ГIоьналлин гIуллакхаш

ХIокху деношкахь хала бохкучу Веданарчу доьзалшна бедарш дIаяларан гIоьналлин гIуллакх дIадаьхьира. Веданан кIоштан 400 сов доьзалан таро хилира шайна бедарш харжа.

ГIуллакх дIадахьарехь дакъалецира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос а, «Хайра» цIе йолчу гIоьналлин юкъаралло а, Веданан кIоштан къедас Джафаров Iаьрбис а.

КIоштан бахархоша шайна терго ярна а, гIо дарна а баркалла элира царна.

Кхузахь билгалдаккха догIу, оцу тайпа гIуллакхаш «Хайра» гIоьналлин юкъаралло сих-сиха дIахьош хилар. Цул сов, карарчу хенахь иштта гIоьналлин гIуллакхаш Веданан кIоштан хIора юьртахь дIахьуриг хилар.

И.АДАМОВ

№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: