Билгалдаьккхира Иэсан а, лазаман а де

Соьлжа-ГIаларчу Театрально-концертни залехь дIадаьхьира  Нохчийчоьнан халкъийн Иэсан а, лазаман а денна лерина цхьаьнакхетар. Иза дIахьош вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, Нохчийн Республикин Парламентан председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа.IMG_2210

Цхьаьнакхетар дIадолийра 1944-чу шарахь нохчий цIерабахарх а, цул тIаьхьа вайн республикехь хиллачу шина а тIеман кампанехь адамаша лайначу халонех а, къизаллех а лаьцна видеоролик гайтарца. Цул тIаьхьа вистхилира Кадыров Ислам.

– Де дика хуьлда массеран а! Тахана вай цхьаьнакхетаран бахьана вайна массарна а хууш ду. 10-гIа май вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийн Республикин халкъийн Иэсан а, лазаман а де ду аьлла билгалдаьккхина ду. Тахана вай дагалоцур бу 1944-чу шарахь нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь кхелхина вайн дай-наной а, цул тIаьхьа Нохчийчохь хиллачу шина а тIеман кампанехь кхелхина вайн   вежарий а, йижарий а. Хууш ма-хиллара, оцу халачу хенахь, шен са ца кхоош, вайн дахар маьрша хилийтаран дуьхьа кхелхина Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Федерацин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, иштта цуьнан накъостий а. Дала гечдойла царна массарна а! Дала гIазот къобалдойла церан!

Вайн къам даима а хилла цхьацца халонаш ловш. Дукха къизаллаш лайна вай. Иза вайн цкъа а дицдан йиш яц, – дерзийра шен къамел Кадыров Ислама.

Цхьаьнакхетарехь бистхиллачара билгалдаьккхира, нохчийн къомо даима а халонаш лайна хилар а, тахана санна вай маьрша дахийта Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Федерацин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен дахар дIаделла хилар а.

Цхьаьнакхетар дерзийра Межиев Салахь-Хьаьжас кхелхинчу вайн дайшна-наношна, йижаршна-вежаршна доIа дарца.

Цул тIаьхьа Нохчийн къоман театран актераша нохчийн къам дIадохор а, цул тIаьхьа, цара лайна халонаш а гойтуш инсценировкаш хIиттийра.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: Нохчийчоьнан халкъийн Иэсан а, лазаман а де билгалдаккхар

№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: