Кеста керла спектакль хир ю

М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драматически театрехь «И плывут по небу облака» цIе йолу спектакль ю гайта кечъеш. ХIокху деношкахь церан цхьана репетицехь хилира тхо а.IMG_2278

«И плывут по небу облака» спектакль хIотторан Iалашонех лаьцна дийцира театран режиссера Глущенко Олега. ДIадаханчу шарахь дуьйна болх беш ву иза М.Ю.Лермонтовн цIарахчу театрехь. Спектакль хIоттор а цунна дагадеана дара. Нохчийчу вале Новосибирскерчу «Глобус» театрехь болх бина ву иза.

– Хьалха сценарий тIехь болх бира оха. Оцу пьесин автор Iамаркан драматург Патрик Джон ву. Нохчийн Iадаташца догIуш доцург юкъара дIа а доккхуш, дуккха а къахьега дийзира тхан. Цул тIаьхьа уггаре а коьртаниг  спектаклан турпалхойн ролаш ловзо актераш къастор дара. Пьесин турпалхойн амал а, васт а гайта хуур долчу актерех тешо езаш яра  ролаш.

М.Ю.Лермонтовн цIарахчу театрехь ас болх бен  дукха хан цахиларна, кхузахь болх бечу актерийн хьуьнарех дерг дика ца хаьара суна. И бахьана долуш  царна юкъахь кастинг йира ас. Цигахь хIора а актеран таро хилира шайн хьуьнарш гайта. Иштта къастийра ас оцу ролашна актераш. Декабрь баттахь дIайолийра репетицеш. Билгалдаккха деза актераша дика къахьоьгуш хилар.

Спектакль чулацаме, хьехаме, маьIне  ю. Иза хIотторан Iалашо ю харцновкъахь долу адам цкъа мацца а ша лелочух кхеташ хилар а, иза нийсачу новкъа долуш хилар а хьовсархошна гайтар. Спектаклехь Глори а, Бред а, Сол Бозо а  турпалхой бу. Шайца чIогIа  дика хилла йолу Кронки ен кечбеллера уьш, цунах шайна дуьненан пайда хиларе сатуьйсуш. Цхьа бутт зама йоккху цара Кронкица цхьаьна тхов кIел. Эххар а, кхета уьш шаьш нийса цахиларх. Кхийтира, цунна ямартло йича, дахарехь шаьш йоккху хан байттамалца йоккхург хиларх. Кронкин дикалло, адамалло, адамаш дезаш иза хиларо, цуьнан цаьрца йолчу уьйр-марзоно самабоху уьш, – дийцира режиссера.

«И плывут по небу облака» спектаклан премьера май баттахь хир ю, де хIинца а билгалдаьккхина дац.

Спектаклехь ролаш ловзочу актерийн цIерш яха лаьа: Кронкин роль ловзош ю – Нохчийн Республикин хьакъйолу артист Нальгиева Зульфия, Сол Бозо – Нохчийн Республикин хьакъволу артист – Махаури Iальви, Бред –    Хамзатов Ахьмад, «Человек театра» – Исламгириев Апти, Глори – Авзаева Хеда, милцо – Муртазалиев Байсангур, лор – Аюбов Ахьмад. Вай тешна ду хьовсархоша спектакль езаш тIеоьцург хиларх.

 

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь: актерийн репетици

№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: