Дийцаре дира «Газпром межрегионгаз Грозный» ЗАО-н чолхе гIуллакхаш

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волу Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира «Газпром межрегионгаз Грозный» ЗАО-н куьйгалхошца.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, «Газпром межрегионгаз Грозный» ЗАО-н куьйгалхо Цакаев Руслан, кIоштийн  префекташ, кхиберш.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикин газан декъехь цхьамоггIа кхачамбацарш хилар.

«Уггаре а хьалха, абонентийн хьашташ кхочушдаран кассан сеть кхачам боллуш тойина яц. Иттанаш ярташ чуйогIучу цхьайолчу кIошташкахь цхьацца касса бен яц болх беш. Газах ахча дIадала бегIийла хьелаш кхуллуш «Межрегионгаз» къахьоьгуш яц олий, ойла кхоллало», – элира цо.

Газан декъехь долчу хьолах лаьцна доклад йира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама. Цо билгалдаьккхира цхьамоггIа кIошташкахь бакъо йоцуш бахархоша газах пайдаэцна хилар.

«Яккхийчу кIошташкахь бакъо йоцуш газах пайдаэцар эзарнал тIехдаьлла. Оцу тайпанчу абоненташца барт баро газан декъехь долу кхачамбацарш лахдийр дара. Иштта «Межрегионгазан» контролераш цатоаран проблема а ю. Цхьана контролерана 1 500 абонент кхочу. Шена мел чIогIа лиъча а оцу массеран а гIуллакх далур дац цуьнга», – элира цо.

Газан декъехь долу хьал тодаран комиссина коьртехь волчу Кадыров Ислама иштта билгалдаьккхира бахархойн аьттонна, коммунальни хьашташ кхочушдарх ахча дIадалар электронни кепе даккхар юкъадало шаьш дагахь хилар.

«Телефонехула я ахча дехьадаккхаран кхечу гIирсашкахула ахча дIадала аьтто бийр болу абонентан «шен кабинет» олу система кхолла дагахь ду тхо. Газан декъехь долу хьал орамера дуьйна хийца дагахь а ду. Оцу декъехь дан мел оьшург деш а ду», – элира цо.

Республикин Куьйгахочун декхарш кхочушдеш волчо билгалдаьккхира бакъо йоцуш газах а, кхечу энергогIирсех а пайдаэца мегарг цахилар.

«Бакъо йоцуш газан магистралашна муьлхха а тIекхийдар законо ма-бохху юхатоха деза. Газах пайдаэца лууш адам хилча, иза шена латточу организацица, хила ма-безза, барт бан беза цо. Кхидолу цхьа а некъаш хила йиш яц. Оцу декъехь долу хьал тодан къахьега деза кIоштийн куьйгалхоша а, иштта энергогIирсех пайдаэцийтаран организацеша а», – элира Кадыров Рамзана.

Цо иштта билгалдаьккхира, «Газпром межрегионгаз Грозный» ЗАО-н куьйгалхочо Цакаев Руслана ша коьртехь волчу организацига дика болх байтархьама, кхиамаш хинболу агIо лаха езаш хилар.

«Оха тхайгара оьшу накъосталла дийр ду. Газан декъехь долу кхачамбацарш дIадохур долу а кхиаме йолу а, болх бийр болу а стратеги лаха еза. Уггаре а хьалха, вайн нехан дахар тодан, абоненташна бегIийла хьелаш кхолла деш ду иза. Вайн махкахойн хьакъ даар могуьйтур дац вай цхьанна а. Газах я электроэнергих  къайлах пайдаэцар орамашца дIадаккха деза. И гIуллакх ас сайн тергонехь латтор ду», – элира Кадыров Рамзана.

МУРТАЗОВ Iадлан

№53, еара, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: