Республикин хIора а юьртахь санна, Курчалойн кIоштарчу РегIатIехь а дIабаьхьира белхи. Цигахь дакъалецира юьртарчу бахархоша, луларчу ярташкарчу айткхаллойн тайпанан наха, Нохчийн Республикин Парламентан депутата С.Исмаиловс, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутатан А.Делимхановн аппаратан белхахочо Т.Межидовс, кхечара.
– Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутатан А.Делимхановн тIедилларца дIаболийнера оха белхи. РегIатIера хилла ца Iаш, кхечанхьара а айткхаллой баьхкира белхех дакъалаца. 100 сов стаг вара вовшахкхеттарг. Цунах доккха гIуллакх а хилира, 5–6 км некъан йистош цIанъян а, тIамо йохийна гIишлош дIаяха а таро хилира тхан, – дуьйцу Курчалойн кIоштан Къанойн кхеташонан куьйгалхочо Датаев Дауда.
Д.Датаевс билгалдаккхарехь, белхи дIабахьа оьшучу техникица гIо-накъосталла динарг Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат А.Делимханов вара, ткъа белхин дакъалацархошна лерина делкъе кечъяран гIуллакх I.Сайдулаевс тIелаьцнера.
Курчалойн кIоштан Къанойн кхеташоно а, РегIатIерчу бахархоша а доккха баркалла боху белхи дIабахьарехь гIо-накъосталла динчу А.Делимхановна, А.Таймасхановна, Ш.Харихановна, Ш-А.Кагермановна, А.Абдулмуслимовна, Хь.Шемиевна, иштта кхечарна а. Дала меле дуьллийла аш Шен а, РегIатIен а дуьхьа хьегна къа!
И.ХАСАНОВ
№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо