Регионашна юкъарчу «Шемин ветеранийн союз» организацин дакъалацархоша хIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Сийлаллин Аллейхь» болчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) хIолламна хьалха зезагаш дехкира. Цаьрца цхьаьна вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, цуьнан заместительш, кхиберш.
ГIуллакхан коьрта дакъа дIадирзинчул тIаьхьа, «Сийлаллин Аллейна» хьалхарчу майданахь дийцира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахарх а, цо Россин а, Нохчийчоьнан а керлачу исторехь дIалаьцначу меттигах а лаьцна.
Регионашна юкъара «Шемин ветеранийн союз» цIе йолу организаци вовшахтоьхна 2012-чу шеран 10-чу майхь. Оцу организацина юкъавогIуш ву 1 500 сов стаг. Уьш берриге а 1969-чу шарера карарчу хене кхаччалц, Шемахь шайн тIеман декхарш кхочушдина болу Советийн Союзан а, Россин Федерацин а бIаьхой бу. Нохчийн Республикехь а бу оцу организацин декъашхой. Уьш оцу пачхьалкхехь 1983–1984-чуй шерашкахь бIаьхаллин декхарш кхочушдина болу нохчий бу. Кхузахь билгалдаккха догIу, тIаьхьарчу 30 шарахь Шемин Iаьрбийн Республикин йозуш цахиларна гIаролехь латтарна, уьш берриге а оцу пачхьалкхан лаккхарчу совгIатийн кавалераш хилар.
И.ИСЛАМОВ
№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо