Вайн дайша хьанал рицкъ доккхуш кхиош хилла шайн доьзалш. Ялта кхиош, даьхни лелош хилла цара. Ткъа хIинца, халахеташ делахь а, иштта къахьега лууш адамаш кIезиг ду.
Карарчу хенахь дикка аттачу даьлла рицкъ даккхар. Амма, цу аьттонна тIе тевжина ца Iаш, вайн дайша ма-хьеггара хьанал къахьоьгуш, латтанаш лелош, даьхни кхобуш, шен доьзална а, гергарчу нахана а пайдехь хилла схьавогIуш ву Курчалойн районерчу Хоси-Юьртара Тагиров Лом-Iела.
Иза вина 1961-чу шеран бекарг (март) беттан 21-чу дийнахь. Оццу юьртахь чекхъяьккхина юккъера школа. Школера ваьлча деша вахана Гуьмсерчу ГПТУ-24 училище. Цигахь сварщикан говзалла караерзийна. Училищехь доьшуш а волуш, Махачкала бархI баттана практике вахийтира иза, цигара эскаре вигна 1979-чу шарахь.
Лом-IелагIеран доьзалехь итт бер хилла. (БархI кIант, ши йоI).
Лом-Iела царах пхоьалгIа доьзалхо ву. ХIорш итте а дас-нанас гIиллакхе, оьзда, шайх цхьаннах бала ца бан, шаьш дIадевлча шаьш-шайна пайдехь хилийта, даима а гIуллакхана, балхана тIетеIош кхиийна. Эвлаюккъехула лела а я эрна дерш лело а йиш ца хилла церан. –Доьзалехь тхо итт хиллехь а, тхуна хIоранна а дан гIуллакх карадора тхан нанна, – дуьйцу Лом-Iелас.
Даьхни лелош, ялта кхиош хьанал рицкъ даьккхина, цундела хIусамехь даима токхо хуьлура.
1982-чу шарахь белхан гIуллакхана Казахстане воьду Лом-Iела, цигахь евза цунна хIинца шен хIусамнана йолу Зураъ.
1983-чу шарахь доьзал кхуллу цара. Карарчу хенахь цу шиннан виъ доьзалхо ву – ши йоI, ши кIант, ворхI берийн бер ду. 1986-чу шарахь Казахстанера цIавирзича Гуьмсерчу буру тухучу организацехь сварщикан белхаш бина цо. 2000–2007-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин Правительствехь водителан болх бина.
2012-чу шарахь даьхни, латта лело ойла чIагIло цуьнан и гIуллакх кхочушдан цунна гIо до цуьнан вашас.
Карарчу хенахь Шелковски кIоштахь даьхни лелош а, кIа, докъар дIадуьйш, цунах дезар деш ву Лом-Iела.
«ХIора шарахь а керланиг Iема, шо шаре мел долу болх карабоьрзу, цунах сан самукъадолу», – боху цо.
Шен болх дукхабеза Лом-Iелина, цхьаьнгга а ца хьежош, гIелвалар хьесапе а ца оьцуш, ялта дIадерца а, чудерзорца а ша къахьоьгуш ву. Ткъа даьхни лелош виъ–пхиъ белхало ву цуьнан. Иза а ю цхьа дика агIо, хIунда аьлча нахана белхан меттигаш ю. Масех стаг балхахь хилча, церан доьзалш токхе хир бу.
ТIейогIучу хенахь Лом-Iела кхин а алсам даьхни лело а, шена техника хилахь, латталелоран гIуллакх шордан а дагахь ву.
ВИСИТАЕВА Тумани
Суьрта тIехь: Тагиев Лом-Iела
№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо