СтелаIад – 3–4

ХIокху деношкахь араяьлла «СтелаIад» журналан керла номер (шиъ цхьаьна).  Даима санна берийн самукъадер долуш хаза кечйина ю цуьнан агIонаш. Берашкахь дика амалш кхиош долу дийцарш а, байташ а алссам ю номерехь.журнал 001

Журналан хьалхарчу агIон тIехь зорбане даькккхина вайн республикин Куьйгалхочо  Нохчийн меттан де дIакхайкхоран хьокъехь долу указ. Циггахь  ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента А-Хь.Кадыровс а, поэта, фольклориста, мохкталлархочо А.Сулеймановс а, Нохчийн Республикин халкъан яздархочо А.Айдамировс а, Нохчийчоьнан халкъан поэта Ш.Арсанукаевс а ненан маттах аьлла дешнаш.

«Ненан мотт – халкъан юьхь ю, орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. ХIора нохчи, нагахь санна шен халкъ дезаш а, Даймохк безаш а велахь, шен ненан мотт Iамош а, хууш а хила веза. Iамадейша дуьненан дерриге а меттанаш, амма цкъа хьалха шайн ненан мотт а Iамабай, оцу маттахь яздан а, деша а Iамадай..» боху А.Айдамировн дешнаш нохчийн дог кийрахь долчу воккхачун а, жимачун а дагах ца кхеташ дуьсур ду аьлла ца хета.

Гапаев Iабдуллин «Iилманан корта» дийцар дешча хуур ду берашна Iилманан а, собаран а, хьекъалан а корта хIун бу.

М.Алиевн «Юьхь» дийцар а, М.Сейлмухановн «Черчийн доьзал» туьйра а бераша, хаза а хеташ, доьшур долуш ду.

  Меттан низам – грамматика,

  Цуьнгахь меттан догIа ду.

  Нагахь иза хаахь дика,

 Хьо кхиаме кхочур ву. ... боху М.Ахмадовс  «Къамелан дакъош» байта тIехь. Дешархошна мотт Iаморехь пайдехь хир йолуш ю иза.

С-М.Гелагаевс «Дийнатийн дуьненахь» рубрикехь цIоькъаломан тайпанаш а, «Бераша олу…» рубрикехь Ж.Махмаевс берийн забаре аларш а довзуьйту.

Басаршца кечдан сурт а, чехка-нуьцкъаллин а, дегIан меженийн боламехь вовшашца уьйр хилийтаран а хьуьнарш кхиоран «хьокхех ловзар» а берийн тидам тIегIур болуш ду.

Нагахь санна журналан агIонаш йоьшуш берашна ца кхеташ дешнаш нисделлехь, церан маьIна достур ду  «СтелаIодан дошамо». Шайн хаарийн тIегIа девзар долуш ю К.Мусаевс вовшахтоьхна хаар – зер кроссворд а.

«СтелаIодан» мужалта тIерачу суьрто (диллинарг – Т.Эльдаров) кхин а хазйо номер.

Л.ДАУТОВА

Авторан сурт

№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: