Нохчийн Республикин Правительствос а, «Халифа» фондо а Нохчийчуьрчу жимачу а, юкъарчу а бизнесна гIо-накъосталла даран декъехь цхьаьнагIуллакхашдаран хьокъехь барт бина Абу-Дабехь.
ЦхьаьнагIуллакхашдаран бартана куьйгаш яздина Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместитела Хакимов Хьасана а, «Халифа» фондан Директорийн Кхеташонан председатела Аль Навай Хьуссейна а.
Цунна леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Россин Федерацин Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь (ОАЭ) волу векал Ефимов Александр а, ОАЭ-н Россин Федерацехь волу векал Сайф Гобаш Омар а.
«Бинчу бартаца нийса а догIуш, Нохчийчохь жимачу а, юкъарчу а бизнесна гIо-накъосталла даран Iалашонца Фондан филиал юьллуш ю. Цо финансировани йийр ю жимачу а, юкъарчу а бизнесан а, предпринимательствон а проекташна. Цул сов, шайн гIуллакх дIадоло луучарна а гIо-накъосталла а дийр ду цо», – яздира оцу хьокъехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Кадыров Рамзана.
Цо билгалдаккхарехь, республикехь инвестицешна а, бизнес лелорна а дуккха а таронаш кхоьллина тIаьхьарчу шерашкахь.
«Тешна ву, «Халифа» фондан таронаша вайн мехкан экономика кхиорехь мехала меттиг дIалоцург хиларх. Ас доккха баркалла боху сайн вешина, Абу-Дабин тIаьхьалонан элина Аль Нахайяну бин Зайед Мухьаммадна, Нохчийн Республикин Правительствон а, «Халифа» фондан а цхьаьнагIуллакхашдаран хьокъехь барт баран дуьхьа къахьегарна», – элира Р.Кадыровс.
И.ИРИСХАНОВ
№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо