Йиш йоьхна деана де

GE DIGITAL CAMERA

Кху деношкахь билгалдаьккхира Нохчийчохь Референдум хилла де. Шеко йоццуш, вайн махкахь болх бина тIеман хьер сацийра оцу хиламо. Бакъду, ша сацале шен къизалла гойтуш цо катоьхначу  маьршачу нохчийх  – юьртдайх, хьехархойх, баккхийчу нахах цхьаъ яра Итум-Кхаьллан районерчу БугIаран №142 йолчу харжамийн комиссин куьйгалхо хилла Идразова ПетIамат.     

 Иза йина, кхиъна Гуьмсан районерчу Кхошкалдахь. Шайн куьйга хьанал даьккхинчу рицкъанца 4 кIант, 4 йоI кхиийнера цуьнан дас Хан-1елас а, нанас Хутас а. Геннарчу Казахстанехь, къоналлин хенахь вовшахкхетта и шиъ, шайн дерриге а дахаран ирс доьзалца карийна дехира. ПетIамат доьалгIа бер дара доьзалехь. Къахьоьгучу стагана кIезиг йогIу мукъа а, атта а заманаш. Доьзал кхион а, хене баккха а шаьшшиъ чохь диссалц «Кошкельдинский» совхозехь къахьийгир цу шимма. Хан-Iела «Кировец» олучу йоккхачу трактора тIехь вара, ткъа Хутас буракаш а, кемсаш а лелайора. Доьзалш кхиа буьйлабелча, царах гIо-накъосталла хуьлура дена-нанна. Цул сов, хьаналчу къинхьегамна жималлехь дуьйна а Iемара бераш.

– Оьзда ши стаг дара дадий, мамий, – дуьйцу церан кIентан зудчо Хадишта, – хьанал даьхна ши стаг дара. Пачхьалкхан балхахь а дара, кертахь лелош бежанаш-уьстагI а дара. Беттанашкахь бен йоккха яцара Хаза-йоI сол (ПетIаматан цIе кхобуш олу несо). Маьрйижарша а, царна гIо деш ас а, алссам хохаш а, буракаш а, кемсаш а лелош белхаш бора. ЧIогIа бертахь, вовшашна тIера долуш доьзал а бара кхераниг. Замано дIахьокху дерриге а. 1989-чу шеран 13-чу апрелехь кхелхира дада, цул тIаьхьа ворхI шо даьлча, мама а 13-чу апрелехь, кхелхира. ШолгIа шо ду тхан стаг воцу а. Кхул хьалха кхелхина кхо йиша а. Доьзалх ах дIабахана-кх…

Хадиштас дийцарехь, гIуллакхна а, балхана а бIокъажош яцара ПетIамат. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа бухгалтеран говзаллина Iемира иза. Дуккха а шерашкахь шайн юьртарчу  совхозехь кемсаш а, шекаран буракаш а лелош бригадин бригадиран болх а бира.

– Мел халчу гIуллакхна, балхана юхайолуш амал яцара цуьнан, – дагалоьцу Хадиштас. – Боьрша стаг санна, ша юьхьарлаьцнарг чекхдоккхуш, хьуьнар долуш стаг яра.

Балхахь йоллучу ПетIаматан шераш дIаоьхура. Да-нана саготта дара нехан цIен тIехь йоцучу йо1ана. Цу тIе СССР-ца цхьаьна юьйхира совхозаш а, дIаевлира  белхан меттигаш а. 30 шарал тIехъяьлла иза, Делан рицкъа хиларна, БугIарарчу Жукаев Даяне яхара.

– Дадина, мамина вевзаш а ца хилла, – елакъажарца дуьйцу Пет1аматан  йоккхахйолчу йоIа Седас, – захало хьахийна, мамин дена тIе стаг вахана, цо жоп даларна хилла и захало. Мама зоьртала, «дурс» аьлла яра, ткъа дада, тIехь совнаха жижиган хьаса а боцуш, сира корта а болуш, даима а лаьттаца, дохнаца къахьоьгуш вара.

Шина а тIамехь юьртара ара ца бевлира БугIарара нах. Дийнахь эскаран векалш богIуш, буьйсанна «хьуьнхара вежарий» богIуш, шина а агIор болчарна, хIорш шайн дай баьхначу лаьтта тIехь, шайн цIахь Iаш хиларна бехке а болуш, дIаелира и хала еана зама.

– 2000-чу шарахь, Итум-Кхаьллан районан комиссариате цхьаьний балха яр нисделира ПетIаматан а, сан а, – дагалоьцу районан администрацин белхахочо Берсункаева Луизас, – 2-чу отделехь, эскаре кхайкха хан йолчу кегийрхошца бечу балхах жоп луш яра ПетIамат (Дала декъалйойла иза). Iедал хийцадаларний, тIемаш хиларний, кегийрхошна ледара хаьара йоза-дешар а, оьрсийн мотт а. Царна накъосталла деш, дан дезарг дIаолуш, яздечохь гIо деш, йоллура иза. Наггахь комиссар Дзадиев Казбек а, цуьнан заместитель Николаенко Владимир а, 2-чу отделан куьйгалхо Пенчуков Ярослав а реза ца хуьлура, даима а кегийрхошца йоллучу ПетIаматна. Уьш чекх ца бевллера вайн къомо  хьегначух, цундела царна хала дара 14–15 шо долчу жимачу стагана нийсса яздан-дешан цахаарх кхета. Бакъду, ПетIамате юьхьдуьхьал хIумма а ца олура, иза шен болх дика бан хууш а, дешна а, чIогIа жоьпалле  а хиларна. Уггаре а халчу хенахь, кхаа шарахь а цхьаьна болх бира оха – Салуев Майрбека, Окуева Мадинас, Рабуев Салама, Кадимагомаев ИбрахIима. Тхуна массарна а балхахь гIо дина ца Iаш, йоккхахйолу йиша, нана санна яра ПетIамат.

Референдумна кечам бечу хенахь военкоматан бухгалтер яра иза. Юьхьанца районе балха гIаш дIасаяхар алссам нислора. Цул сов, школе яхана а, яха езаш а ши йоI яра. Ткъа зама а тешаме яцара. ЦIеххьана цомгаш  хилира хIусамда, операци йинчул тIаьхьа дукха ца вехира иза. Оцу хенахь да-нана а кхелхинера ПетIаматан а. Доьзалехь кIант а ца хилча, цIийнда а кхелхича, шина йоIаца Кхошкхалда цIа йола аьллера вежарша. Делахь а балхаца дIатаръелла а, йоI школе яхана а йоллучу Пет1аматна ца лиира меттигаш хийца.

Референдумна кечлуш къам а долуш, и бахьана долуш, шайн каяьлларг — милцо а, лор а, хьехархо а, юьртда а вуьйш, нахана зуламаш деш, кхерамаш туьйсуш къоман мостагIий а болуш, хала зама яра  тIехIоьттинарг.

– Цунна и бохам хилале цхьа бутт хьалха, шина йоIаца децIа еана ши буьйса яьккхира Хаза-йоIа, – дагалоьцу Хадишта, – буьйсанна массо а дIатийначул тIаьхьа а цхьацца дуьйцуш тхойшиъ Iаш, кхераме болх бу ша тIелаьцнарг элира цо. Цхьана а хIуманах озалуш амал яцара цуьнан, ткъа оцу къамелах  цхьа шеко хиллачу ас, дIа ма гIо, вашас цIахь сацийна аьлчахьана йолу хьо, аьлча, ехха ладоьгIуш Iийра иза. ТIаккха: «ХIан-хIа, Дала яздинчух цхьа а вер вац. Со а кхераелла юкъахъяьлча, иштта кхиверг а ваьлча, вай маца хир ду нах санна пачхьалкх йолуш, кхин къаьмнаш санна маьрша дехаш», – сацам боллуш, элира Хаза-йоIа. Iуьйранна шина йоIаца хьалаяхара иза. Нийсса бутт кхочуш ирча кхаъ беара.

ТIекхочуш 23-гIа март а долуш, Итум-Кхаллара шина йоIаца БугIара охьаяхара ПетIамат. Шен лулахочуьнца Маликица цхьаьна юьртахошкахула чекхъяьлла, кхана мича дахкадеза цаьрга дIа а аьлла, шайн чубирзира хIорш.

Тхоьца цхьаьна чай мелла, ша гIелъелла аьлла мама дIатаьIнера. Малика пхьегIаш дIайохуш йоллура, тхо а, бераша, Мата а, со а, Маликин йоI а паднара тIехь ловзуш Iара. Ток дIаяйра. Маликас чиркх латийна тхо Iаш, неI туьйхира.

– Мила ву? – хаьттира Маликас.

– Свои. Из военкомата, откройте дверь, – элира неIарна тIехьа. Уьш мамин балха тIера хир бу аьлла хеташ, цхьа а шеко йоцуш, Маликас неI дIайоьллушехь, иза дIа а кхуссуш, чоьхьа велира бетах йоьхкина  туьтмаьжгаш йолуш, карахь герз долуш ондда ши стаг. Мама Iуьллучу маьнги тIе хIоьттира цхьаъ, важа тхуна тIе герз лаьцна дIахIоьттира.

– Петимат? – хоттуш хезира тхуна. Мама хьалаайелира, циггахь герз делира… Тхо Iадийнера. Жимма хан яьлча, ток схьаелира…

Лулахоша д1адигира тхо, мамин ког лазийна, иза больнице йига еза элира тхоьга, Мата-м ца кхетара хиллачух, амма арадовлуш юхахьаьжна со, дерригенах а кхийтира.

Шаьш мел къонахий хетта дIабахара-те и талор динарш? ХIун адамаш хилла-те уьш? Аьлча а, адамаш-м дера ца хиллера уьш, берашна хьалха нанна тIе куьг кховдочух муха эр ду адам? Тахана дуьнен тIехь массеран а цабезам а, кхана къематдийнахь жоьжахати а хир ю-кх царна, тIехь да воцучу байн нана  йийна болчу. Исламан бакъ динехь хьовха, вайн къоман Iадатехь а кIиллочу стага бен кховдор дац зудчунна тIе куьг.

– Цу суьйранна вайн неIаре а еана, кхана харжамашкахь шена оьшу цхьацца материал а, калькулятор а, мухIар а эцна дIайоьдуш, цкъа сацаелира ПетIамат, – дагалоьцу районерчу харжамийн комиссин председателан заместитель хиллачу Шахбулатова Собис, – юха а дIайолаелира иза. ТIаккха, «Деллахь, ма кхоьру со…», – элира цо. Цкъа цецъелира со цо иза аларх. Юха  кхин хIума юкъадаьккхина дайъира цо ша аьлларг. Мила ца кхоьрура? Харжамашкахь дакъалоцурш а, цунна кечам бийраш а зударий ма бара. ВаллахIи, кхоьрура-кх. Тхайх-м ца кхоьрура. Тхайн вежаршна, гергарчарна, бала там болчу вуочу балхах кхоьрура-кх. Оцу мисканан даго цхьа вуон болх хьоьхуш хиллера-кх цу суьйранна. Iуьйранна иза схьахезча, дуьне Iадийна я иккхина моьттура. Хала Iуьйре яра тхуна, цуьнан накъосташна тIехIоьттинарг…

ХIара цхьайтта шо ду ПетIаматан ши йоI иза йоцуш еха. Оцу хенахь шайн девешин кIентан, Пригородни юьртарчу Жукаев Эми-Куланан доьзалехь ехаш ю ши йоI. Шиммо а школа чекхъяьккхина. ХIума тега Iамийна Седас, кхоалгIа шо ду иза Пригороднерчу ательехь болх беш йолу. Цхьа шо ду Седа цIераяьлла а. 17 шо кхаьчна Мата а  Соьлжа-ГIаларчу 26-чу училищехь доьшуш ю, модельер-дизайнер хир йолуш ю цунах а.

– Оцу Iуьйранна а, дийнахь а цхьа доьхна-даьржина дара тхо, – дагалоьцу Собис, – дIадоьдуш дара кхажтасар, минотана а ледарло ян таро йолуш дацара тхо. Нах гIелбеллера тIамах а, йоьхна-яьржинчу заманах а. Машаре, маршоне сатеснера массара а. БугIарара Итум-Кхаьлла схьаялийра ПетIамат.

Итумкхаьллахоша дIаерзийра ПетIамат. Цигга тIекхечира цуьнан вежарий а, марвешин кIант Эми а. Шайн нус хилла Iаш яц ПетIамат, шайн дика йиша а, накъост а хилла ю иза аьлла, юьртахоша охьа ца йигийтира иза вежаршка. Ша схьакхаьчначу дуьххьарчу минотехь дуьйна а шина йоIана а, дIаерзочу ПетIаматна а хаза Iуналла дира Эмис а.

Россин Коьртачу харжамийн комиссис лехамца 2008-чу шеран 1-чу июнерчу №120/926-5 Сацамца Хан-Iелин йоьIан Идразова ПетIаматан цIе Коьртачу харжамийн Сийлаллин книги юкъаяхийтина, цул сов, цуьнан цIе Мемориальни у тIе а язйина.

Да-нана доцучу шина йоьIан тергам бина вайн Iедало а.
– Суна Дела резахуьлда ала луур ду вай республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, – боху Седас, – тхан тергам бина цо, суна х1усам  елла, Мата а ю рогIехь лаьтташ. Цул сов, суна Дела резахуьлда ала лаьа мамин накъосташна а. Сан, Матин верасаллин кехаташ кечдеш а, тхо тIаьхьа кхуьур доцу гIуллакх деш а къахьегна Шахбулатова Собиина а. Ден-ненан метта лаьттачу Эминна а, цуьнан х1усамнанна Мархина а.

Т.САРАЛИЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: