Социальни туьшехь – хийцамаш

Шуьйтахь йолчу доьзална а, берашна а социальни гIодаран туш, кхин  а цхьа корпус тIе а еш, шорйина. И гIуллакх Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс хIокху шеран февраль баттахь динчу тIедилларца кхочушдина. ТIейинчу керлачу корпусна юкъа йогIу: актови зал, бассейн, спортан а, берийн ловзарийн а майданаш.

Туьшан говзанчаша социальни а, бакъонийн а, психологин а, иштта кхечу кепара а гIодо берашна. Цхьацца берана а, тобанашна а лерина белхан программаш кхочушйо туьшехь. Цул сов, гIо оьшучеран цIа а оьхуш, белхаш  бо туьшан говзанчаша. Иштта, 2015-чу шарахь 1363 доьзална гIодина социальни туьшо (тIе-кога духучуьнца а, кхачанийн сурсаташца а, могашалла Iалашъяран декъехь а, и.дI.кх.).

Шуьйтан, Шаройн, Итон-Кхаьллан кхаа районерчу доьзалшна а, берашна а гIо до социальни туьшо (иза лерина ю 90 стагана).

Карарчу хенахь туьшана тIееш йолчу корпусан гIишло йина яьлла. УьйтIахь, кIетахь долу гIуллакхаш чекхдохуш бу белхалой: экъа юьллуш, бIогIамаш дугIуш, аьхка садаIаран цIенош кечдеш, синтарш дIадугIуш. Иштта, лаьмнех схьадолучу цIеначу шовдана чухчари а ю туьшан кертахь еш.

Хь.БАХТАЕВА

№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: