Iаьрбий а хьовсур бу Нохчийчоьнан инвестицийн проекташка

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Правительствон председатела Эдельгериев Абубакара цхьаьнакхетар дIадаьхьира СаIудийн Аравин Пачхьалкхан министраца Аль-Хатыб Ахьмадца.saudity__-4-

Нохчийн Республикин а, СаIудийн Аравин а юкъаметтигашна леринчу цхьаьнакхетарехь хьешана гайтира тIаьхьарчу хенахь республикехь кхочушъян йолийна йолу йиъ инвестицийн проект: дуккхаъчу а хьашташна лерина йолу «Ахмат-Тауэр» комплекс а, Соьлжа-ГIалара мехкадаьттанах гIуллакхдаран завод а, Хьачарара туризман «Ведучи» комплекс а, иштта Соьлжа-ГIаларчу аэропортан керла терминал а.

Аль-Хатыб Ахьмадна хетарехь, гайтина йолу йиъе а инвестицийн проект мехала а, тIаьхьало йолуш а ю. Цо билгалдаккхарехь, «Ахмат-Тауэр» проекте хьовсур бу СаIудийн Аравин инвестицийн фондехь, ткъа Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттанах гIуллакхдаран заводан проекте оцу пачхьалкхан тоьлла  мехкадаьттан компани хьожур ю.

«Мехкадаьттанах гIуллакхдаран заводан проект оха «СаIуди Арамко» олу мехкадаьттан компани хьажийта дIалур ю. Иза тхан пачхьалкхехь хилла ца Iаш, дуьненахь а тоьллачу компанех цхьаъ ю. Цуьнан дуккха а инвестицийн проекташ ю Чинехь а, Малайзехь а, Мальдивашкахь а, иштта кхийолчу меттигашкахь а. Тхуна тайна Нохчийчоьнан мехкадаьттанах гIуллакхдаран  заводан проект», – элира цо.

Цул сов, Аль-Хатыб Ахьмада йийхира Хьачарарчу туризман «Ведучи» комплексан чаккхенан проект а. Цо билгалдаьккхина ма-хиллара, СаIудийн Аравехь вовшахтухур ю республико гайтинчу инвестицийн проекташна тIехь Нохчийн Республикин Правительствоца цхьаьна болх бийр болу белхан тоба.

Иштта, цхьаьнакхетаран чаккхенехь, Аль-Хатыб Ахьмада ша Нохчийчохь дуьххьара хилар а хаийтира.

«Суна вуно тайна со кхуза кхачар. Шун лаьмнашкахь суна со Швейцаре кхаьчна моьттинера. Иштта суна кхузара маьждигаш а тайра. СаIудийн Арави ирсе хир ю шун мехкан накъост хила», – элира цо.

Эдельгериев Абубакара республике варна баркалла элира СаIудийн Аравин Пачхьалкхан министрана. Цунна хетарехь, гайтинчу инвестицийн проектийн хьокъехь Iаьрбаша вовшахтухур йолчу белхан тобано а, Нохчийн Республикин Правительствос а бертахь болх бийриг хиларан, цхьа а шеко яц.

Цхьаьнакхетарехь иштта дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон хьалхара вице-премьер Закриев ИбрахIим а, автомобилийн некъийн министр Тумхаджиев Абубакар а, экономика а, мохк а кхиоран а, махлелоран а министр Магомадов Iабдул, Правительствон Туризмехула йолчу комитетан председатель Эдильгириев Амруди, промышленностан а, энергетикин а министр Таймасханов ГIалас, культурин министр Дааев Хож-Бауди, иштта кхиберш а.

И.ХАСАХАНОВ

№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: