Буьрсачу «Терекан» толам

Футболах ловзаран премьер-лигин командашна юккъахь Россин Федерацехь хьалхеяккхаран чемпионатан 28-чу турехь «Терек» (Соьлжа-ГIала) шен цIахь цхьаьнакхийтира «Амкарца» (Пермь). Цхьаьнакхетар дIадаьхьира 12-чу майхь «Ахмат-Арена» стадионан майданахь.726b22d9c17e9bdaa99a3b78d525321c_XL

Цхьаьнакхетар «Терекан» толамца дIадирзира. Матчан 14-чу минотехь Рыбус Мацейс хьешийн кевна чу гол туьйхира. Цул тIаьхьа, 34-чу минотехь, Мбенге Аблайес а туьйхира хьешийн кевна чу гол. Цул тIаьхьа серлонан табло тIера 2:0 терахь ца хийцаделира. Шина командин цхьаьнакхетаре хьажа веанера 15 735 хьажархо.

Карарчу хенахь турниран таблицехь 44 очко а йолуш, 7-чу меттехь ю Соьлжа-ГIалара «Терек».

Кхуззахь билгалдаккха догIу, 12-чу майхь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Ахмат-Арена» стадионан 5 шо кхаьчна хилар.

«Нийсса 5 шо хьалха Соьлжа-ГIалахь схьайиллира Къилбаседа Кавказехь уггаре а йоккха, Россехь уггаре а яккхийчарех цхьаъ йолу «Ахмат-Арена» спортан комплекс. Республикехь футбол а, спортан кхийолу кепаш а кхиорехь доккха маьIна долуш ю иза тахана. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан А-Хь.Кадыровн (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) вайн мохк а, халкъ а маьрша даккхаран а, кхидIа кхиийтаран а некъ нийса хиларан билгало а ю иза», – яздина «Терек» клубан сайта тIехь.

И.АДАМОВ

№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: