллектан марафонашкахь а, республикин олимпиадашкахь а. Масала, ноябрехь дIаяьхьначу гIалин школийн дешархошна юкъахь хиллачу предметийн олимпиадашкахь дакъалецира 7–11-чуй классашкарчу 64 беро. Царах 9 толамхо хилира.
Обществознани хаарехь шолгIа меттиг яькххира Арсаева Шовдас, информатикехь толам баьккхира Ханукаева Хьавас, оьрсийн мотт хаарехь толам баьккхира Солтаева Камилас. 11-чу классан дешархоша дакъалецира университетан олимпиадехь а.
Школин Iилманан-методикин совето шайн балха тIехь тидаме оьцу Нохчийн дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран институтан тIедахкарш а, хьехамаш а. Тайп-тайпанчу тематикашна лерина 5 семинар дIаяхьна школехь. Цигахь кхочушбинчу белхан бIаьрла дакъа дара психолога Д.Курбановас а, социальни педагога Э.Горсиевас а 9-чуй, 11-чуй классашкарчу дешархошца кхочушбеш болу болх.
Стохка цанисделларг тидаме эцна, галдаьллачун жамIаш дина, кхушара ЕГЭ-на кечамбар лаккхарчу тIегIанехь дIахIоттийна школехь.
Цунах лаьцна дийцира школин дешаран, кхетош-кхиоран балхехула директоран заместитела Дубаева Тамусас:
– Цхьа а шеко йоцуш, пачхьалкхан юкъара экзамен кхиамца дIаяла оьшург – дешархойн хаарш ду. Уьш хилар дешархочух санна, хьехархочух а доьзна хиларна, кху тIаьхьарчу шерашкахь оцу декъехь тхайн хилла кхачамбацарш хьесапе а эцна, кхушара цхьа а дешархо юкъах ца волуьйтуш ЕГЭ дIаяларал сов, берийн хаарш а кIорггера хилийтаран Iалашо юьхьарлаьцна къахьоьгуш ду тхо. Оьрсийн меттан урокашкахь а, кхитIе а дарсашкахь а хьехархочо Гайрбекова Зезага тидаме оьцу меттан лексически а, грамматически а, дошкхолларан а маьIнаш, цул сов, къаьсттинчу тидамехь латтадо берийн кхоллараллин тIегIа а, язйойту алссам сочиненеш, кхочушбойту кхиболу кхоллараллин белхаш.
Математикин кечамашкахь, хьехархочо Науразова Ларисас тидаме оьцу, математикин базови барамал сов, ойла ярна лерина талламан задачаш яйтар. ХIунда аьлча, задачин чулацамах кхетар (логическое мышление) коьрта дара стохка хиллачу ЕГЭ-н тIедахкаршкахь. Стохка оха а, схьахетарехь, дуккха а кхечара санна, и дакъа кIезигчу тидаме эцнера. Со тешна ю, ЕГЭ-на кечамбар мел лакхарчу тIегIанехь хилча а, хIора дийнахь, юкъардешаран школина тIечIагIйинчу планаца керланиг жим-жимма Iама а деш, математикин кIоргенашка кхаьччий бен, берийн хаарш кхачаме хирг цахиларх. Цундела урокехь бечу балхана тIехь а къаьсттина тидам латтабо оха.
Стохка географин, историн, обществознанин экзаменийн жамIаш ледара хилар тидаме эцна, кхушара и предметаш Iамор а, экзаменашна кечамбар а лерринчу тидамехь ду тхан.
Билгалдаккха деза, кхушара ЕГЭ дIаяла езаш 17 дешархо бен вацахь а, ерриге а коллективан болх цаьрга кхиамца и экзаменаш дIаялийта хьелаш кхолларна тIехьажийна хилар. И дац кхиболу болх тесна битина бохург. Карарчу дешаран шеран хьалхарчу эхашеран жамIаша гайтира школехь дешаран программаш муниципальни а, региональни а, федеральни а тIедахкарш а, 2012-чу шеран 29-чу декабрехь арадаьллачу «Россин Федерацехь дешаран хьокъехь» долчу №273 йолчу законан пачхьалкхан коьртачу стандартийн лехамаш а тидаме оьцуш кхочушъеш хилар.
Цул сов, 9-чу классашкахь пачхьалкхан жамIдаран аттестацина а, 11-чу классан ЕГЭ-на а кечамбар уьш дIаялар коллективан белхан гайтам а, коьрта жамI а ду.
Цунна тIедоьгIна, хьалхарчу эхашеран жамIаш теллича, гучуделира 2–4-чуй классашкарчу дешархойн хаарш 42 проценте кхочуш кхачаме хилар,
5–9-чуй классашкахь – 27, 2 проценте бен цакхачар а, ткъа 10–11-чуй классашкахь – 32, 4 процент хилар а.
Царна юкъара 9-гIа классаш къастийча, 9-чу «А» классехь дешар кхачаме хилар 26 процент ду (классан куьйгалхо Д.Джамилханова), ткъа 11-чу классехь – 48 процент (классан куьйгалхо Р.Окуева).
Ишттачу жамIаша гойту пачхьалкхан аттестацина а, ЕГЭ-на кечамбар а кхин а лакхарчу тIегIан тIе даккха дезар.
И дика девзачу директора Астамиров Тамерлана билгалдаьккхира:
– Дешаран шо чекхдала йисинарг кIезиг хан хиларе терра, тхан коьрта Iалашо ю берийн дешаран дикалла лакхаяккхар. Дешар кхачаме хилча, жамIдаран аттестацин а, ЕГЭ-н а жамIаш кхачаме хирг хиларан шеко яц.
Цхьана а минотана иза диц ца до хьехархоша. Цундела шайн дешархой хьовха, церан дай-наной а орцахбаьхна, де-буьйса ца лоьруш къахьогуш ю хьехархойн коллектив.
Т.Саралиева
Суьрта тIехь: директоран заместительш М.Исаева, Т.Дубаева
№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо