Цхьа-ши дош…

Хонкарарчу цхьана полицин декъехь эккхийтар дина. Цигахь 3 стаг кхелхина, 42 стагана чевнаш хилла. Оцу зуламах долу жоьпалла тIе ца лаьцна цхьана а террористически организацис.

***

«Иблисан пачхьалкхан» гIеранашкара Шемин Iедалан эскарша схьаяьккхина 500 сов юрт а, гIала а. ХIокху деношкахь тIемаш беш бу Алеппо шахьар террористашкара схьаяккхарехьа.

***

США-н Президента Б.Обамас кхеташо дIаяьхьира къоман кхерамазаллин Советан декъашхошца. Цигахь дийцаре дира «Иблисан пачхьалкхана» дуьхьал къийсам дIабахьарца доьзна гIуллакхаш.

***

Къилбаседа Корейн Къинхьегаман партин съездехь юха а цуьнан Председатель хаьржина Ким Чен Ын. (Оцу махкахь уггаре а лакхара дарж ду иза). Цуьнца доьзна даздарш дIадаьхьира цигахь.

***

Германерчу Графинг шахьарахь цIерпошта тIера охьабиссинчу пассажирашна урс диттина зуламхочо. И бахьанехь 1 стаг кхелхина, 3-на чевнаш йина.

***

Парижехь юха а митингаш ю. Урамашка бевллачара дIахьедо шаьш къинхьегамна реформаш яран хьокъехь долчу законна дуьхьал хилар.

***

Россин Президента В.Путина Сочехь кхеташо дIаяьхьира Оборонан министерствон а, оборонно-промышленни комплексан а куьйгалхошца.

***

В.Путинан телефонехула къамел хилира Мисаран Президентаца. Цара дийцаре дира туризман хьокъехь долу гIуллакхаш.

***

Россин Федеральни Гуламан Федерацин Советан делегаци кху деношкахь Казахстанехь ю. Делегацина коьртехь ю цуьнан председатель В.Матвиенко.

***

Швецин пачхьенехь – Стокгольмехь дIахьош ю Евровиденин конкурс. Цигахь дакъалоцуш ву Россера дика вевзаш волу артист С.Лазарев.

№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: