ХIун хир ду хIокху доккхачу дуьненахь дел а, ненал а деза? Дуккха а байташкахь, иллешкахь хьахабо нене болу безам, ненан хаза амал, ненан цIена дог.
«Ненан безаме кхочуш хIумма а дац», – олу. Ткъа да? Ден шен доьзале болу безам а ма бац неначул кIезиг. Цуьнан безам ша тайпа хуьлу. Шен даг чохь къуьйлу цо иза.
Сан да, Азармаев ИбрахIим 1961-чу шарахь ваьллера дуьнен чу, Грозненски кIоштарчу ЧIаьнти-Юьртахь. 1978-чу шарахь цигара юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина, эскаре вахара иза. Цигахь гучубелира цуьнан милицехь бечу балхе безам. Эскарера ша цIа веача, 1982-чу шеран ноябрь баттахь, Октябрьски кIоштарчу милицин отделе балха воьду иза. 1992-чу шарахь МВД дехьа воккху. ТIаккха гуттар а чIогIа воккхавеш бора цо шен болх.
Оцу муьрехь вайн махкахь баккхий хийцамаш хилира. Хала дара милицехь болх бан, кхераме а дара. Амма, и болх ша дIатосур бара олий, дага а ца догIура цунна. Уллора дуккха а дика накъостий кхелхира. Атта дацара и лан. Атта дацара накъостийн бисинчу доьзалийн бIаьра хьежа. Ша балха ваха араволуш, суьйранна ша юха чу вогIур ву аьлла дог тешна а ца хуьлура. Хала зама яра нохчийн халкъана тIехIоьттинарг.
Амма, дахаран некъ башха беха а ца хилла хиллера цуьнан а… 2005-чу шарахь дада кхелхира. Цхьалха йисира сан бералла. Ца кхетара хиллачух. ХIун ду а ца хаьара, амма цхьа ша тайпа ойланаш хьийзара коьрте. Дада уллохь хеталора. Ца тешара, ца лаьара теша иза кхин цкъа а гург ца хиларх.
Доьзалехь а хуьлу ша тайпа дикачу амалца билгалволий цхьаъ. Оцу тайпа, массарна а билгалваьлла, дукхавезаш вара тхан дада. Накъостийн цунах лаьцна ала диканиг бен хIумма а дац. Къинхетамах дог дуьзна вара иза.
Дада дуьнен чохь вацахь а, ас дозалла до со ишттачу ден йоI хиларх!
АЗАРМАЕВА Майташа
№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо