Интернетан лайш я «лайкех» йоьхкина хазалла

  ТIаьхьарчу хенахь зама сиха йоьдуш хиларан тидам база стаг хир вац наггахь а. Сиха-м хьовха, тидам бан а ца ларош, дукха сиха йоьдуш ю вайна хан. Iеламнаха дийцарехь, тIаьххьарчу заманан билгалонех цхьаъ ю хан сиха яхар. Делахь а, хан сиха йоьдура аьлла, де-дийне мел долу  Iожалла гергга яра аьлла, адамаш-м дац сингаттаме, кханенан ойла еш. Ма-дарра долчу маьIнехь-м йо вай цуьнан ойла: кхана тIе хIун юхур ю, хIун юур ю, мича гIур ду, доцца аьлча, хан муха йойъур ю… эрна… ХIаъ, эрна. Ма чIогIа дукха бу-кха тахана эрна хан йойъурш. Дукха бу-кх, Дала шайна еллачу хенах пайда ца оьцуш, мелхо а, нахана зуламе буьйлуш, шайн гIуллакх мел доцург лелош берш.инста

ТIаьхьарчу хенахь вайна юкъахь даьржина сакхташ дерриге а  дийцина  вер вац. Я иштта Iалашо а яц вайн, делахь а, дог доьлхуш, ца Iало… Дог делххал-м хьовха, цIий эххал ирча хьал-м ду тахана хIоьттинарг. Кхузаманан технологеша а, гIирсаша а хьере дина вайн адамаш. Тахана интернето адамех лайш бина. Кхин йоккха эрчо йогIийла а дарий-те?! – БIеннаш шерашкахь нохчийн халкъо цIийца къийсина сий, тахана кхуьуш догIучу «бер-цIозо» интернета чохь дойъуш хилча, дог муха доьлхур дац, нагахь иза нохчаллех дуьзна делахь?!

Инстаграм, ватсапп, ВКонтакте, одноклассники, иштта кхийолу социальни сеташ а ца хиллехь, нохчий шаьш ма-барра «гучубовла» аьтто а боцуш, буьсуш ма хилла… Ма эхь ду-кх таханлерчу дийнахь вайн кегийрхоша оцу социальни сеташ чохь лелориг! Ма эхь ду-кх вайн зудабераша оцу чу дохку шайн суьрташ! Ма эхь ду-кх, оцу суьрташна бухахь тайп-тайпанчу къаьмнех, динехь болчу божарша яздийраш! Нохчийн зудаберийн цIарах ма яздо цара иза… Нохчийн сий ма ду ишттачу йоIарша дойъург. Лайкаш, комменташ бахьанехь, Дала шега дIахьулъе аьлла йолу шен хазалла муха юхкур ю, ша бусалба ю бохучу йоIа?! Дуьненна а гойтуш, шен суьрташ чу муха дохкур ду?! «Со ца гучун ши бIаьрг болийла» аьлча санна, хьажа а тамехь доцу суьрташ, видеош интернет мел ю лелаш хилча, царна бухахь керстанаша «Иштта бу-кх нохчийн мехкарий» бохуш, яздеш а хилча, иза муха ловр ду кийрахь дог долчо?! Ма хала ду-кх иза лан…

Масех бутт хьалха, инстаграмехь а, ВКонтакте чохь а «Нохчийн инстаграм. Республика цIанйо» аьлла цхьа тоба кхоьллинера, бевзаш боцчу кегийчу наха. Оцу тобано ша юьхьарлаьцна хилла Iалашо дIакхоьхьуш яьккхинарг дукха хан яцахь а, Дела реза хуьлда царна и гIуллакх дага а лаьцна, лелорна. Цара хIун дора аьлча, инстаграмерчу шайн агIонаш тIехь товш доцу, маьттаза, цIаьрмата даьхна шайн суьрташ чу дохкучу нохчийн зудаберашна «кхиэл йора». Оцу кепара лелачу йоьIан цхьа сурт (юьхь гуш дерг) чу а доккхий, цунна тIехула оцу йоьIан цIе, иза мичара ю, хIун лелош ю а яздой (оцу йоIа ша шех лаьцна баржочу хаамех пайдаэцарца), «ХIокхуьнан цIахь цхьа а  къонах вуй-те хIара сацо?! Кхуьнан цIерачарна хууш дуй-те шайн йоIа (йишас) лелориг?! Кхуьнга нохчийн къоман сий ма дайъийтахьара аш» аьлла яздой, кхайкхам бора. Цара язбен кхайкхамаш тайп-тайпана хуьлура, амма цхьатерра дагах кхеташ а, доггаха язбина а хуьлура уьш. Нагахь санна, шен сурт оцу кхайкхамца гIарадалар хиъначу йоIа, дохко а яьлла, ша «гайтаме» дехкина суьрташ дIадаьхча, шаьш чу даьккхина сурт дIа а доккхий, цуьнан метта «ХIара дохко а яьлла, суьрташ дIа а даьхна. Дела реза хуьлда хьуна!» аьллачу йозанца долу сурт чу доккхура «кхиэлахоша». И тоба, минот а ялале, чIогIа гIараяьллера  инстаграмехь а, ВКонтакте чохь а церан агIонашна тIеязбелла эзарнашкахь  нах бара. Нохчийн къоман сий дойъуш болу дукха мехкарий гIарабаьхнера цара. Делан къинхетамца, царах дуккха а дохкобевлла, шаьш лелочух юха а бевлла. Делахь а, шаьш арабаьккхинчу некъах дукха пайда я зен ду ойла а йина, иштта йоIарий гIарабаьхча, церан суьрташ даржийча, шайна а къа хир ду аьлла сацам хилар бахьанехь, шайн болх берзийра оцу кегийрхоша.Screenshot_2016-05-11-11-52-19

Цара ма гаттдара вайн къомана сагатдеш, нохчийн сий лардеш кегий нах хIора а доьзалехь хила безара. ХIора а ваша шен йиша чуьра ара муха йолу, цо тIе хIун юху, иза мича йоьду хьожуш а хилча, хIора а дас шен йоьIан терго еш хилча, иза ийманехь кхетош-кхиош хилча, хIора а хIусамдас шен зудчунна доладеш хилча, хьал кхечу кепара хир дара. Шена цIахь могуьйтург бен лелор дац йоIа. Шен вешин а, ден-ненан а сий деш ша елахь, дуьненна а гойтуш, инстаграм чу оьзда доцу суьрташ дохкур дац нохчийн йоIа. Гуттар а дика дара уьш дахккане а ца дехкича. Нохчийн йоIа шен къамелаца а, леларца а шен доьзалан сий лардина ца Iаш, къоман сий лардан деза. Шегара даьлла долу вуон хIума шен доьзална хилла ца Iаш, дерриге а къомана а эшам буй хаа а деза. Вайн наноша, къизалла, мацалла, тIом, харцо, дуьненан тайп-тайпана баланаш ловш, вайга тахана инстаграм чохь хIитточу лайкех дохкийта лардина дац нохчийн къоман сий. Ма эхь ду-кх вайна кхин хама-пусар доцуш, иштта дакъаздевлла дIадолхахь…

Кхин цхьа бала а бу кху замано вайн къомана тIебеъна. Иза-м шен барамца инстаграмал хьалха хила а хьакъ бара. Кхечу къаьмнашна цунах вайна санна ун хиллий-те олий, ойла а йо ас цкъацкъа. Нохчашна хIуманах эца ма-безза пайдаэца цахаар делахь я вайн къоман дакъазалла елахь а, цхьаъ-м ду телефонан ватсапп бохучу гIирсо гучудаьккхинарг. Цу чухула нохчаша дIаса ца дохьуьйтуш хIума а, гIара ца доккхуш адам а дисний-те?! Воьдург-вогIург, хилларг-лелларг, хIинццалц хIусамера цкъа а арадоккхуш мел цахилларг а, доьзалера юкъаметтиг а, и дерриге а ватсапп мел ю лелаш ду вайн. Ши элп вовшах а тесна, дош нийса дIаяздан а хууш боцурш, шайн мукъаллина, тахана ватсапп чу а бевла, эладитанаш, питанаш даржош бу. Шайн мукъаллица къомана, махкана шаьш ца бечу пайданна тIе, харц мел долу (бух боцу) къамелаш даржош, махкахошна зуламе буьйлу иштта нах. Царна муьлхха а тема йийцарх бен а дац, хIуъа хилла а цхьа хIума юкъа а даьккхина, нах Iехийчахьана. Ша оцу ватсапп чохь йоккху мукъа хан хIора а зудчо шен доьзална йойъуш хилча, шен бераш кхетош-кхиорна эладиташна еччул мукъане а терго еш хилча, вайн  халкъ Iинах ца доьдуш дуьсур ду аьлла, мелла а дегайовхо хир яра… Делан къинхетамца, сама а девлла, нисдала ца гIортахь, чаккхе ирча хир ю вай юьхьарлаьцначу некъан… Вайн баккхийчу наха хьехар дечу хенахь олуш ма-хиллара: «Варийлаш, варийлаш…»

А.МУСАЕВА

№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: