ХIун боху вайн цIераша

Вайх цхьаболчара башха ойла ечух тера дац вай массо а, гуонаха мел дерг а, хуьлуш, деш дерг а, шен-шен цIарца вовшахтесна, шен-шен метта, рогIе дIахIоттийна, дуьненан низаме дерзийна латтош хиларан. ЦIе бохург, доккха маьIна долуш, вайн дахаран хьал ду.

Нохчийн маттахь “цIе” боху дош масех маьIнехь лелош ду. ЦIе – цхьа хIума йогуш, гуш йолу йовхо ю; цIе – дуьнен чу ма делли адамна, иза кхечарах къасто, дашца еш йолу билгало ю; шен-шен цIе вайна гуонаха йолчу хIуманийн, дечу гIуллакхийн а ю.

Iеламнаха боху, Дала Ша мел кхоьллина хIума, хьалха цIе а тиллина, кхоьллина ду. Уьш Цо хьалха Адам-Пайхамарна Iамийна, тIаккха цуьнан тIаьхьенашкахула вайга кхаьчна.

Хьалха йийцаре ер вай адамийн цIерш. ХIора стаг шена тиллинчу цIарца веха, вала а ле, нехан дегнашкахь а вуьсу. Нагахь цуьнгара юьртана, махкана, къомана кхочуш долу диканаш даьллехь, цуьнан цIе, сий деш, лар а йо, истори юкъа а йоьду.

Иштта кхаьчна вайга заманийн йохаллехула тоьллачу дайн цIерш а, вайн махка дин деана, и даржош къахьегначу эвлаяийн, устазийн цIерш а, Дала сий дойла церан!

Шайн цIершца бевзаш бу дуьнен чохь гIарабевлла Iилманчаш, тIеман турпалхой, говза нах, яздархой, шайн хьуьнаршца адамашна баккхий пайданаш бина-битинарш.

Вайнехан Iедалехь берана цIе иза дуьнен чу даьлла цхьа кIира далале туьллуш схьадеана ду. ЦIе тилларца долу гIиллакхаш тайп-тайпана хила тарло. Цхьадолчу дай-наноша шаьш туьллу, вукхара цIийнах воккхачуьнга туьллуьйту. Дешна нах чу а кхойкхий, мовлад а доьшуьйтуш, цаьрга тиллийтар а лелла ду хьалха, хIинца юха даьржаш а лаьтта нахана юкъахь. ЦIетиллар деза лерина ду бусалба динехь а. Вахарехь цкъа туьллуш йолу цIе, къорггера маьIна долуш, яккха атта йолуш, хазарца тайна йолуш, хила еза, аьлла ду бусалба динан дайша.restoran-paradise-01

Воккхачу Iеламстага Абу Дауда Мухьаммад-Пайхамарна (I.с.в.с.) юххехь хилла волчу Абу ад Дарда цIарах далийна ду Цуьнан дешнаш: «Бакъдолуш, къематан дийнахь шу дерриге а кхайкхина хир ду шайн- шайн дайн цIершца. Цундела тахка шайн берашна хаза цIерш».

Магийна дац берашна, уьш даккхий хилча тIехбеттамаш бан бахьанаш дуьсу, я яха тамбоцу, цIерш тахкар.

ЦIе цхьаъ туьллуш ду нохчийн, амма кIезиг бац ши цIе лелош берш а. Иза муха нисло? Дайшкахула тиллина цIе а йолуш долу бер эцна, нана дуьххьара шен цIа яхча, ненахоша шайн цIе тиллар ду вайн гIиллакхашца тарлуш. Нохчашна юкъахь кхозлагIа цIе туьллуш а нисло дукхазза. Иза несарша цIийнден гергарлонца шайна бехке болчеран цIе кхобуш деш ду. Хьалха КIант, Жима кIант, Хаза кIант (иштта йоIарех а) олуш хиллехь, хIинца Iайнаах – Аня, Белитех – Бэлла, Яхийтех – Ята, Iалиханах – Алеша, Саламух – Семен хуьлу.

Адамийн дерриге а дахар санна, церан цIерш а заманца хийцалуш схьаеана. Нохчийн къомана, шен йоза хилла доцу дела, хала ду шира цIерш муха хилла билггал хаа. Дуьххьара уьш йозанашкахь карайо XVI-гIа бIешо чекхдолуш дуьйна Къилбаседа Кавказе гIерта буьйлабеллачу оьрсаша яздинчу Iедалан кехаташна тIехь. Уьш а дукха дац.

Царна юкъахь хIара цIерш ю ялийна: Ушаром, Ших, Урак, Батай, Кентя, Салам, Бикша, Муса, Юсуп (берш а аьккхий), Ушарим, Магач (мичкизаш), Алхан, Айдемир, Сусла (шибутянаш), Алки, Анак, Ильдей (тумсой). Мичкизаш – хIинцалера Курчалойн, кIоштахь Мичиг-хица йолчу ярташкара нах бу, шибутянаш – шотой, тумсой – тумсойн тайпана нах бу.

ЦIерш яьхнарш, дукхахберш, аьккхий хилар цара оьрсашца дуьххьара гIуллакхаш лелийна хиларца доьзна ду. Лакхахь ягарйина нохчийн цIерш, оьрсаша шайна ма-хаззара язйина йолуш, хила ма-еззара нийса ца хила а мега. Историка Е.Н.Кушевас шен книги тIехь далийна йозанан тоьшаллаш 1586–1698-чуй шерашна юкъарчу хенашкахь хIиттийна ду. Цул тIаьхьа кхо бIе шо сов хан яьлла, нохчийн дахар а, цIерш а хийцаелла.

Цхьа хIума ду кхузахь тидам тIе ийзош – хIетахь нохчий ислам тIеэцна хиллехь а, бусалба цIерш кIезиг ю.

Дуьххьара нохчийн цIерш ма-ярра дIаязйина 1864-чу шеран 15-чу мартехь хиллачу хьолехь Россин Паччахьо Терски областана тIехь хIоттийначу Iедало. Аргунски, Грозненски, Ичкерийски округашкахь баьхначу нехан цIерш («Посемейные списки»), зорба тоьхна араяьхна 2010-чу шарахь Нохчийн Республикин архивийн урхалло.

Сайна хуучу барамехь уьш талла гIоьртича карийнарг иштта ду. Кхечу ширачу къаьмнийн санна, нохчийн цIерш а хилла гуонахарчу Iаламца, адамийн амалшца, аматашца йоьзна. Спискаш тIехь карайо Хьакха, Нал, Херси, Борз, Цхьогал, Пхьагал, Аьрзу, ГIиргIа, Леча, Маккхал, Куьйра, Хьоза, кхидолчу акхаройн цIерш. Вай хIинца ца туьллу ерш а ю, масала,  МуцIур, БIаьштиг, КIохцул, Мокхуз, МIаьчиг. Кхин а тамашийна ю зударийн цIерш: Газа, Бода, Буса, Юа, Миза, Гезиг, наггахь – Заза, Зезаг. КIезиг яц олхазарийнаш а: Човка, Кхокха, Зарзар; карайо Полла, Хелиг, кхийолчу сагалматийн цIерш а.IMG_0358

Беха могIа цIерш ю къам гIийла, боданехь Iаш хилла хилар гойтуш: Яла, Ялайта, Туайта, Сацайта, иштта кхиерш а.

Кхин цхьа хIума а гучудолу хIетахьлера нохчийн цIерш йоьшуш: царах хIора 10-х 8 ала мегар долуш нохчийн маттахь ца карайо. Масала, Аргунски округерчу Шуьйта наибствона юкъайогIучу 19 юьртахь Iаш 2 413 зуда хиллехь, царах 113 бен нохчийн маттаца йогIуш цIе ца карайо.

Цул тоьлаш хьал дац ЧIаьнтийн, ЧIебарлойн, Шаройн наибствошкахь бехачу зударшна юкъахь а.

Ичкерин округана чу йогIучу 38 юьртахь болчу зударшна (зудаберашна) юкъахь 108 бен ца хилла нохчийн цIе йолуш. Царах 19, кхетачу кепара аьлча, хIора 5-гIа, иза дуьнен чу яр новкъа хетар гойту цIе тиллина ю. Зудабер хилча халахеташ-м кхечу къаьмнийн а хилла. Цхьаболчу Iаьрбаша, исламан дин тIелацале, шолгIа, кхоалгIа йоI хилча, иза лаьттах а юллий, дIайоккхуш хилла бохуш, яздо цара шаьш.

Нохчийн и тайпа къиза Iедал хилла бохуш, хезна дац, амма Сацийта, Тоийта боху цIерш-м хIинца а ю. Бакъду, цхьа хIилланан кеп лелор санна, Ялайта (Ялийта) меттана Елита боху цIе-м хеза цхьацца меттехь.

Заманаш хийцалуш, хийцаяла йолаелира цIерш а, церан мах а. Уьш яра хьелашка хьаьжна: ахархо, оьзда стаг, эла, паччахь, къеда, имам, молла. Цхьаболчеран наха сий до, вукхарна наьIалт а кхочура.

Нохчийн мохк хаза а, беркате а хилар бахьана долуш, цунна тIелетта дукха мостагIий. Вайн дай кIезиг хилар бахьана долуш, еххачу хенашкахь тюркийн меттанашца хиллачу хазарийн, половцийн (кипчаки), гIезалойн олалли кIелахь Iен дезна церан.

Кхайкхаза хьеший дIабахча а кхузахь буьсуш хилла царах цхьаболу нах: чолакх хилларш, доьзалш ийнарш, шайн элашца ийгIинарш, кхечу бахьанашца.

Царах йисина ю вайн цхьайолчу меттигийн, яртийн, цIерш, вайн маттах схьаийна дешнаш, адамийн цIерш. Масала, Кхошкельда, Исти-Су, Ярык-Су, Яман-Су. Аргун бохург тюркийн меттанашкахь сиха говр, дин бохург карадо. Оьрсаша цунах хьалха «река быстрая» олуш хилла. Нохчаша тюркийн дош”Аргун”, шайн матте а озийна, Орга олу – лам, берд, латта огуш иза лакхара охьадогIу дела. Ша тайпа сурт хIутту вай хьалха хьахийна йолу доьзалийн  спискаш теллича. Цара боху, Шемал оьрсийн кара а вахана, тIом сецначул тIаьхьа пхи шо даьлча тхан дай баьхначу Лакха БелгIатахь, ДаьргIахь Iаш хиллачу белгIатошна юкъахь нохчийн цIерш йолуш 8 бIаьндакъа, бусалба динца тIелаьцна йолу Iаьрбийн цIерш 12 бIаьндакъий бен ца хилла, важа йолу, 80 бIаьндакъа цIерш, гIумкийн, гIезалойн-тюркийн къаьмнийн цIерш хилла. Царах, нохчийн цIерех, масална ялайо: божарийчех – Ваха, Виса, Орца, МуцIур, МаIаш, Бери, ЦIока, Тапча, Чхьоч, Дики; зударийчех – Тайна, Хаза, Шаьда, Чоука (Човка), Коука (Кхокха), Яха, Тамаш, Бусу, Заза.

Грозненски округана юкъайогIучу 8 юьртахь (Эвтара, Iалара, Гермачиг, Мелчхе, Мескер-Эвла, Жима АтагIа, Сиржа-Эвла, Шела) нах дIаязбеш, зударийн цIерш ялийна а яц. «Женщин три (четыре, пять)» олий яздеш, дитина. Иштта, бежанийн хьесапехь, мах бинера «прогрессивно-культурни» Россин Iедало нохчийн зударийн, уьш 1859-чу шарахь дуьйна паччахьан «подданные» лоруш боллушехь.

Вай Росси юкъадахале хьалха цIершца хилла хьал девзича дагадогIу, хIетахь вайн дай-наной нохчийн къомах лоруш а хилча, цара буьйцург нохчийн мотт а хилча, церан цIерш кхечу маттахь хIунда хилла те бохург. Цунна кхин бахьана ца карадо, нохчий еххачу хенашкахь тюркийн къаьмнийн Iазапехь лаьттина хилар бен.

Шаьш нуьцкъах оьрсийн Iедална кIел далийча нохчашна ца лиира, керстанийн мотт тIе а эцна, царах дIатардала. ТIехула тIе, паччахьан Iедал а дацара нохчашна дуьхьал, тIемаш а ца беш, шен куьйга кIел уьш Iийчахьана. Цара шайн цIерш а хуьйцуш, мотт а цIанбеш, къоман культура тоярца цхьана а кепара бала бацара «кIайчу» паччахьан. Кхин политика йолийра, ша тоьлла чIагIделча, советийн Iедало. Массанхьа дIайиллира дешар Iаморан меттигаш: ликбезаш (ликвидация безграмотности), школаш, училищеш, техникумаш. Лакхарчу Iедалан цIарах дIакхайкхира «Коренизация кадров» цIе йолу политика. Нохчийн областах Нохч-ГIалгIайн республика а йина, дIадолийра Нохч-ГIалгIайн «пачхьалкхалла» кхоллар. Нохчий, гIалгIай шайн махкахь Iедал дIакхехьарна, бахамашкахь урхалла дарна, дешарна, кхечу гIуллакхашна юкъаозийра. Керла цIерш а тахка йолийра: Дикалу (Гикало), Серго (Орджоникидзе), Асланбек (Шерипов), Ворошилов…

Кестта нах дешаре бирзира, царна бевзира оьрсийн, кхечу къаьмнийн яздархойн кхолламаш. Юкъаевлира Пушкинан Руслан, Лермонтовн Бэла, Толстойн Садо, кхечу книгаш тIера цIерш.

Амма дукха ехачу хенашкахь, шайн маршо ларъеш, тIемаш бина, гIелделла, цхьана а Iедале тешам боцуш, боданехь Iийна къам кийча ца хилира сел баккхий хийцамаш, цкъа а ца гина, дуьйцуш ца хезна, керла дахар сиха тIеэца. Iедалан лакхарчу куьйгаллина, цуьнан коьртехь волчу Сталинна а ца лиира, нохчийн къам собарца, хьекъалца, доладарца Iедална муьтIахь деш, къахьега… Вайн къам, кхечу цхьадолчу къаьмнашца, дохийна махках даьккхира. Генарчу ГIум-Азехь даьккхинчу 13 шаро хIаллакдира ах къам. Дисина ах, боьхачу уьнах ваьллачух тарделлера, ницкъ, кхетам боцуш, дарделла дегнаш а долуш.

Беллачеран далаза дисина бераш берийн цIеношкахула, цхьацца къинхетам болчу нахехула дIасаIиттира. Дукхах долчийн цIерш хийцаелира, цхьадерш шайн къомах а девлира.

Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттийначул тIаьхьа йолаелира «политика интернационализации и создания новой исторической общности».

Цхьаберш сихбелла кхечу къаьмнийн зударий бало буьйлабелира, вукхара шайн берашна «интернациональни» цIерш тахка йолийра, царна юкъахь къаьсттина дукха РуслангIар, ОлегагIар, АртурагIар бара. Халкъ сиха стамдала доладелира.

Республикехь болх боцуш, къаьсттина ярташкара, кегийрхой кхечу областашка (Сибрех, Урале, Волга-хица) белхашка эха буьйлабелира. «Шабашке» хIора шарахь дIабоьлхурш эзарнашкахь бара. ЦIахь бисинчарна цаьргара доккха гIо а хуьлура, амма къоман цIарах иза эшам бара. Бухарчу бахамийн (совхозийн, колхозийн) куьйгалхошца берта боьлхий, харцонаш лелайора, девнашна юкъанислора, шайна маьрша, дIахецца лела Iемина болчу зударшца эвхьаза буьйлура. Цхьаболчара цигара зударий балабора я царна тIе боьлхий, доьзалш кхуллура. Несарша шайн  хIусамдайшна шайн цIерш тохкура. Бераш хуьлура. Оцу доьзалшна шина а агIор болу гергара нах реза ца хуьлура. ТIехула тIе, кестта гучуялаюьйлалора дахаран хьелашкахь, гIиллакхашкахь йолу яккхий башхаллаш. Дукхах болу ийна доьзалш бухура, юкъахь оьгIазлонаш а юьсуш.

Хилла долу бераш, дехошкахула нохчийн, ненахошкахула оьрсийн цIерш а йолуш, шаьш хьанах ду, хIун дан деза а ца хууш, дуьсура. Кхоллаелла хьагI ма-ярра гучуелира 1991-чу шарахь цхьа кIезиг болу нохчий Россих дIакъаста гIоьртича. Цаьрга ладогIа, собарца, хьекъалца барт бан ца лиира ЕльцингIарна, цуьнан метта чу эскар хаьхкира. Хилларг хууш ду. Вай тIемаша динарг марсадаккха гIерташ дац. Амма тIом сецна 15 шо даьлча а,  нохчаша, дерриге а халкъ бертахь долуш, Россина юкъахь хилар къастийча а, шаьш тешаме гражданаш хилар гайтича а, газеташна, книгашна, кинофильмашкахула, телерадиошкахула, интернетехула, шай ма-хуьллу, нохчийн вуон цIе яккха, боцу бехк церан кочара дIа ца балийта гIерташ берш дукха бу.

Нохчийн Россица долу хьал гойтуш цхьа хIума ду – вайна массарна а дика оьрсийн мотт хаьа, церан культура, литература евза, хIора доьзалехь церан сий а до. ТIемаш бинчаьрга, цхьаболчийн цабезамашка ца хьоьжуш, сила йолчу пачхьалкхехула оьрсашна а, кхечу къаьмнашна а юкъахь Iаш-бехаш бу нохчий. Вайн дахарехь, бераш кхиорехь, кхеторехь, йозанца, Iилманца, Iедалан органашкахь лелош оьрсийн мотт а бу. Делахь а хууш ду, массо а хIума шен барамал тIехдаьлча, шен пайданера долий, зене, зуламе долу. Моз дарбане ду, амма тIехдаьккхина диъча, цунах хьара хуьлу, дIовш хила а тарло.

Кхечу къаьмнийн культура, мотт, литература, гIиллакхаш Iамо, хаа деза, амма шен къоманаш диц ца деш, дIа а ца тоьттуш. Оцу юкъадогIу цIерш тахкар а.

Вай дукха юьйцуш йолчу цхьана хенахь, чIогIа къобалдеш дара «интернациональни» доьзалш кхоллар, хиллачу берашна иштта цIерш тахкар, лелош йолу бедарш мелла а европерачарах тера хилар. Коммунисташ, комсомольцаш, дерриге а Iедал чIогIа тасаделира вайнехан зударшка коьртара йовлакхаш дIадахийта. ГIуллакх ца хилира. Цунах лаьцна дукха хаза яздинера «Литературни газета» тIехь гIалгIайн говза журналист волчу Мальсагов Ахьмада: «Пока мы в Чечено-Ингушетии всей мощью партийных и комсомольских организаций пытались снять косынку с головы горянки, она завела себе мини юбку», аьлла.

Оцу хьолах тера сурт хIотталуш санна хетало, хIинца вайн берашна тахка йолийначу цIершца, къаьсттина зудаберашна. Вай массо а цаьрга йовлакхаш, чухтанаш, хиджабаш лелаяйта гIерташ долчу хенахь, царна юкъахь зазадаьккхина яьржаш ю Амина, Марина, Милана, Эльза, Элиза, Диана, Аэлита, Стелла, Сюзанна, кхечу кепара я нохчийн къоман, я бусалба къаьмнийн йоцурш.

Адамашна санна шайн-шайна цIерш тохку вай нах Iачу, цара белхаш бечу, нехан хьашташ кхочушдечу, доьшучу, садоIучу, дарбанаш лелочу меттигашна. Уьш 1991-чу шарахь советийн Iедал доьхначул тIаьхьа дукха чIогIа хийцаелла, нохчийн маттахь ерш тIе а кхетта. ХIетте а и гIуллакх хьакъ доллучу хьолахь дIахьош дац. ГIаланашкара, ярташкара урамийн, майданийн, туьканийн, хIума юучу меттигийн оьрсийн маттахь бен цIерш билгалъяьхна ца го, наггахь бен. Цул сов, ингалсан маттахь а ю, вайна юкъахь бехаш я вай долчу лелаш уьш боццушехь.

Нохчийн маттахь «Туька» яздаран метта «Маркет», «Супермаркет», «Гипермаркет» яздо. «Махлелоран цIа» ца олуш, «Торговый дом» олу.  Аргун-гIалахь «Империя газа» аьлла яздина ду цхьана жимачу гIишлонна тIехь. Уьш ерриге а оьрсийн-нохчийн меттанашкахь язйича ший а мотт шарлур бара, нохчийн меттан сий дар, иза ларбар а хир дара. Доцца аьлча, дан дезарг – республикехь Iаш, вехаш, болх беш волу стаг, иза муьлххачу къомах велахь а, нохчийн мотт ца Iамийча, ца хиъча ца волуш хьал кхолла дезара. Оцу тIе кхача цхьа хIума а дан деза: Iедалан балха баха гIерташ болу нах нохчийн барта а, йозанан мотт хууш хилийтар. Нагахь цхьана гIуллакхана оьшуш йолу говзалла йолу стаг кхечу къомах велахь, цунна мотт Iамо билгалйина хан хила еза.

Нохчийн меттан цIарах цхьа де къасторах, кIира, бутт цунна дIабаларх  гIуллакх тоделла дIагIур дац, вай массара а буьйцуш, гIуллакхашкахь лелош иза ца хилча – хIора дийнахь, балхахь, цIахь, доьзалшкахь.

Юха а цIершна тIе доьрзур вай.

«Бомонд» бохург уггаре а лакхарчу хьелашкахь болчу, курачу элийн хIу долчу нехан юкъаралла ю. Цу юкъа хIинца Iилманчаш, яздархой, артисташ, лакхарчу Iедалан даржашкахь берш а гIерта. И цIе гIишлош яран, бахаман гIирсаш бухкучу туьканна йогIуш яц.

Цхьанна а новкъа ма догIийла ас хIинца хотту дерг. Мел йогIуш тиллина ю заправкина “Иман” цIе? Вайн дахарехь долчу хIинцалерчу хьелашца заправкехь ийманехь болх бан таро ю? Бахь цунна пайда-м хира бац, хIайда хир бу-кха.

Нийса а, динца догIуш а, дуй те туьканашна «Сунна», «Раяна», «Парадиз» боху цIерш тахкар? «Парадиз» бохург фарси маттахь (Иран) «Ялсамане», «Ялсаманин беш” ду бах энциклопедис. Мух-мухха а лело йиш йолуш дешнаш дуй те уьш?

Инжила тIехь ду бах: «Не упоминайте имя Господа всуе», аьлла. Вайнехан маттахь «Мич-миччахь ма яха Делан цIе» бохург ду иза. Со, динан кIоргенаш хууш вацахь а, тешна ву и санна долу декхарш бусалба динехь а хиларх. Цунах лаьцна хуучара дуьйцург хир ду. Дукха хан йоццуш Казане вахана веанчу сан гергарчу стага дийцира ГIезалойн республикехь массанхьа а урамийн, майданийн, кхийолчу меттигийн цIерш шина маттахь язйина яра бохуш. Урам, майда вайн маттахь санна, хилла церан а, бохура цо. Вай долчохь и санна цIерш нохчийн маттахь язйина пачхьалкхан урхаллаш чохь йолчу гIишлошна тIехь бен ца го.

ТIаьххьара кхин цхьа хIума ду со Россерчу къаьмнийн республикех хьоьгуш дисина: дукхах йолу республикаш, церан коьрта шахьарш (столицаш) шайн меттанашкахь ю: Татарстан, Башкхортостан, Саха, Мари-Эл, Махачкала, Нальчик, Майкоп, Уфа, Сыктывкар, Кызыл, Улан-Уде, кхидIа а.

Вайн шина маттахь ю. Иза а цкъа нисдийриг хир ду, массо хIума а цхьана хенахь, шен рогIехь нисло.

Вайн дахар деношца сиха толуш лаьтта. Иза ца гуш верг бIаьрзе ву я дог-Iаьржа ву. Вай царах дац. Вай вешан хьоме Даймохк-Нохчийчоь кхин а хаза, беркате ехаш, ийманехь хила луучех, цуьнан дуьхьа къахьега, ницкъ, хьуьнар, хьекъал дIадала кийча болчех ду. Дала мукъ лахь!

КИНДАРОВ IабдуллахI

№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: