Кхочушдаран производствоца доьзна долу гIуллакхаш, коьртачу декъана суьдан акташ кхиамца кхочушдайтаран а, ткъа иштта тIе ца тоьаш йолу харжаш а, пени а, гIуданаш а Россин Пенсионни Фондана меттахIотторан декъехь йолу Россин Пенсионни Фондан органийн акташца доьзна долу гIуллакхаш а пенсионни системина реформа яран хьелашкахь шайна тIе тидам бохуьйтучарех ду. Республикин министерствошкахь а, ведомствошкахь а Россин Пенсионни Фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенин куьйгалхойх дага а буьйлуш, уггаре а дийцаре дечух ду и гIуллакхаш. Иза ларамаза а дац, хIунда аьлча ца йича ца йолу пенсионни страховани яран системехь страховани йинчу нехан а, страхови взносаш лучу организацийн а бакъонех а, маршонех а, законаца долчу хьаштех а хьакхалуш ду уьш. Россин Федерацин Конституцин 45-чу статьяхь билгалъяьхна ю цу декъехь йолу адамийн а, гражданийн а бакъонаш.
Ца йича ца йолу пенсионни страховани яран системехь страховани йинчу нехан пенсионни бакъонаш уггаре а хьалха билгалйохуш ю. Страхови взносаш ца еш верг харц хилар къастош суьдехула толам баьккхинехь а, иза цхьанна а маьIне хир дац, нагахь санна суьдан акташ а, Россин Пенсионни Фондан органийн акташ а кхочушдаран хьокъала йоллу таронаш яцахь.
Бакъонийн пачхьалкхан коьрта Iалашо ю юкъараллехь законаш а, нийсо а ларъяйтар, ткъа и Iалашо кхочушъярехь доккхачу маьIне ду суьдан акташ хьакъ ма-дду кхочушдар. Кхочушдаран механизман декъехь суьдан а, Россин Пенсионни Фондан органийн а акташ шен хеннахь кхочушдарехь маьIне бу Россин Федерацин Конституцин суьдан №7-п йолу 2016-чу шеран 10-чу мартехь тIеэцна болу сацам. Оцу сацамца Россин Федерацин Конституцин суьдо кхочушдаран производствехь декхархойн агIо лоцу. Россин Федерацин Коституцин суьдан сацамца Коституцица цхьаьна ца йогIуш лерина «Кхочушдаран производствон хьокъехь долчу» Законан цхьайолу положенеш.
Цуьнца доьзна Россин Федерацин Конституцин лехамашца нийса а догIуш, федеральни законца тIедожийна кхочушдаран документ дIадовзийтаран хенан низам дIанисдарна лерина йолчу бакъонашна хьакъ боллу хийцамаш бар. Кхочушдаран документ кхочушдан дезар дIахаийтинчул тIаьхьа яьлла йолу хан юхакарлайоккху. Хан юкъаялийтале хьалха яьлла йолу хан керлачу ханна тIе ца лору. Кхочушдаран документ декхар схьадоккхуш волчунна юхадерзоро законо билгалйоккхучу хенан гурашкахь иза кхочушдайта новкъарло ца йо. ХIоразза а яьлла йолу хан юха лору. Делахь-хIета билгалйина йоцучу ханна яхъян йиш йолуш хуьлу и хан, ма-дарра аьлча, чаккхе йоцуш.
Россин Федерацин Конституционни суьдо кхочушдаран законаш цу тайпана дIанисдаро граждански лелар нис ца долуьйту. Кхочушдаран производствехь болчеран хьашташ лардарехь нийсо ца лелайойту оцу хьоло, хIунда аьлча декхархочун хьолан бакъонаш гIеххьачул талхайо, суьдехь иза ларварна а новкъарло йо. Законашдахархо декхарийлахь ву бакъонаш ларъярехь хьакъ боллу хийцамаш бан.
Иштта дийцаре дечу Конституцин актана тIехь билгалдаьккхина ду хьакъ боллу хийцамаш баллалц дан дезарг кху тайпана хилар: кхочушдаран документ кхочушдайта дIаделлачул тIаьхьа дIаяьллачу ерриге а ханна тIера дIаяккха еза кхочушдаран производство кхочушъярехь иза дIайолорна тIера дуьйна иза чекхъяллалц дIаяьлла йолу хенаш, декхархочо динчу дIахьедарца кхочушдаран документ цунна юхадаларца доьзна.
Нагахь санна кхочушдаран документ хьалха дIа а довзийтина , амма декхархочо динчу дIахьедарца доьзна кхочушдаран производство чекхъяьлла елахь ду иза иштта.
Суьдан акташ кхочушдаран и проблема кIезигчу маьIне цахилар гойту суьдан актийн кхоалгIа дакъа а цхьацца бахьанашца кхочушдеш цахиларо. Декхархочун хьашташ а ца до кхочуш.
Суьдан акташ кхочушдеш цахиларо а суьдан сацамаш байн хоьтуьйту, суьдан Iедал дайн хетийтина ца Iаш, дийнна пачхьалкхан Iедал а.
Суьдан акташ кхочушцадар коьртачу кхаа бахьаненна ду:
— декхархочо зулам лелорца доьзна;
— кредитора зулам лелорца доьзна
— кхочушдаран производство вовшахтохар кхачаме цахиларца доьзна.
ЖамIаш деш билгалдаккха деза кхочушдаран производствехь декхар схьадоккхуш верг жигара хьовзар кхиаме хир ду нагахь суьдан а, кхийолчу органийн а акташ нуьцкъаха кхочушдайтахь.
№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо