Россехь исламан туризм кхиор ю

Туризмехула йолчу федеральни агентствос «Ростуризмо» бусалбанийн динан Россерчу езачу меттигашкахь яржор ю «динан туризм». Иштта хаам бина Ростуризман куьйгалхочо Сафонов Олега.chechnya-tourism-ministr-2015-05

Цо билгалдаккхарехь, «карарчу хенахь белхан накъосташца дийцаре деш ду Россехь динан туризм яржоран гIуллакхаш». «Масала, Нохчийчохь дуккха а агIонаш ю иза яржо», – элира «Ростуризман» куьйгалхочо Сафонов Олега.

«Оха белхан накъосташца цхьаьна дийцаре дан долийна россихошна юкъахь динан, аьлча а бусалбанийн динан туризм яржоран гIуллакхаш. Иза вуно мехала а, боккха а болх бу. Цунна тIехь тхан дуккха а къахьега дезаш хиларх а кхеташ ду тхо. Амма и болх чекхбаьккхинчул тIаьхьа, бусалбанийн туризман маршруташ Нохчийн Республикехь хилла ца Iаш, даккхий маьждигаш а, дуккха а бусалба нах а бехачу гIаланашкахула а хир ю», – элира цо.

Иштта, цо тидамза ца дитира, Нохчийчохь динан туризм чIогIа дика яьржаш хилар а. Цунна хетарехь, оцу декъехь вайн республика хьалхара хила тарлуш ду.

«Маршруташ яхкарехь дакъалацийтаран дуьхьа оха накъостий а, доттагIий а кхойкхур бу. ХIара шо чекхдалале и болх чекхбаккха дагахь ду тхо», – хаийтира цо. «Оцу балхаца нийса а догIуш, бусалбанийн динан езачу меттигашкахула йолчу маршрутийн хьокъехь книга зорбатухур ю оха. Иштта «Страна» телеканала тIехь а оцу темина лерина программа а хир ю», – элира О.Сафоновс. Цул сов, берриге а хаамаш зорбатоьхна хир бу туризман Russia Travel портала тIехь.

Нохчийн Республикин Правительствон Туризмехула йолчу комитетаца бертахь бийр бу «Ростуризмо» оцу декъехь болх.

Карарчу хенахь республикин 11 кIоштахь 68 зерат а, XVII–XX-чуй бIешерашкахь дина 21 маьждиг а ду. Иштта хаам баржийна Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитето. Цул сов, республикехь туризман 16 маршрут ю. Царах уггаре а коьртанаш – Соьлжа-ГIала, Веданан а, Итон-Кхаьллан а кIошташ, «Къоьзан-Iам» комлпекс а.

«Ростуризмана» хетарехь, 2015-чу шарахь Нохчийчу 70 эзар турист веанехь а, карарчу шарахь церан барам 100 эзарал тIех бериг хиларан цхьа а шеко яц.

2016-чу шеран хьалхарчу 3 баттахь Нохчийн Республике веана 20 эзар турист. Царах дукхахберш Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан а, Къилбан а федеральни округийн бахархой бу. Иштта хаам бина «Ростуризмо».

И.АСАХАНОВ

№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: